Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Май
2019

Новости за 02.05.2019

Дагестанан экономикан министр дIалаьцна

Radiomarsho.com 

Махачкалан кхело шина баттана чохь вуьтур ву республикан экономикан министр Хасбулатов Осман. ТАСС агенталло бина и хаам. Талламчаша дехнера кхеле иза лацар. Пачхьалкхан контракташ кхочушдечу юкъанна 20 миллион сом къайладаккхарна шеконашка эцна Хасбулатов Осман. Дагестанера вада дагахь хиллера министр, полисхоша Москва доьдучу кеманчуьра охьаваьккхина хилла иза. Стохка дуьйна ву Хасбулатов Дагестанан экономикан министран даржехь. Регионан социалан-экономикан кхиорехь доккха дакъа лаьцна ву аьлла, совгIат дина а ву иза.

Интернет гурашка оьцу низам тIечIагIдина Путина

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира куьгтаIийна пачхьалкхера интернет шайоккхучу низамна. Бакъонийн сайто довзуьйту и низам. Документ низаме доьрзу кхушара, ГIадужу-беттан 1-чу дийнахь. ТIаьхьо юкъаер ю Оьрсийчоьнан доменашна цIерш тохку система. Дуьненан интернетах а къаьстина, Оьрсийчуьрчу интернетна автономехь, шакъаьстина яха таро вовшахтоха некъ боккху низамо. Иза кхочушдар тIедужу Оьрсийчуьрчу коммуникацин тергаман хьукматна (Роскомнадзорна). Ткъа дуьненан интернетах Оьрсийчуьраниг дIакъастор а... Читать дальше...

Китайн Iедалхой бехкебо бусулбанашна тIехь электронан терго латторна

Radiomarsho.com 

Пачхьалкхан къилба - малхбузерчу Синцзянан провинцехь бехачу бусулбанашна тIаьхь терго латторхьама мобилан телефонан леринчу программех пайдаоьцур бу Китайн Iедалхоша, чIагIдо бакъонашларъяран Human Rights Watch (HRW ) организацино. Синцзянан бахархойх "кеп-кепара информаци гулъян" аьтто бийр бу Iедалхоша оцу программин гIоьнца, ишта терго латтор ю церан дIасабахарна а, цара лелочунна а тIехь а. Integrated Joint Operations Platform цIе йолчу программаца тергалйийр ю регионерчу бахархойн мобилан телефонаш а, компьютерш а. Читать дальше...

Берийн бешахь кIант гора а хIоттийна, лаьттах убанаш яхийтина зуда йохор ю балхара

Radiomarsho.com 

Голаш тIе а хIоттийна, жимчу бере лаьттах убанаш яхийтина Краснодарерчу "Звездочка" берийн бешан куьйгалхо балхара дIайоккхур ю. "Кубанские новости" хаамийн гIирсе дийцина цунах гIалин дешаран депортаментан директоро Некрасов Алексейс. Цо бахарехь, гергарчу белхан деношкахь мукъайоккхур ю иза даржах. Ишта Некрасовс хаамбина, берийн дайша-наноша полицига динчу муьлххачу а арзна шен департамент тIетовр ю аьлла. "Берийн бешан куьйгалхо маьттаза лела, беран сийдойуш, психикан тIеIаткъамбина ца Iаш, цунна тIе куьг а хьош. Читать дальше...

"ЧIогIа доьналла долуш адам ду иза". Титиев чохьваллочу набахтехь хилла бакъоларъярхой

Radiomarsho.com 

Чижова Любовь Устрада-ГIаларчу №3 набахтехь таIзар ловш волчу бакъоларъярхочун Титиев Оюбан бакъо ю ши кIира даьлча ша хенал хьалха маьршаваккхар деха. Оцу хьокъехь хаамбира цуьнан адвокато Заикин Петра. Зазадоккху-беттан 18-чохь наркотикаш лелорна диъ шо хан кхайхийра цунна Шеларчу гIалин кхело. Деношкахь Соьлжа-ГIаларчу "Мемориалан" декъан куьйгалхо волчохь хилла цуьнан коллегаш-бакъоларъярхой. Цара дийцарехь, Титиевгара хьал вон дац, могашалла а ю тоьур долуш. Маршо Радиога цунах лаьцна дийцира "Мемориалан" куьйгалхочо Орлов Олега. Читать дальше...

Оьрсийчоьно бакъ ца дина Шемахь шайн тIемалой байар

Radiomarsho.com 

Шемарчу Хамехь герзаш диттина оьрсийн 4 эскархо вийна аьлла, хаамийн гIирсашкахь яьржина информаци бакъ ца йина Оьрсийчоьнан тIеман министралло. "ТIаьххьарчу заманчохь Шеман территори тIехь Оьрсийчоьнан цхьа а тIеман гIуллакхдархо вийна вац", - аьллачу министраллан дешнаш далийна "Новости" агенталло. Зазадоккху-баттахь Оьрсийчоьнан тIеман министралло тIечIагIдира, Чиллан-бутт бовш Шемахь оьрсийн виъ эскархо вер. Гуманитаран гIо дIа а кхачийна, дийнахь юхабогIучу заманчохь кIелонна буха нисбеллера уьш.

Нур-Султанехь юкъарчу хIусамехь цIе яьлла, 20 стаг валийна дарбан цIийне

Radiomarsho.com 

Казахстанан Нур-Султанерчу юкъарчу хIусамехь цIе а яларан бахьанашца хьаьха газан дIавш даьлла 20 стаг дарбан хIусаме кхачийна, шайлахь 14 бер а долуш. Еарийдийнахь Байконыран кIоштарчу Досмухамедулан урамерчу 5-зза тIекIелйинчу юкъарчу хIусамера орца дехна хилла орцанхошка, яздо гIалин орцанхойн департаменто. "КIелхьарваьккхина 32 стаг, шайлахь 28 бер а долуш. Шаьш арабевлла цу гIишлочуьра 350 бахархой", - яздо хаамехь. Юкъарчу хIусаман шолгIачу гIат тIерача цхьана цIа чохь яьлла хилла цIе. Хьем ца беш... Читать дальше...

Iамеркан тIеман базашка Гуьржийчохь куп тохийта реза яц президент

Radiomarsho.com 

Гуьржийн политикаш дуьхьал бацахь а, Гуьржийчоьнан президент Зурабишвили Саломенна Iалашо йоцург хета Iамеркан тIеман базашка шайн пачхьалкхехь куп тохийтар. Гуьржийн лидеро дина цу кепара дIахьедар "Iамеркан аз" радиостанцина еллачу интервьюхь. Шайн регионехь жигара хьийзачу террорхойн боламашна а, Оьрсийчоьнна а гергахь провокаци хета тарлун гIулчаш яха ца еза Гуьржийчоьно аьлла, билгалдаьккхина Зурабишвилис. Ишта цо дийцарехь, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа цкъа а дехар дина дац гуьржийн куьйгалле... Читать дальше...

Немцовн цIарах совгIат лур ду Титиевна

Radiomarsho.com 

ЦIераш яьхна оппозиционер хиллачу Немцов Борисан цIарах хIора шарахь дала юкъадаьккхинчу совгIатан номинантийн. Оьрсийчохь демократин мехаллаш Iалашъярехь къонахалла гайтарна аьлла, 4-гIа шо  а ду премеш дIасадоькъу. "Новая газетан" дешархоша къасторца 35 кандидаташлара пхиъ финале ваьлла. Оцу тептарехь ву, наркотикаш гучуевлла цуьнгахь аьлла, Нохчийчохь 4 шо хан тоьхна, Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" офисан куьйгалхо, политикан тутмакх Титиев Аюб. Шена дуьхьал айдина гIуллакх политикан бух тIехь ду аьлла, дIахьединера Титиевс. Читать дальше...

БIаьстенан, Къинхьегаман Де

Radiomarsho.com 

Советан Iедалера кхаьчна дезде - 1-ра Май - билгалдоккхуш ю, Оьрсийчуьра кхин регионаш а санна, Нохчийчоь. ГIали юккъехь хIиттийна концерташ, ловзарш, хелхарш.

ГIалгIайчуьрчу депутато зуда ядийна

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчоьнан депутато меттигера яхархо ядийна, хаамбо "Интерфаксо". "Малгобекан кIоштахь нисделла зуда ядор. Цуьнца доьзал кхолла Iалашо хилла "Единая Россия" фракцин декъашхочун, депутатан. Болчу хаамашца, ядийнарг хьалхо Малгобекан кIоштан дарбан цIийнан коьрта лор лаьттина ю", - яздо агенталло. Дийцарехь, ситуаци дIаерзийна, тIедогIучу кIирандийнахь ловзар дIакхайкхийна церан. Регионехь дийца даьккхина хилларг, хIунда аьлча, шаьш парламентан депутаташа масийттазза дуьйцура, зуда ядийначунна таIзар чIагIдан деза бохуш. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *