Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2018

Новости за 17.09.2018

Киевехь инарла прокуратурина хьалха лазийна 7 полисхо

Radiomarsho.com 

Киевехь, Украинан инарла прокуратурин хIусамна хьалха тасадаларш хилла полицин а, дуьхьалонан акцин декъашхойн а. И бахьана долуш 7 полисхо лазийна, хаам бина "Дождь" телеканало, гIаларчу полицин зорбанан сервисна тIе а тевжина. Жигархой реза боцург ду террорхо ву бохуш бехке веш волу ГIалгIайчоьнан вахархо Тумгоев Тимур Оьрсийчоьне дIавалар. Акцин декъашхоша дарж дитар тIедожийна Украинан инарла прокурорна Луценко Юрийна а, цуьнан гIовсна Енин Евгенийна а. Марш Радионо хьалхо хаам бина ма хиллара... Читать дальше...

Омск – къизаллин бен?

Radiomarsho.com 

Кедринская Лидия Молчанов Александр (Маршо Радио, оьрсийн сервис) Деношкахь, Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь а санна, шена губернатор хоржуш яра Омск.  Пенсе воьду хан лаккхаяккхарна дуьхьало еш, гIали юккъехь протестан гулам хIоттийнера оцу дийнахь Навальныйн агIончаша. Барамера, "ОВД-Инфо" хьостано бахарехь, полицино дIалахьийра 100 гергга стаг. Лецначаралахь яра Маршо Радион "Сибирь.Реалии" проектан корреспондент а.   "Аш даймохк боьхкина, шуна тоьпаш йогIу!" Протесташна жигара ларалучу Омскехь хIинццалц кIезиг лоьцура гуламхой. Читать дальше...

Нохчийчохь шина некъахьовзамехь лазийна 5 стаг

Radiomarsho.com 

Лаххара а 5 стаг лазийна тIаьхьарчу дийнахь-бусий Нохчийчохь некъахьовзамашкахь. Иштта Ойсхарара Мескер-эвла боьдучу некъа тIехь вовшахкхетта "Тойота-Королла" а, "Лада Приора" а ши машен. И бахьана долуш, "Лада" машенна урхалла деш хилла стаг лазийна охьавиллина Куршлойн-эвларчу дарбанан цIийне. Кхин цхьа некъахьовзам хилла "Кавказ" цIе йолчу боккхачу некъа тIехь ГIуларана гергахь. Цигахь ВАЗ машен тIетоьхна "Газель" олучу жимачу автобусна. Цу чохь хилла 4 некъахо лазийна. Кху деношкахь Нохчийчохь... Читать дальше...

Оьрсийчоьнца ДоттагIаллин барт бохийна Порошенкос

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнца бина ДоттагIалла а, цхьаьнакъахьега а, накъосталла а лелорах барт бохош указ тIеэцна Украинин президенто Порошенко Петрос. Бахьана ду Украино Оьрсийчоь пачхьалкх-агрессор лоруш хилар. Порошенкон указца а догIуш, Украинин арахьарчу гIуллакхийн министралло хаам бийр бу шайн лаамах лаьцна Оьрсийчоьне, хоуьйтур ду цу хьокъехь Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралле а, ОБСЕ-га а, дуьненаюкъарчу кхечу вовшахтохараллашка а.

Зударийн Де - цхьаболучарна

Radiomarsho.com 

"Нохчийн Зудчун Де" баккхийберца тIеоьцу Нохчийчуьрчу бахархоша. Оцу дийнахь карлабовлу хIора зудчун шен дахарх болу дагалецамаш, самабовлу сатийсамаш. Соьлжа-ГIалахь хIиттийнера зударшна даздарш. Бакъду, Iедалхоша бакъо еллачун бен аьтто ца белира митинг-бараме кхача – стохка а санна, дихкина дара маьршша чувахар, полицино толлура, зуьйра гонах мел дерг. …Журналистна цхьаъ дуьйцура зударша, кхин хезара барамна чу ца битарна резабоцучаьргара.

ГIалгIачунна экстрадици яро гуламе баьхна украинахой

Radiomarsho.com 

Киевехь, Украинан Инарла прокуратурин хIусамна хьалха, протестан гулам хIоттийна Оьрсийчоьнан дехарца гIалгIачунна Тумгоев Тимурна экстредици ярна резабоцчу наха.  Оцу хьокъехь хаам баржийна Фейсбукерчу "Партія 'Національний Корпус" канало. Цхьаболчу хаамашца, полицино бIаьргаш Iийжабойту газ етта гуламхошна, наха дуьхьал – тIулгаш. Акцин декъашхоша дарж дитар тIедожадо Украинан инарла прокурорна Луценко Юрийна а, цуьнан гIовсна Енин Евгенийна а. Шема вахана, тIемалошлахь леларна... Читать дальше...

"Сан вешина (дена, шичина...) йогIуш тоьхна хан"

Radiomarsho.com 

Куьрчаларчу а, гонахарчу а яртийн 14 вахархо набахте хьажор Iаьткъинчу наха Соьлжа-ГIалахь шаьш хIоттор бу баьхна гулам кIирандийнахь ца хIоттийна, ткъа юридикан гIирсашца шайн бакъонаш Iалашъян гIорасиз бисина кегийрхой тIелета полицина, кхидIа летар а бу, аьлла хета "Мемориал" центрна. Оцу хьокъехь шаьшлахь хилла дискусси яржийна интернетехула бакъоларъярхоша. "Кавказский узел" сайто, WhatsApp-ехула яьржинчу видеона тIе а тевжаш, хаам баржийра, Шеларчу кхело Куьрчалан кIоштарчу а, гонахарчу кхин... Читать дальше...

Нохчийчоь дIа ца яккхийта - тIеман Iамораш

Radiomarsho.com 

Къилба ТIеман Гонан гIагIадиллинчу машенийн дивизин эскархоша "кхочушдина Нохчийчуьра лаьмнаш, некъаш тIера хьехаш дIалеца арабевллачу тIемлойх Iалашъярехь шайна тIедехкина декхарш". Иштта ду Оьрсийчоьнан тIеман министралин сайто Нохчийчохь кху деношкахь дIадаьхьначу тIеман Iаморех лаьцна даржориг. Хаам барехь, Борзехь лаьттачу тIеман декъе дIагулйинчу гIагIадиллинчу КамАЗаша кIирандийнахь Шуьйтан лаьмнашкахула бина 100 чакхарма некъ. Iаморашкахь дакъалаьцна дуккха а тайпа герз карахь долчу эскархоша, яздо сайто.

Депутат Милонов: Оьрсийчохь къаьркъа дехка деза

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан могашаллин министре Сворцова Вероникига Пачхьалкхан Думин депутато Милонов Виталийс дехна пачхьалкхехь къаьркъа доьхку низам ("сухой закон") арахецар. Иштта, цо хьоьху кхачо йоллуш цIена доцу маларш "къаьркъин эланашка" ара ца хецийтар а, цадохкийтар а, рекламе цадахийтар а. Цкъа ца хиллачу барамашкахь даьржина Оьрсийчоьхь маларш мийлар – кхушара доьхкина къаьркъа бахархошлахь (берашца цхьаьна) декъча, 18 литр кхочу хIора стагна, билгалдоккху Милоновс. Деношкахь статистийн ВЦИОМ... Читать дальше...

Соьлжа-ГIала – "уггаре маьрша" шахьар

Radiomarsho.com 

Domofond.ru портало хIоттийначу рейтинго гайтарца, уггаре паргIат, чохь лакккхара кхерамзалла латтарца билгалъялла Соьлжа-ГIала. Шахьарахь паргIато хиларх тоьшалла динарш бу меттигера бахархой. Стохка а санна, яккха тарлучу 10 баллах 9,5 балл яьккхина Соьлж-ГIалано. Оейтингехь шолгIаниг ю Анапа, цул тIаьхьарниг – Геленджик. Оьрсийчохь "уггаре кхерамечу" гIалин меттиг кхаьчна Новочеркасскна. Теллинчу 150 гIаланашна юкъахь 38-гIа ю Москох, 56-гIачу меттехь – Петарбух. Рейтинган жамIаш довзийтина ТАСС агенталло.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *