Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Декабрь
2018

Новости за 13.12.2018

Шемарчу тIемалошца уьйраш латтийна нохчо лаьцна Полшехь

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра вахархо лаьцна Полшин чоьхьарчу кхерамазаллин агенталлан белхахоша. Цуннна бехке дуьллуш ду "Исламан пачхьалкх" тобанца уьйраш латтор. Полшин кхело бакъо елла иза талламан изоляторехь латто 3 баттахь. Меттигерчу лерринчу сервисаша дийцарехь, Iаьльви А. цIе йолу и стаг тIемалойн могIаршкахь тIом бина ву Гергарчу Малхбалехь. Полшех вехаш а волуш, цо уьйраш латтош хилла тIемалошца.

Росгвардино Несарахь вийна Хашагульгов дIавоьллина Слепцовскехь

Radiomarsho.com 

Несарахь "Ковчег" махбаран центрана хьалха вийна юкъарраллин жигархо 31 шо долу Хашагульгов Муслим дIавелла гергарчаьрга еарин дийнахь сахьт даьллачул тIаьхьа. Иза дIавоьллина Слепцовскерчу кешнашкахь. "ФортангаORG" сайто яздарехь, Хашагульгов хехо болх беш вара "Ковчег" махбаран центрехь, юрист санна иза мехаза гIо деш вара меттигерчу бахархошна. Цуьнан дас Хашагульгов ТахIира дIахьедар дина, шен кIант политикана юкъагIерташ а вацара, цунна цхьаммо а кхерамаш а ца тийсинера аьлла, яздо Кавказский узело. Читать дальше...

Шемарчу тIемалошна гIо дина нах лецна ФСБ-но

Radiomarsho.com 

ФСБ-н а, Талламан комитетан а белхахоша Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а, Дагестанехь а, Москох а 7 стаг лаьцна, "Исламан пачхьалкх" а, "Джебхат-ан-Нусра" а тобанашна ахча лахьорна шеко йолуш.

"Исламан пачхьалкхана" ахча гулдарна шеко йолуш 7 стаг лаьцна ФСБ-но

Radiomarsho.com 

ФСБ-н а, Талламан комитетан а белхахоша Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а, Дагестанехь а, Москох а 7 стаг лаьцна, "Исламан пачхьалкх" а, "Джебхат-ан-Нусра" а тобанашна ахча лахьорна шеко йолуш. РИА Новости агенталло бинчу хаамца, цу операцехь дакъалоцуш хилла Росгвардин эскархой а. Низамаш лардон органаша дийцарехь, цу наха Шема хьажийна 38 миллион сом. Болчу хамца, ГIура-беттан 10-чу дийнахь лецначу нехан хIусамашка хьовсуш талламхошна карийна дуккха а банкийн картанаш а, Iедалшна гергахь экстремизман чулацам болу литература а... Читать дальше...

Нохчашна тховкIело ца яларна Литвана гIуда тоьхна Страсбургерчу кхело

Radiomarsho.com 

Францерчу Страсбургерчу Европан адамийн бакъонашкахула кхело Литва бехке йина Нохчийчуьра бедда тховкIело йоьхучу доьзалан бакъонаш йохорна. Цунах лаьцна хаам "Кавказский узело". 2017-чу шарахь бIаьста 7 стагах лаьттачу нохчийн доьзало кхузза дехар дина хилла Литван Iедалшка, шаьш цу махка чудитахьара бохуш. Амма хIораза а церан дехар юхатоьхна цу пачхьалкхан Iедалша. ЦIарца вуьйцуш воцчу пхеа беран дас дийцина Страсбургерчу кхеле, Нохчийчохь ницкъаллин структурийн белхахоша ша хьийзорах лаьцна. Читать дальше...

Нохчочо къевсина Deutsche Welle материалана репост ярна Германехь шена гIуда тохар

Radiomarsho.com 

Германерчу Аугсбург гIалан кхело 1125 евро барамехь гIуда тоьхна Нохчийчуьра схьаваьллачу Абдурахманов Мухьаммадана (цуьнан ваша Тумсо ву вевзаш волу блогер), "Немцойн тулгIе" (Deutsche Welle) портало "Исламан пачхьалкх" тоба хьехош кечйинчу материалана репост ярна. Цуьнан адвокато Кюнне Йоханнас къевсина и сацам, иза цхьа а доцург ду аьлла, хаам бо Deutsche Welle-с. Юристана хетарехь, Абдурахмановс динарг хьокъехь кхело бина сацам кхераме масал ду. Цо дийцарехь, суьдхочо тидаме ца эцна цу стага... Читать дальше...

Москох йогучу хIусамера шина нохчочо кIелхьаръяьккхина йоккха стаг

Radiomarsho.com 

Петарах цIе летта хилла Москохан къилба-малхбенехь. ТIекъелдинчу цIенна уллех волучу шина нохчочунна гина и сурт. И шиъ ву Джанаралиев Iайнди а, Вазарханов Балатхан а. Цу шиммо дийцарехь, цу петаран чуьра мохь хилла хезаш. Орцанхой схькхачаре ца хьожуш, чуиккхинчу цу шина жимачу стага, когаш а, куьйгаш а лаьцна, аратакхийна хIумакхоллучу чохь цIаро йийсаре лаьцна хилла йоккха стаг. Цу хиламах лаьцна дийцина Москох «360» телеканало. Жима ши стаг жигара хьовзарна велла а, лазийна а стаг воцуш дIадирзина хилларг.

Ток ялар меттахIоттийна Нохчийчуьрчу кхаа кIоштахь

Radiomarsho.com 

100 эзар гергга стаг ток йоцуш висинера Нохчийчуьрчу кхаа кIоштахь.  Оьрсийчоьнан энергетикан министраллан аналитикан центро бинчу хаамца а догIуш, тIе йогIуш ток йоцуш дисина дара Соьлж-ГIала - ГРП-110 а, Плиево – СемаIашка а, СемаIашка - ГРП-110 а олу онда ток лела серий. Цу кепара электросерлонах кхачо ялуш яцара ТIехьа-Мартанан а, Соьлжан а, Хьалха-Мартанан а кIошташкахь. ТIаьххьара болчу хаамца ток ялар юхаметтахIоттийна.

100 эзар гергга стаг ток йоцуш висина Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

100 эзар гергга стаг ток йоцуш висина Нохчийчуьрчу кхаа кIоштахь. Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан энергетикан министраллан аналитикан центро. Цу хаамца а догIуш, тIе йогIуш ток йоцуш дисина Соьлж-ГIала - ГРП-110 а, Плиево – СемаIашка а, СемаIашка - ГРП-110 а олу онда ток лела серий. Цу кепара электросерлонах кхачо ялуш яц ТIехьа-Мартанан а, Соьлжан а, Хьалха-Мартанан а кIошташкахь. Ток ялар меттахIотторан белхаш бу дIахьош.

Ши стаг вийна Росгвардин эскархоша Несарахь

Radiomarsho.com 

Несарахь эккхийтар дина "Ковчег" йохкаэцаран хIусаман гергахь. Низамаш лардочу органаша бинчу хаамца, вевзаш воцучу шина стагах цхьаммо граната кхоьссина Росгвардин эскархошна тIе. Дуьхьала герзаш тоьхна и шиъ вийна. Дийцарехь, террорхой хила мега аьлла и ши стаг лаца гIоьртина хилла ГIалгIайчу баьхкина Росгвардин эскархой. Граната эккхар бахьана долуш царах шиъ лазийна. Цхьаболчу хаамашца, и шиъ сихонца дIакхачийна Москох клинике.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *