Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2018

Новости за 16.09.2018

Бертаза субботнике даьхнера шаьш аьлла студенташа а, белхахоша а

Radiomarsho.com 

Шоьтадийнахь бертаза шаьш субботнике арадахарх дийцина "Кавказан узел" агенталле Нохчийчуьрчу студенташа а, белхахоша а. Кеп-кепарчу министраллийн, хьукматийн белхахоша а, студенташа а, дешархоша а дакъалаьцна гIалин урамаш цIандечу субботникехь, агенталло хаамбарца. "Шоьтан сарралц бохург санна субботникехь дара тхо. Урамашкахь нораш хьоькхуш, бордюрашна басарш тухуш, территореш битаме ялош",- аьлла дийцина, Хеда цIе йолчу школазхойн хьукматан белхахочо.  "Дайна мукъаденош дара" аьлла Марет цIе йолчу кхечу белхахочо. Читать дальше...

UFC-н турнирехь толам баьккхина Тайсумов Майрбека

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу латархочо Тайсумов Майрбека толам баьккхина Iамеркхочуьнца Грин Десмондца латарахь. Москохарчу "Олимпийский" спорткомплексан ринг тIехь исторехь дуьххьара дIаяьхьна UFC-н турнир.  31 латаршкахь 26 толам баьккхина Тайсумовс, 5 эшна. 28 хиллачу къийсадаларшкахь Грин 21 тоьлла, 7 эшна.

Сенцов арахецар доьхуш мацалла кхайкхийна Парижехь

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь набахтехь латточу украинхойн режиссерна Сенцов Олегна тIехIуьттуш Парижерчу оьрсийн векалтна хьалха мацалла кхайкхийна жигархоша. Шаьш цунна саготта хилар дIахаийтина Францин гоьбевллачу политикаша а, юкъаралхоша а, художникаша а. 24 сахьт мел долу вовшашца хийца а луш, лаьттар бу уьш Оьрсийчоьнан дипломатин миссин гIишлонна хьалха. Францин юстицин хиллачу министро Тобир Кристиана дIакхайкхина, Сенцовс мацалла хьоьгучу 124-чу дийнахь шаьш акци йолорах. Шайн акцех схьакхеттачийн массеран а цIераш ца йоху и барам вовшахтоьхначара. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *