Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Декабрь
2018

Новости за 09.12.2018

ГIалгIайн могушаллин министро дов къастийна

Radiomarsho.com 

Инстаграмехь комментари йитиначуьнца дов къасто еана ГIалгIайчоьнан могушалла Iалашъяран министр Арапханова Марем. Видео даханчу шоьтадийнахь Iораяьккхинера "Mash" агенталло шен телеграм каналехь. Хьостано дийцарехь, меттигерчу клиникан лоьрийн алапаш цаьрга дIа ца кхочу масех бутт бу. Ткъа ахча ду могшалла Iалашъяран министраллан чу йийбарш эца хьежош. Оцу хьокъехь йоза дитинера меттигерчу вахархочо. Йийбар эцар, Москохарчу хьешашна хьалха хIоттон кечъеш кеп ю министран, аьлла, комментари йитинера... Читать дальше...

Доьзалхочунна тIехь Iазап латтийна да кхеле хIоттийна Соьлжа-ГIалахь

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIалара вахархо бехкево, шен 13 шо долчу йоIана хаддаза етташ хиларна, хаамбина прокуратурано. Оцу йоIа доьшучу школерчу хьехархошкара кхаьчна полицига и информаци. "Цхьа кIира а хилла йоI деша ца йогIу, таллам бича гучудаьлла оцу йоIана хIусамехь ницкъбеш хиллийла. Дас даим етташ хилла цунна,ткъа йоI кхоьруш хилла цхьанга дIадийца", -аьлла ницкъаллийн структурашкарчу хьостано "Кавказан узел" агенталле. Бехкзуламан гIуллакх диллина дена духьал, Оьрсийчоьнан Зуламан Кодексан 156-чу артиклца а догIуш. Читать дальше...

Хиллачу бохамна бехке Шела кIоштан хьаькам вац бохучух ца теша бахархой

Radiomarsho.com 

Зуда а, бер дуьйш, цаьрца хилла машенлелорхо дарбан цIийне а кхачош, Соьлжа-ГIалахь хиллачу некъан бохамна бехке Шела кIоштан куьйгалхо, Кадыров Рамзанан шича Ибрагимов Турпал-Iела вац, цуьнан маьхча хилла алар, шеконашца тIеэцна махкарчу бахархоша. Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло цIе яьккхинера хиллачу инцидентехь бехкеволчун, цунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийна аьлла, билгалдоккхуш. "Кавказан узел" агенталле дийцина махкахоша, шаьш тешна хиларх, куьйгбехкениг Кадыровн шича хилар... Читать дальше...

Оьрсийчуьра рэперш Нохчийчу концерт яла кхайкхина Кадыровс

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьра рэперш Нохчийчу концерташ яла кхайкхина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, регионехь царна иллеш ала тIех дика майданаш хилар билгалдоккхуш. Оьрсийчоьнан масех регионашкахь тIаьххьарчу кIиранашкахь юкъахъяьхна цхьа могIа кху заманан иллиалархойн концерташ, доккхачу декъанна, Хаскин (Кузнецов Дмитрий), Элджейн (Узенюк Алексей), IC3PEAKи "Френдзона" группан а. Хаскина гIоьнна "Я буду петь свою музыку" аьлла, концерт елира оьрсийн рэперша Бастас (Вакуленко Василий ), Oxxxymiron-а (Федоров Мирон), NoizeMC (Алексеев Иван). Читать дальше...

Мутко Виталийгара бехкбаьккхина Кадыровс

Radiomarsho.com 

Социалан машанашкахь видео яьржина, Нохчийчонан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бехкбоккхуш Оьрсийчоьнан вице-премьер волчу Мутко Виталийгара. Бахьана ду - Соьлжа-ГIалин 200 шо кхочуш хIоттийначу бараме иза цавар. "Инвестируй Каквказ" бизнес-форум йоьдучу юкъанна дина ду цо и дIахьедар. Нохчийчоьнан коьртачу шахьаран 200 шо кхачар даздар Оьрсийчоьнан президенто тIечIагIдина дара, вице-премьер Мутко Виталий оргкомитетан куьйгалле а хIоттош. ХIетте а хIоттийначу тойне ца веана ша Мутко аьлла, шен резавацар дIахаийтина Кадыровс. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *