Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2018

Новости за 25.09.2018

Стохкачул а алсам бу ГIалгIайчуьра кхушара эскаре боьлхурш

Radiomarsho.com 

Кху гуьйранна ГIалгIайчуьра 300 жимстаг эскаре хьажор ву аьлла, хаамбо "Это Кавказ" хьостано. Стохкачул а 100 стаг сов ву кху шарахь. ГIалгIайчуьра бахначара гIуллакх дийр ду хIаваа-десантан, тIеман-хIаваан, аьчкан некъан эскаршкахь а, ишта Къоман гвардехь а. КарабогIучу беттан 1-чу дийнахь дуьйнна ГIуран-беттан тIаьххьарчу дийне кхаччалц вовшах беттар бу эскаре гIуллакх дан баххал мел берш

Юха а Нохчийчохь къаьркъа малар "дихкина"

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь цхьаъ бен йоцчу къаьркъа духкучу туьканахь юха а дозанаш тоьхна. Соьлжа-ГIаларчу "Лента" олучу гипермаркетчуьра араволлучохь ха деш полисхой бу, тIоьрмигаш чу а хьоьжуш, маларш схьадохуш, хаамбо "Кавказ.Реалии" порталан корреспонденто. Информаци бакъйо Chechnya Telegram-канало а. Цара дийцарехь, къаьркъа даьккхинчунна 10 эзар сом гIуда ду тухуш. "Кавказ.Реалии" порталан хьосташа хаамбарехь, хIинццалц туьканара арабовлурш ларбеш некъан полисхой хуьлура. ХIора а экспресс-тестах воккхура цара, вехна вуй зуьйш.

ООН-ан Инарла Ассамблейхь вистхир ву Трамп

Radiomarsho.com 

ООН-ан Инарла Ассамблейн сесси йолалуш ю тахана. 120 пачхьалкхийн лидерш а, кхиболу Iедалхой а бу цигахь дакъалоцуш. Хьалхарчу дийнахь уггар а сатийсамечех ду Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президент Трамп Доналд вистхилар. Дийцарехь, цуьнан къамелехь уггар а коьртачех хир ю Къилба Корейн а, ГIажарийчоьнан а теманаш. Стохка ООН-ан трибуни тIехь вистхуьлуш, Къилба Корейн президент Ын Ким Чен ша шен хIаллаквен политика лелош волу "жима ракетхо" ву аьллера Трампа. Дахначу шерахь Къилба Корейн ракетан-зарратан программехь хийцамаш бина... Читать дальше...

Инстаграм кхоьллинчара шаьш компани дIатосуш хиларх хаийтина

Radiomarsho.com 

Инстаграм долахь хиллачу Систром Кевина а, Кригер Майка а шаьшиммо компани дIатосуш хиларх дIахаийтина. Фейсбукан куьйгалхочуьнца Цукерберг Маркца шайн юкъаметтигаш талхарх информаци яьржинчул тIаьхьа тIеэцна цара и сацам. The Guardian хьостано бина и хаам. 1 миллиард доллар мах а белла 2012-чу шарахь эцнера Фейсбуко Инстаграм сервис. ХIетахь дуьйна Систром а, Кригер а коьртачу директоран а, техникан говзанчийн а даржашкахь вара. Фейсбукна шайца юкъарло лелорна баркалла а олуш, тIейогIучу хенахь ша а... Читать дальше...

Политковская Анна дагалоцуш акци хIоттаяйта дуьхьал бу гIалин Iедалхой

Radiomarsho.com 

Кировн Iедалхошца юха а барт ца хилла журналист Политковская Анна йийначу ГIадужу-беттан 7-чохь дагалецаман акци дIаяхьа. ГIалин мэрин гIишлонна уллохь барам хIотто Iалашо яра. Администрацин гIишло тоеш, белхаш бу болош, аьтто бац цу хьалха акци хIоттаяйта аьлла урхалхоша. "ОВД-Инфо" бакъонашларъяран портале бина и хаам акци вовшахтоха дагахь хиллачу Ананьин Вадима. КIирандийнахь болош бу боху белхаш, акци ца хIоттаяйта бахьана ду аьлла хета жигархочунна. Стохка а иштта дуьхьало йинера цара, шайн цу дийнахь цхьа барам бу дIахьош аьлла. Читать дальше...

Хьабиб я Конор?

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIалин урамашкахь Маршо Радион корреспонденто деллачу хаттарна жоьпаш бIостанехьа ца хилира.

Пенсе воьду хан йолу стаг балхара дIаваккхахь гIуда тохар юкъадоккхур ду Думехь

Radiomarsho.com 

Пенси баха пхи шо, я кхин а лахара хан йисина белхахой балхара дIабаьхна меттиг нислахь бехкзуламан гIуллакх дуьхьал доккхуш низам тIеэцна Оьрсийчоьнан Думано кхолгIачу ешарехь шинаридийнахь. 200 эзар сом гIуда, я 360 сахьтехь пачхьалкхна маьхза белхаш бар тIедожор ду низам дохийначунна, яздо ТАСС агенталло. Пачхьалкхан Думе и низаман проект кховдийна Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. Пенси воьду хан тIетоха дагахь дийцарш долийна и документ, депутаташа луьстур ду кхааридийнахь шолгIачу ешарехь. Читать дальше...

Золотовна жоп дала аьтто бац Навальныйн, юха а лаьцна иза

Radiomarsho.com 

Оппозиционеро Навальный Алексейс дуьххьара комментари йина, Росгвардин куьйгалхочо Золотов Виктора шех "отбивная" йийр ю ша аьлла, динчу дIахьедарна дуьхьал. Москохарчу Симоновскан кIоштан кхелехь цунна дуьхьал даьккхинчу гIуллакхан административан протокол луьстучу заманчохь дIаязйина видео Iораяьккхина DW-н Твиттер-аккаунтехь. "Суна Iаламат чIогIа лаьара цу видеога хьажа. Со маьршаваьккхинчул тIаьхьа, уггар а хьалха ас дендолчух ду иза – Золотовн видеога ладогIар", - аьлла политико. Марсхьокху-беттан... Читать дальше...

Нохчийчуьра кхерамаш туьйсу МакГрегор Конорна

Radiomarsho.com 

Ийначу латаршкарчу Ирландерчу спортхочунна МакГрегор Конорна кхерамаш туьйсуш видеокхайкхам Iорабаьккхина Нохчийчуьрчу латархочо Халиев Хьусайна. Нохчийн спортхочо дIахьедина, Нурмагомедов сийсазвеш цуьнга мел аьллачу дашах жоп дала дезар ду аьлла. КарабогIучу баттахь Нурмагомедовн а, МакГрегоран а хиндолчу латарх дуьйцуш яхначу пIераскан буса пресс-конференци дIаяьхьира. "Даьсса къамелаш дан хьо говза ву, Конор. Пресс-конференцига хьажча хиира суна и. И къамелаш могуьйту хьуна Ирландехь, Iамеркахь, кхин а цхьаццанхьа а. Читать дальше...

Нурмагомедов шен кIанта эшор ву аьлла МакГрегор Тонис

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан UFC-н латархо Нурмагомедов Хьабиб хьалхарчу раундехь эшор ву шен кIанта МакГрегор Конора аьлла, дIахьедина цуьнан дас МакГрегор Тонис. "Иза дуьйцийла йоццуш бакъдерг ду. Кхечу агIор хуьлийла а дац. ШолгIачу раунде вер вац Нурмагомедов", - аьлла  "Рен ТВ" телеканална еллачу интервьюхь латархочун дас. Журналистца Хельвани Ариэлца хиллачу онлайн-шоухь МакГрегора- воккхачо дIахаийтина, шен кIантаца "я сихаллица, я нийсаллица, я нуьцкъаллаца вустийла дац" Нурмагомедов аьлла. "Конора цуьнан туьта кагйийр ю аьлла хета суна"... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *