Маьрша Радио: дуккхаъчу мехкийн Iедалхой юкъагIерта журналистийн белхашна
"Свобода Радионо иттанашкахь шерашкахь Iорадоккху кхерамаш лаьттачу мехкашкара хьал, атта хIума дац иза. Iедал адамца дера хьийзаро, журналисташна дуьхьал буьйлу зуламхой а таIзаре ца хIотторо йолчу тIе а йохайо журналистан бакъдерг дийца таронаш", - аьлла ду Синделаран дIахьедарехь. Ишта карладаьккхина медиакорпорацин президенто тIаьххьарчу шерашкахь Радион белхахошна деттачу дозанех а.
Хьахийна 2014-чу шарахь дуьйнна фрилансер йолчу Псковра Прокопьева Светланина дуьхьалдаьккхина бехктакхаман гIуллакх. "Эхо Москвы" радиостанцин эфирехь стохка гурахь цо елла комментари бахьана долуш, терроризм бакъйина цо аьлла, бехкейина иза.
Архангельскерчу ФСБ-н гIишло хьалха динчу терактах шена хетарг аьллера Прокопьевас. Политикан режимо лело репрессеш бахьана долуш а, оьрсийн кегийрхошлахь хьал хийцалур долуш дац аьлла, коьрте иккхинчу ойлано а дайтина хир дара, ша а вуьйш, къайлахчу сервисийн гIишло чохь 17 шо долчу кхиазхочуьнга зулам аьллера хIетахь журналисто.
Оьрсийчохь дукха хан йоццуш "шен лаамехь интернетах" тIеэцначу керлачу низамо а сагатдойту, Синделара бахарехь.
Бакъонашларъярхой тешна бу, социалан машанашкахь цензура латто Iедалхойн кхи а цхьа аьтто баьлла аьлла, и низам тIеэцарца.
Дуьненаюкъара маьршачу прессан де билгалдоккху 1994-чу шарера схьа дуьйнна хIора Стигалкъекъа-беттан 3-чу дийнахь. 1993-чу шарахь ООН-ан Инарла ассамблейс юкъадаьккхина ду и де.
