Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2018

Новости за 18.09.2018

«Чеченнефтехимпром» Нохчийчоьнан долаяьккхина президенто Путина

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира указ арахецна Нохчийн Республикана ОАО «Чеченнефтехимпроман» 100 процент акцеш дIаялар хьокъехь. ХIинццалц иза федералан долара мехкадаьттан компани лорyш яра. «Чеченнефтехимпром» Нохчийчоьнна схьалахьара аьлла, Путине дехар динера Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана 2015-чу шарахь. Оьрсийчоьнан президентан указ болх бан доладелла Гезгмашин-беттан 18-чу дийнпхь.

Машенан бат ата а воьлла…

Radiomarsho.com 

Нохчийн юьртахь зуда ялийна меттиг йохош, лиэта кегийрхой гойту видео яьржира деношкахь социалан машанашкахула. Юкъа хан йолале, хьеста а луш, Iедал шаьш лелийначуна къинтIера доккхуш гайтира уьш Соьлж-ГIаларчу телевизионо. Атта дацара оьзда леллехь, гIиллакхах ца боьхнехь, нехан барам ца бохийнехь? …Ца лелла ишта вайн дай-м.

Ил-20 чудаийтарна жоьпалла Израилна тIедиллина Оьрсийчоьно

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан тIеман министралло Израил бехке йина Дуьненаюкъарчу хIорда тIехула доьду Ил-20 олу шайн кема чудаийтарна. Цу тIехь хилла 15 эскархо велла. Оьрсийчоьнан тIеман министраллан векло инарло-майора Конашенков Игора дIахьедар дина, хилларг "Израилан пилоташ леррина йина провокаци ю аьлла. Инарло дийцарехь, цара кIелтесна Оьрсийчоьнан кема Шеман ракетийн системашна, шаьш Шеман территорина тохарш дан дохка аьлла шайга хаам а ца бина. Оьрсийчоьнан Ил-20, гIалат а даьлла, ракета тоьхна чудаийтина Шеман тIеман хIаваан ницкъаша. Читать дальше...

Кхо стаг вийна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Кхо стаг вийна Нохчийчохь ТIехьа-Мартанан кIоштахь. Iедалша уьш тIемалой хила мегаш бара боху. Инцидент хилла ГIалгIайчоьнан дозанца. "Силовики" цIе йолчу телеграм-канало бинчу хаамца, Росгвардин эскархоша герз диттина вийнарг ву ГIебартойн-Балкхаройчуьра Хаджиев Анатолий а, ГIалгIайчуьра Алероев Мовсар а, Хантийн-Мансийскера Кочкаров Османджон а. Цу нахехь герз хилла я ца хилла дуьйцуш дац. Шайна юкъахь дараш дац аьлла, хаам бина ницкъаллин структурийн белхахоша.

Нохчийохь жоьпе озийна 7 шо долу кIант вийна стаг

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь бехктакхаман гIуллакх долийна 7 шо долу кIант вийначу стагана дуьхьал. Бохам хиллера Нажи-Юьртарчу Беной-Веданахь. Цигахь 36 шо долчу меттигерчу вахархочо шозза урс тоьхнера кIантана. Хиллачу чевнех иза велла цу меттехь.  Прокуратуро бинчу талламца гучудаьлларг ду, зуламхочо жимачу кIантана тIелатар дина хилар цуьнан дега цабезам хилар бахьана долуш. Бер дийна стаг лаьцна ву.

Оьрсийчуьра 1400 стаг шайн махка ца витина Израилан Iедалша

Radiomarsho.com 

Израилан Iедалша шайн махка чу ца витина Оьрсийчоьнан 1400 махкахо. Цунах лаьцна хаам бина РИА Новости агенталло, Тел-Авиверчу Оьрсийчоьнан векалаллан белхахочунна тIе а тевжаш. Цо дийцарехь, Москох реза яц жуьгташа далочу бахьанашна. Бинчу хаамца, Израилан дозанхоша пусар доцуш лелабо шаьш чу ца буьту Оьрсийчоьнан бахархой. Туристаш латкъамаш беш хуьлу, чу ца битар сов масийтта дийнахь лецна латтийна шаьш бохуш. Жуьгтийн «ХIаарец» газето яздо, и проблема кхин а кIаргйелла бохуш. Израилан чоьхьарчу... Читать дальше...

Оьрсийчоьнан Ил-20 кема чудаийтина Шеман тIеман ницкъаша

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан тIеман министралло хаам баржийна, шен ницкъашна эшам хилла, 14 эскархо чохь волу Ил-20 кема дайна Дуьненаюкъарчу хIорда тIехула доьдучу сахьтехь, аьлла. Урхалло бахарехь, оьршоьтан буса, Шемарчу Латакина тIелеташ Израилан кеманаш а долуш, нисбелла и бохам. "Оццу хенахь Оьрсийчоьнан локаторшна хааделла хи тIехь лаьттачу Францин "Оверн" хIордакемано ракета хоьцуш", аьлла баржийна ТАСС агенталло, министраллерчу хаамна тIе а тевжаш. Израилах дерг аьлча, цо цкъачунна комментари ца еш дуьту Шойгун хьукмато даржийнарг. Читать дальше...

SpaceX-ан хьалхара космосан турист хир ву Японера миллиардер

Radiomarsho.com 

Японера миллиардер Маэдзава Юсаку хир ву, SpaceX-ан ракетана тIехь Баттана го тосур болу хьалхара турист. Цунах лаьцна твиттерехь хаам бина цу долахь йолчу космосан компанино. Маэдзава ву куьйга дехкина сурташ а, кхин йолу а исбаьхьалла гулъярхо. Big Falcon Rocket ракетана тIехь иза космосе гIур ву 2023-чу шарахь. КIиранах хир йолчу экспедицехь ракета улле гIур ю Баттана 200 гергга чакхарма. Цул тIаьхьа иза юхайирзина охьахуур ю Лаьтта тIе. Маэдзавас дIахьедар дина, шеца экспедице кхойкхур ву... Читать дальше...

Идлибехь тIеман операци ца ян барт бина Путина а, ЭрдохIана а

Radiomarsho.com 

Шемарчу Идлиб провинцехь тIеман операци ярх юхабовла барт бина Сочехь цхьаьнакхеттачу Оьрсийчоьнан а, Туркойчоьнан а президенташа Путин Владимира а, ЭрдохIан Реджепа а. Цунах лаьцна журналисташка хаам бина Оьрсийчоьнан тIеман министро Шойгу Сергейс, яздо "Интерфаксо". Оьрсийчоьно а, Туркойчоьно а иштта барт бина ГIадужу-беттан 15-гIа де тIекхачале 15-20 километр кIорга йолу герз доцу зона кхолла Шеман тIеман ницкъаш а, оппозицин тIеман тобанаш а дьухь-дуьхьала лаьттачу дозанехула. Оьрсийчоьнан президенто бинчу хаамца... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *