Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Май
2019

Новости за 26.05.2019

Дуровс Оьрсийчоьнан Iедалш бехке дина журналистийн телеграм-аккаунташ "кагъян" гIортарна

Radiomarsho.com 

Telegram мессенджер коьллинчу Дуров Павела бехке дина Оьрсийчоьнан Iедалш, Екатеринбургехь скверан метта килс йилларна дуьхьал дIахьочу акцех лаьцна яздеш волчу 4 журналистан телеграм-аккаунташ "кагъян" гIортарна. Дуровс бигалдаьккхарехь, иза дан аьтто ца баьлла. Цо кхайкхам бина Telegram лелочу нахе, шайн аккаунтийн кхерамазалла чагIйе аьлла. Цо ца дийцина журналистийн телеграм-аккаунташна цхьаъ чувала гIортарна Оьрсийчоьнан Iедалш ша хIунда бехке до.  Дуров Telegram кхолла вовлавелира 2012-чу... Читать дальше...

"Лезгинка" хелхаран школа схьайоьллуш ю Кишинёвхь

Radiomarsho.com 

"Лезгинка" хелхаран школа схьайоьллуш ю Молдован коьртачу гIалахь Кишинёвхь. Цуьнан куьйгалхо ву Дагестанера халханча Калоев Заур. Цо хIинцале а схьайиллина куьйгалла деш ю цу махкахь хелхаран ши студи – Комратехь а, Чадыр-Лунгехь а, хаам бо "Publika TV" телеканало. Калоевн хелхаран тобанехь 50 сов бер ду 8 а, кхин лакхара а шераш долу. Концертан костюмаш царна тоьгу Гуьржийчохь. Дукха хан йоццуш Кишиневехь хиллачу "Кавказ 2019" дуьненаюкъарчу фестивалехь Калоевн хелхаран тобано хьалхара меттига яьккхира. Читать дальше...

Адамаш далар алсамдаьлла Эверестанна тIехь

Radiomarsho.com 

Эверест ламанна тIехь 10 стаг велла кху бIаьстенан альпинистийн сезон йолаелчхьана. Непалан Iедалша кхушара цкъа а ца хиллачу кепара дукха лицензеш йоьхкина кху дуьнентIехь уггар лекха болчу цу ламанан бохье бовла гIертачу нахана. И бахьана долуш, цига тӀеттӀататтадалла адамаш да-буьйсанаш яха дезаш хуьлу дахарна кхераме йолчу лакхенашкахь. Ламанна тIера охьабуьссуш рогIехь лаьтташ беллачарна юкъахь ву Индера 4, Ирландера 2, Непалера а, Австралера а, Iамеркера а альпинисташ. Шотдийнахь Эврестана... Читать дальше...

Кадыровс комментари йина Францехь "RT" журналистана полисхочо чхьонкар еттарна

Radiomarsho.com 

Францин полисхоша RT (Russia today, Россия сегодня, Оьрсийчоь тахана) - телеканалан корреспондентана еттарна комментари йина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цунах лаьцна хаам бо РИА Новости агенталло.   Хьалхо цу телеканало дийицинера, Тулузехь "можа жилетийн" демонстрацехь шайн журналистана йиттина аьлла. "Фредерик ша зорбанан гIирсан белхахо ву аьлла, мохь тоха гIоьртина хиллера, амма масийттоза чхьокар кхийтира цунна", - билгалдаьккхина RT-но. "Тулузехь полисхочо атака йина RT журналистана. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *