Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Май
2019

23 шо даьллачул тIаьхьа Шелахь юха а дIахIоттийна танк

0
Толаман де гергакхочучу муьрехь Нохчийчуьрчу Шелахь дIахIоттийна Т-72 танк аьлла. хаамбина еаридийнахь шен официалан Telegram-каналехь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.


"Тахана схьайилли оха Т-72 танк Шелахь. Ведана а, Куьршала а, Соьлжа-ГIала а, Керла-АтагIа а, МахкатIе а воьдучу некъийн голатухучохь дIахIоттийна иза. Генара дуьйна бIаьрга лоцу и тIеман машен", - яздина Кадвровс.


Цо билгалдаккхарехь, тIаьххьарчу шерашкахь кхиош яра Шела, социалан объекташ хьалаеш, карарчу хенахь индустрин блок и цигахь кхио юьхьарерзийна.


Дуьххьара 1980-чу шарахь Толаман денна лерина кIоштахь куп тоьхначу эскархоша совгIатна елла танк дIахIоттийра Шелахь монумент санна. Ткъа 1996-чу шарахь, нохчийн къомана тIехь оккупаци яран символ ю иза аьлла, Шелахь шерашкахь лаьттина танк дIаяьккхира керла деанчу нохчийн Iедало.


Юха а, 23 шо даьллачул тIаьхьа, хьалха лаьттинчу меттигехь дIаюьйгIи Шелахь Т-72 олу танк.














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *