Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Декабрь
2018

Новости за 04.12.2018

Нохчийчуьрчу лаьмнийн кIошташна 230 миллион ахча хьажор ду

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан лаьмнашкарчу пхеа кIоштара хьелаш кхиорхьама 230 миллион гергга сом кхачор ду аьлла. Веданан, Итон-Кхелан, Нажин-Юьртан, Шуьйтан, Шаройн кIошташна лерина хьажор ду ахча 2020-гIа шо карадале. Инвестицин проекташна тIехь терго латточу комиссин кхеташонехь Нохчийчохь кхочушъян лерина 68 проект тIечIагIъярца доьзна хьовсош ю финансаш. Финансийн министраллехь хаамбина, билгалъяьхна проекташ кхочушйинчул тIаьхьа 286 стагна белхан меттиг кхачор ю аьлла.

Полисхочунна кхаъ бала гIоьртинарг лаьцна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Ницкъаллийн структурашкарчу белхахочунна 10 эзар сом кхаъ а белла, кIелхьарвала гIоьртинчу Нохчийчуьрчу вахархочунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийна. Гуьмсерчу станцехь лаьцна 46 шо долу стаг, шегахь патармаш а долуш. Байначу беттан 12-чохь хилла хIара инцидент. Патармаш гучу а девлла, лаьцна полисхойн декъе валийначу цо 10 эзар сом кховдийна белхахочунна, шена дуьхьал гIуллакх ца долориг. Кхаж бала гIортарна 1, 5 миллион сом гергга гIуда догIу цунна, я набахтехь даккха 8 шо хан а, цо дала... Читать дальше...

Ливанца дозанехь тIеман операци йоло дагахь ю Израил

Radiomarsho.com 

ТIеман операци йолийна Израило Ливанца долчу дозанехь аьлла, хааме даьккхина Reuters агенталло. Израилхойн территори тIе жихIадхой дехьакхийса ливанхойн "Хезбола" тобано пайдаоьцу лаьттабухула даьхна некъаш схьа а лохуш, уьш дIадукъа Iалашо ю эскархойн. Jerusalem Post газетано шинаридийнахь бинчу хаамца, хIинцале а цхьа туннель хIаллакйина цара. Израилан тIеман Армин хьосташа дийцарехь, цкъачунна туннелашчухула дIасалелла бац жихIадхой, амма тIейогIучу заманчохь цаьргара кхерам хила тарло жуьгташна. Читать дальше...

Хьонке дахана бераш (туьйра)

Radiomarsho.com 

(Нохчийн халкъан туьйра)     Цхьа бераш хилла хьуьнах хьонке дахана. Дукха хьонка а карийна, иза боккхуш Iаш, хIорш хьебелла, хьуьнах бода боьлла. Хьуьнах берзалой а хилла угIуш. Бераш лахахьа а дитина, воккхаха воккхаха волу кIант лекхачу попана тIеваьлла, чуваха цхьа а цIено, я меттиг карайой хьажа. ДIай-схьай хьаьжча цунна цхьа цIийнан лаппагIа гина. Цу цIийна неIарга баьхкина хIорш. НеI схьа а йиллина, доккха ешап дуьхьал даьлла кхаьрна, яккхий кIомсарш а йолуш, кегийна еха месаш а йолуш, тIеюьйхина эттIа хIуманаш а йолуш. Читать дальше...

Къоьллин дозанал дехьа

Radiomarsho.com 

Погожев Александр  Хьал доцу ставрополхой муха бовлу хене  Кегийчара, наркоманаша, тхов боцчу къехоша дукха хенахь дуьйна "долаерзийна" йолу шира, тиша лаппагIаш хан хене мел йолу дIайохуш лаьтта Ставрополехь. Церан меттигаш дIалоьцу керлачу гIишлоша. Мискаллин лар йовш ю, амма яйна дIаяла гена ду. Оцу юкъанна, десташ лаьтта Оьрсийчохь къоьлле оьгучу нехан терахь а. ГIуллакхаш шега муха ду хаьттича: "ДIахьаькхи варраша!" – жоп делира соьга цхьана вевзаш волчу тховбацархочо. Сан цуьнца вовзар нисделира... Читать дальше...

Украинан порташ юкъ-кара дIаяьстина Оьрсийчоьно

Radiomarsho.com 

Азовн хIордатIера Украинан порташ юкъ-кара дIаяьстина Оьрсийчоьно. Украинан инфраструктуран министро Омелян Владимира бина и хаам. Керчан гечонехула Украинан Бердянскерчу а, Мариуполерчу а порташкахьа дIадуьйладелла кеманаш ду гуш, цо бахарехь. Оьрсийчоьно сеца а деш, талламаш беш бу кеманашна, хаамбо украинхойн министро. Иштта цо дийцарехь, Азовн хIорде чудаха хьоьжуш ду 17 кема, Iаьржа хIордана чукхачаре сатуьйсу цхьана кемано. Портийн йистошкахь лаьтта кхи а исс кема. Украинан порташ дIаеллар... Читать дальше...

Китайн политикан лагерехь ша лайначу Iазапах лаьцна дийцина уйгурийн зудчо

Radiomarsho.com 

Уйгурийн къомах йолчу Турсун Мехригула кхо бутт баьккхина Китайн Синьцзянерчу политикан лагерехь. Цу зудчо дийцина Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн Конгрессан векалшка, адам Iалур доцучу хьелашкахь ша латторах а, шен ницкъ барх а лаьцна. Iазап хьегар сацо, цо дийцарехь, ша ер доьхуш хилла зудчо Китайн салташка. Маситта шо хьалха Мисара деша яхана хилла Турсун, циггахь маре а яхана иза. 2015-чу шарахь зудчо сацам бина Китайхь бисинчу шен гергарнаш болчу хьажа-хIотта яха. Даймахка цIакхачарца иза дIалаьцна Iедалша, бераш дIа а дохуш. Читать дальше...

Шема хьажийначуьра юхавеана 400 гергга Нохчийчуьра эскархо

Radiomarsho.com 

Шемахь шена ханна къастийна тIеман декхар кхочуш а дина, цIаеана Къилба гонан тIеман полицин Нохчийчуьра батальон, хаамбо ТАСС агенталло. "58-чу армера 400 гергга эскархо Шемара юхавирзина Нохчийчу", аьлла Къилба тIеман гонан пресс-гIоьнчас Астафьев Вадима. Мазалкерчу тIеман аэродроме охьабиссийна Шемахь кхаа баттахь гIуллакх дина эскархой. Уьш базбеш, совгIаташ луш, барамаш дIахьа лерина пIерасканна.



"Iедалан партин" позицеш лагIлуш ю Оьрсийчохь

Radiomarsho.com 

"Цхьааллин Оьрсийчоь" партигахьа а, цунна духьал а болчу бахархойн терахьаш герга ду вовшашна, боху ша бинчу талламан жамIехь "Левада-Центро". 47 %-на гарехь, тоаме бу партино бохьу пайда, 44% - реза яц. Оьрсийчоьнан бахархойх 65% къобалбо Путинан а, "Iедалан партин" а болх. Ткъа Путинна резабоцучу нахах 83 проценто аьлла шаьш реза дац "Цхьааллин Оьрсийчоь" партино бечу балханна, билгалдоккху социологаша. Ши бутт хьалха чекхбевллачу харжамашкахь "Iедалан парти" эшна пачхьалкхера хьал талхар бахьана долуш... Читать дальше...

Нохчийчоьнца бинчу бертанна резабоцурш тидаме оьцуш бу ГIалгIайчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнний, ГIалгIайчоьнний юкъара доза къастош бинчу бертанна духьалболучийн дозалех лаьцна информаци гулъеш ду ГIалгIайчоьнан Iедал, хаамбина бакъоларъяран  "Машр" юкъараллин куьйгалхочо Муцольгов Мохьмада. "Кавказский узел" сайтерчу шен блогехула бакъоларъярхочо доьху Оьрсийчоьнан Талламан комитете и информаци таллар, низамца и барамаш мел богIу къастор. Ши бутт хьалха Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а Iедало вовшийн территорийн доза билгалдоккхуш бертан кехат хIоттийра. Оцу документна реза... Читать дальше...

Порошенко: Дуьненаюкъарчу кхеле арз кечдеш ю Украина

Radiomarsho.com 

Керчан гечонехь Оьрсийчоь тIелатарх лаьцна Цхьанакхеттачу къаьмнийн организацин Дуьненаюкъарчу кхеле арздан йоллу Украина. И хаамбина президента Порошенко Петра ICTV телеканалехула. Бахначу беттан 25-чу дийнахь дIалецначу Украинан хIордхоша ца дохийна дуьненан цхьа а низам, Iаьржа хIорда тIерачу юкъарчу акваторехь тIелеттарг ю Оьрсийчоь, элира Порошенкос. ДIалецнарш кхачабойла дац Оьрсийчоьнан кхела кIел, уьш агрессица лецна тIеман йийсархой бу, Женевехь тIеэцначу конвецица а догIуш. "Дерриг а дуьнено къахьега деза" лецнарш цIехьаберзош а... Читать дальше...

Чехин къайлах сервис: Оьрсийчоьно кхерам бохьу махканна

Radiomarsho.com 

Стохка кибер-тIелетарш дина Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша Чехин арахьарчу гIуллакхийн министраллина. Оцу хьокъехь боху Чехин кхерамзаллин а, информацин а Урхалло ша шарахь цкъа бечу хаамехь. Динчу жамIашна тIе а тевжаш, терроран а, тайп-тайпанарчу зуламхойн а организацешкарчул дукха Оьрсийчоьно талхайо шайн пачхьалкхан кхепе. Кибер-тIелетарш дарал совнах, Атлантикан альянс а, Евробарт а малъеш йолу "гибридан стратеги" ю Чехина тIехьажийна, боху Урхалло. Дуьйцург ду шпионалла лелор, махкара коьрта компанеш... Читать дальше...

БуьритIехь машен тоьхна полисхочунна тIе

Radiomarsho.com 

Оршоьтан сарахь БуьритIехь, гIалин йистехь, нах некъах чекхбовлучу асанаш тIехь полисхочунна тIе машен тоьхна, хаамбина Къилбаседа ХIирийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин пресс-гIоьнчалло. Некъан инспекторша диллина хадечу "Барбашово поле" олучу мемориалан комплексна уллехь нисбелла бохам. Полисхо, йина юккъерчу барамехь чевнаш а йолуш, кхачийна Республикан клиникан лазартне. Iедалхо а лазийна, ца соцуш дIаяхана "Тойота" лохуш бара полисхой. Машен тIе а тоьхна, къайлаваьлларг, карийна вац цкъачунна.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *