86 миллион соьмах цIанйийр яц Кадыровн резиденци
Хьалхо кхайкхийра Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Соьлжа-ГIалара резиденци латто аьлла, 34,8 миллион юкъа а дуьллуш, кхайкхийна аукцион а, юкъахъяларх.
Лот тIехь билгалдаккхарца, "оцу ахчанах Нохчийчуьра Рубежная, Тбилисская урамашкахь а, Соьлжан хийистехь а бай а, ораматаш а цIена латтош, белхаш дIахьур бу" дара цу хаамехь яздина. Ишта, цIанъян Iалашо хиллера резиденцин майда нехех, Iалашъян бешмайда а, зезагаш а.
Кху беттан 22-чохь къаьстар долуш дара, муьлхачу организацино тIелоцур ду белхаш.
