Оьрсийчоьнан денна леринчу барамна 2, 7 миллион ахча дайа Iалашо ю Нохчийчоьнан
"Фонограмма а, аз а профессионалан студехь дIаяздина хила дезаш ду. Дезачу дийнан программа дIахьош берш а хила беза говза, корматалла йолу, Нохчийчоьнан хьакъволчу артистан даржал а лахара цIе лелош а боцуш. Нохчийн духаршца, цIенна нохчийн а, оьрсийн а меттанаш хууш хила беза концерт дIахьош берш", - аьлла ду пачхьалкхан цIарах оьшург оьцучу сайт тIехь зорбане даьккхинчу документ тIехь.
Дийцарехь, республикан бюджетера ахчанах вовшахтухуш бу барам.
