Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Декабрь
2018

Новости за 23.12.2018

Индонезехь цунами гIаьттина велла 222 стаг, лазийна 800

Radiomarsho.com 

Индонезехь цунами иккхина, тIаьххьарчу хаамшца, велла мел лахара а 222 стаг. ТIепаза вайна лоруш ву 30 гергга вахархо. 800 чевнаш йина, хаамбина меттигерчу орцан министралло. Мохкбегийна, Суматра а, Ява а гIайрийн хийистошна тIехьаьдда цунамин тулгIенаш, чIагIдо говзанчаша. Зенаш хилла туристийн кIошташкахь а.  Оцу заманчохь пляжехь концерт луш хиллачу Seventeen музыкан тобан масех декъашо а велла. Белларш кхин а дукха хиларна саготта бу Iедалхой, орцанхой хIинца а тIекхаьчна бац зен хиллачу дуккхаъчу кIошташна. Читать дальше...

ГIаттамхошца уьйрашкахь хилла аьлла, кхел йина Нохчийчуьрчу вахархочунна

Radiomarsho.com 

ГIаттамхошца юкъарлонаш лелийна аьлла, бехкевинчу Нохчийчуьрчу 40 шо долчу вахархочунна дуьхьал долийна гIуллакх теллина Грозненск кIоштан кхело. Талламчийн информацица, 2012-чу шарера 2014-чу шаре кхаччалц гIо латтош хилла бехкевечо гIаттамхошна Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанаш тIехь. ГIоьналла латтийна цо, дийцарехь, гIаттамхой дIасалелачу заманчохь транспорт хуьлуьйтуш а, кхача а, молханаш тIекхоьхьуш а. Нагорное олучу эвлахь герзан хIоьънех ларвала тIамехь ен чIагIо тоян Iалашонца 2013-чу... Читать дальше...

Саратова: Я гIо де тхуна, я паргIат дита тхо

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу бакъонашларъярхочо Саратова Хедас диллина кехат яздина ОБСЕ-н цIарах. Меттигерчу хаамийн гIирсаша зорбане даьккхина иза. "ГорхIоьттинчуьра Нохчийчоь хьалагIатта гIертачу юкъанна (тIамо йина чевнаш хIинца а ерзанза юьсу), цуьнца гома болчу наха, эхь-бехк ца лоьруш, юха а иза хоттала йолла хьийза. Ма дийца доцург, бакъонашларъярхой а, журналисташ а республикехь болх бан ца буьту бохуш. Кхузахь ца лору, эхь дайна, "со массарел а лакхара ву" бохуш, лела нах. Хатта лаьа суна центрерчу сайн коллегашка... Читать дальше...

Ша илли дика олуш хиларх дIахаийтина Кадыровс (видео)

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо билгалдаьккхина, ша дика илли олуш хилар а, бераллехь дуьйнна иллеш алар дезаш хиларх а. "Москва 24" телеканалан "Важная персона" программехь дина цо ишта дIахьедар. "Ас дика олу илли. Бакъдерг аьлча, рэп алар ца нисло сан. Жимчохь дуьйнна дукхадезра суна иллеш. Тахана а дагахь ду суна айса "Три танкиста", "В лесу родилась елочка" эшарш лакхар. Ишта-м дика локху ас", - аьлла, дийцина Кадыровс. Стохка гурахь интернетехь яьржира, Кадыровс нохчийн блюз "дIаолуш". Ишта... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *