Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2018

Новости за 19.09.2018

МиГ-31 тIеман кема доьхна Оьрсийчохь 

Radiomarsho.com 

Лахарчу Новгородан кIоштахь чудеана МиГ-31 олу Оьрсийчоьнан тIеман кема. Инцидент хилла Кулебаки гIана гергахь. Кема дохаран бахьана хууш дац, хаам бо ТАСС агенталло.

"Гергарниг - хийраниг" галдаьлча. Ил-20 чудожарх

Radiomarsho.com 

Гостев Александр,                                                                                                      Маршо Радио, оьрсийн сервис Оршоьтан буса Дуьненаюккъерчу хIорда тIехула доьду шен Ил-20, тIеман кема, герз тоьхна чудаийтарна Оьрсийчоьно чехконца бехкейира Израил. "Сихха, луьрра жоп" лур ду а элира. Ткъа кхин а хан юкъайоьлча даредира, 15 эскархо чохь волу кема дохийнарш Асад Башаран ницкъаш бу, аьлла. Хилам нисбелла Путинанний, Реджепанний, Оьрсийчоьнан а, Туркойчоьнан а ницкъаш цкъачунна юхабоху Иракъера Идлиб... Читать дальше...

Доллар а, евро а дайдала доладелла соьмаца дуьстича

Radiomarsho.com 

Москох биржехь хиллачу валюта дохкарехь соьман курс хьалаяьлла долларца а, евроца а юьстича. Iамеркан валютан мах охьабаьлла 67 соьмал а. Цу тайпаниг хилла дацара дIабаханчу Марсхьокху-беттан 27-чохь дуьйна. ХIинца цхьана долларх ло 66,99 сом. Еврон мах бу 78,26 сом. ТIаьхьарчу цхьана дийнахь иза дайделла 32 кепекана. Оццу хенахь мехкадаьтта дазделла 0,25%. Лахьан-баттахь оьцур долчу Brent тайпачу мехкадаьттан мах бу цхьана черманах до 79,23 доллар.

«Чеченнефтехимпром» юхаметтахIотто инвесторшца барт бина Нохчийчоьно

Radiomarsho.com 

«Чеченнефтехимпром» компани Нохчийчоьне дIаялар «Роснефтан" хьаштонех ца хьакхаделла аьлла, дIахьедар дина республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цо баркалла аьлла Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна, ОАО «Чеченнефтехимпром» компанин акцеш Нохчийн Республикан долаяхарна. Кадыровс дийцарехь, цу компанино хIинцале а барт бина иза юхаметтахIоттош дакъалаца дагахь болчу инвесторшца. Цо дийцарехь, юьйцурш ю Китайра а, Гергарчу Малхбалера а компанеш.

Киевехь лаьцна Нохчийчоьнан Украинехь хиллачу векалан кIант - СБУ

Radiomarsho.com 

Украинин къоман полицино Киевехь лаьцна Оьрсийчоьнан вахархо, дийцарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна юххера стаг. Украинин кхерамазаллин сервисерчу хьастано (СБУ) бинчу хаамца, иза ву Нохчийчоьнан Украинехь хиллачу векалан кIант Цицулаев Адам. Украинин ницкъаллин структурийн белхахоша чIагIдарехь, цара Цицулаев лаьцна, цхьаъ айкхвалар бахьана долуш. Полице хаам бина хилла йцхьаммо телефонехула наркотикаш дIасакхоьхьуш хила мегачу машенах лаьцна. И машен сацийна полисхоша. Цу чохь... Читать дальше...

Школашкахь смартфонаш лелорна дуьхьал бу дукхаха болу Оьрсийчуьра бахархой

Radiomarsho.com 

Школашкахь смартфонаш лелор дехка деза бохучунна реза бу дукхаха болу (73%) Оьрсийчуьра бахархой. Цунах лаьцна хаам бо ТАСС агенталло, ВЦИОМ-о бинчу талламана тIе а тевжаш. Оцу талламехь дакъалаьцначерах 83% хетарехь, смартфонаша доьшуш новкъарло йо берашна. 69% нах тешна бу, школашкахь телефонаш лелор дехкаро гIо дийр ду аьлла, берийн хаарш алсамдахарна. Цуьнца цхьана 17% респонденташна хета, цу дехкаро хьал хуьйцур дац аьлла. Телефонехула интервьюш йина ВЦИОМ-ан белхахоша кху беттан 7-чу дийнахь. Читать дальше...

Дин сийсаздо сайташ дIакъовлар доьху Нохчийчоьнан прокуратуро

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан прокуратуро Соьлж-ГIалин Ленинан кIоштан суьде кехаташ хьажийна республикерчу интернет-провайдаршка дIакъовла аьлла 18 интернет-сайтана чувала бакъо. Прокуратуро чIагIдарца, цу сайтийн агIонашна тIехь карийна чулацамо бусалба дин сийсаздо материалаш. Цара адамашна юкъахь хьагI-гамо кхуллур ю аьлла хета прокуратурина.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *