Нохчийчоь "Газпромана" декхарелахь ю 16 гергга миллиард сом
"Газпромо" чIагIдарехь, цунах доккхаха долу дакъа - 68,6 миллиард сом такха декхарелахь бу Къилбаседа Кавказера бахархой, ткъа йовхо латточу компанеша газах шайна тIехьарчийнарг ду 15,8 миллиард сом.
Къилбаседа Кавказерчу регионашна юкъахь хьалхарчу 3 меттехь ю Дагестан (46,1 млрд сом), Нохчийчоь (15,9 млрд сом), ГIебартойн-Балкхаройчоь (13,6 млрд сом).
