Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2018

Новости за 24.09.2018

Бертаза "Ахматан" матче дахийтира шаьш аьлла махкарчу бахархоша

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу шоьтадийнахь стадионехь дIаяьхьначу Соьлжа-ГIаларчу "Ахмат" футболан тобан матче шаьш нуьцкъаша дахийтарх дийцина меттигерчу бюджетан белхахоша а, студенташа а "Кавказан узел" агенталле. "Оренбурган" а, "Ахматан" а ловзар дирзина 1:1 чоьтаца. Пачхьалкхан хьукматийн белхахоша а, студенташа а латкъамбина, шаьш цу матче бертаза хьовсийнера аьлла. "Хуьлийла и футболан матч, я цхьа кхин барам, тхуна проблема хуьлий, дIадоьрзу и. Тобанашкахь декъа а делла, рагI хIоттийна лела тхо футболе. Читать дальше...

Бажа бажор тоьлу тIаме воьдучул. Беларусерчу нохчийн доьзалх

Radiomarsho.com 

Антон Трафімовіч Уладзь Грыдзін Радыё Свабода (Беларусан сервис)   2016-чу шарахь Далхьан Нохчийчохь вара, эскархо, амма ца хилира реза Украине тIаме ваха. Иза къарван, резаван гIиртира хьаькамаш. Цундела шен доьзал а эцна давахара махкара. 16-за гIоьртира Брестехула Польше кхача, аьтто ца белира, висира Далхьан Полесьехь. Цхьана беларусийн юьртахь (кхерамзаллица доьзна, меттиг ца йовзийтар дехна журналисташка) хIинца бажа бажабо эскаршлахь леллачо, бохка хьокхамаш бо цуьнан цIийннанас.... Читать дальше...

Нохчийчохь ортодоксан килс схьайиллина Кадыровс

Radiomarsho.com 

Шелковск кIоштахь ортодоксан килс схьайоьллучу барамехь дакъалаьцна оршотдийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, хаамбо "Керланаш" агенталло. Баланаш Хьегначу Варварин цIарах Нохчийчохь диллина килс борхIолгIа хилла дIахIоьттина. 1937-чу шарахь йохийначу килсан меттахь дIахIоттийна, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу фондан гIоьнца  йина керла Варварин цIарах килс. Шелковскан 300 шо кхачарца лерина сихо йина, схьадиллина и цIа.

Къуран хьоьху Iаьрбашна нохчочо

Radiomarsho.com 

Сувейлерчу Iаьрбашна а, нохчашна а Къуран хьоьхуш ваьхна Билто Муаййадан деда а, да а. ХIинца цигарчу лерринчу школехь шен дайша хьеххнарг хьоьху цо а берашна. Кхо бIе стаге кхоччуш бу цуьнан мутаIеламийн даима а лаьтта барам. Муайада дуьйцу шайн доьзало дийнна бIешарахь шайна еш кхиош йолчу Iамалх лаьцна.

Школашкахь тIеман гIуллакх Iамор юкъадаккха деза аьлла хета Кадыровна

Radiomarsho.com 

ТIеман ловзаршкахула бераш жимчохь дуьйнна хууш хила деза герз лело а, эскархочун гIуллакх девзаш хила а аьлла, йоза дитина социалан машанерчу "ВКонтактехь" Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "Ша бакъволу къонах даим а кийча хила веза шен даймохк ларба. Муха хуур ду царна, школашкахь тIеман гIуллакх хьехар а, "Зарница" къийсадалар а дицдина хилча, ткъа эскаршлахь берриг а бохург санна контрактхой хилча", - яздина Кадыровс. Ишта мехкан куьйгалхочо билгалдоккху, ша тIеман конфликташна дуьхьал хилар. Читать дальше...

Титиевн кхеле ца буьту юкъаралхой а, журналисташ а

Radiomarsho.com 

Бакъонашларъярхочун Титиев Аюбан кхел прокуроран дехарца къевлинчу неIаршкахь дIаяхьа сацамбина, цу кхелехь тешаш санна лебенболчу полисхойн кхерамзалла ларъярхьама. Дахначу кхаарин, пIераскан деношкахь къевлинчу неIаршкахь барт хаьттира Титиевн гIуллакхан хьокъехь кхаа полисхочуьнга. "Мемориал" организацино абсурде лерина кхел къевлинчу неIаршкахь д{ахьош, суьдхоша тIеэцна сацам. Эксперташа даредарца, йиллинчу неIаршкхаь хIинцале а хеттарш дина кхелахоша Титиевн бехк тIечIагIбинчу 57 теше, ткъа... Читать дальше...

Нохчочун сценари тIехь кино йоккхур ю Disney компанино

Radiomarsho.com 

Disney компанино кхайкхийна хиллачу проектехь толам баьккхинчийн сценарий тIехь Оьрсийчохь "Ирс – и ду…" кино яккхар дIадолийна. Ирсах лаьцна йийцинчу 7 исторех лаьтташ хир ю киноальманах. Москох а, Петарбухахь а йоккхур йолуш ю юьйцу фильм. Цу тобан юкъахь дакъалоцуш хир ву нохчийн режиссер, сценарист Агаев Шемал. ТIедогIучу шарахь шуьйрачу прокатехь гайта йолор йолуш ю и кино. Проект вовшахтухуш конкурс дIакхайкхийнера стохка аьхка. Къаьмнашлахь дIаяьхьначу оцу конкурсехь толам баьккхира Агаев Шемала.

Словакино Оьрсийчоьне дIавеллачу Яндиевн арз толлур ду Интерполо

Radiomarsho.com 

ООН-ан адамийн бакъонашкахула йолчу Комитето Оьрсийчоьне Яндиев Аслан дIавала кечамбар Словакин Iедалшка сацаде аьллашехь, шена экстрдици йина аьлла Интерполана тIехь терго латточу комиссига арз дина гIалгIачо. "Кавказ.Реалии" портале бина и хаам, Яндиев Iалашвечаьрца уьйрашкахь йолчу Швецерчу Vayfond гIоьналлин организацино. Яндиевна экстрадици яр Комиссино харц дахь, тIейогIучу заманахь иштаниг мехкашкара кхин ца дийла тарло – Адамийн бакъонийн Комитетан, я Европан кхелан сацамо цхьана пачхьалкхан карвала мегар дац аьллехь... Читать дальше...

Стенна эшна кхел къевлинчу раже яккха?

Radiomarsho.com 

Титиевна ен кхел къевлинчу ражехь дIаяхьа бинчу сацамо гойту лаьцначунна тIехь лелориг харцо юйла, чIагIдо адвокаташа Массех теш левеш яржа тарло къайле ларъеш, рогIера ладегIарш неIарш а къевлина дIаяхьа сацам тIеийцира Шеларчу кхело. Иштта дерзарх цец а буьйлуш, кхелан цIа дIатаса дийзира журналистийн а, дов тергалдан баьхкинчу арахьарчу мехкийн дипломатийн а. Цхьа а къайле а йоцуш, дукхахболу тешаш лебина яьллачу кхело неIарш къовлар дикахо хета адвокаташна  - оцу суьрто аьтто бо шайна лела харцо мелла а эвсара Iораяккха... Читать дальше...

Вевзачу имамна кIело йина кхо вахархо лаьцна ГIалгIайчохь

Radiomarsho.com 

Меттигерчу кхаа вахархочунна дуьхьал бекхзуламан гIуллакх айдина ГIалгIайчоьнан прокуратурано. Республикехь вевзачу салафитийн имамна Чумаков Хьамзатна вен Iалашонца кIелоярна бехкебо уьш. Прокуратуран сайто къайлаяьхьна шеконашца лаьцначийн цIераш а, цара тIелатар динчун цIе а, делахь а  социалан машанашкахь "вевзаш волу махкара Iеламча" аьлла вуьйцург Несар-Кортара маьждиган имам Чумаков Хьамзат ву. Талламчийн версица, 2017-чу шарахь республикехь вевзаш волу Iеламча вен Iалашо лаьцна хилла лецначара... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *