Нурмагомедовн менеджер ца теша Кадыровс ЛГБТ-н декъашхой хьийзабо бохучух
Цу хаттарна вевзаш волчу ММА латарехула менеджеро жоп делла MMA Fighting ютуьб-канало деллачу хаттарна.
"Журналистийн Iедал ду совнахниг дуьйцуш. Суна цхьа а хIума ца хаьа Кадыровс муха тIеоьцу бохучух гейш я гейш боцурш. Сайна ца гиначух ца теша со", - аьлла Абдель-Азиза.
Нурмагомедовс шен рогIера латар дIахьур ду кхушара Гезгмашин-баттахь Цхьаьнатоьхначу Iаьрбийн Эмиратийн коьртачу гIалахь Абу-Дабехь хир йолчу UFC 242 турнирехь.
