Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Декабрь
2018

Новости за 08.12.2018

Москох кхелхина бакъонашларъярхо Алексеева Людмила

Radiomarsho.com 

Шоьтан суьйранна кхелхина 92 шо долу бакъонашларъярхо, Москохарчу Хельсинкин группан куьйгалхо Алексеева Людмила. Оьрсийчоьнан президентехула адамийн бакъонаш ларъечу Кхеташонан урхалчас Федотов Михаила бина цунах хаам, Москохарчу 15-чу дарбан цIийнан коьртачу лоьран информацина тIе а тевжина. ПIераскандийнахь а кхетамехь йолуш, шен гIоьнчана дан дезарг а хьоьхуш хилла иза, Федотовс дийцарехь. 1927-чу шарахь Евпаторехь йина яра Алексеева. Москохарчу пачхьалкхан университетехь историн факультет а... Читать дальше...

ГIалгIайн тайпанийн Кхеташо: латта я вежаралла

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчоьнна а, Нохчийчоьнна а юкъара доза ШариIатан кхелехь къастор хьехна пIераскандийнахь Нохийчуьрчу Iедалхошна гIалгIайн къоман тайпанийн Кхеташоно, шина къоман юкъаметтигаш цунах гIоьртина хилар, билгалдоккхуш. Оьрсийчоьнан Конституцин кхело низамца богIуш лору Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а доза къастош шина мехкан куьйгалхоша тIеэцна сацам. Оцу маьIнехь жамI дIакхайкхорца ерзийна дозан хьокъехь ши кIира хьалха ладегIарш дIадахьна кхел цуьнан куьйгалхочо Зорькин Валерийс дахначу еаридийнахь. Читать дальше...

Оьрсийчуьрчу 6 хьоладена дуьхьал санкцеш йохуш ю Великобританис

Radiomarsho.com 

Солсбери гIалахь хилла инцидент бахьана долуш Лондоно санкцеш тухуш ю Оьрсийчохь гоьбевллачу хьоладайшна. Оцу хьокъехь Британин къайлахчу сервисаша кечдина тептар къобалдина Великобританин премьер-министро Мэй Терезас. "Интерфакс" агенталло яздо цунах, Британин The Daily Telegraph газетана тIе а тевжаш. Тептаре язвина Абрамович Роман, Дерипаска Олег, Усманов Алишер, Ротенберг Борис а, Аркадий а. "Великобританехь а, Европехь а, кхечу пачхьалкхашкахь маьршша дIасалела а, болхбан а царна дехка Iалашонца хIоттийна и тептар"... Читать дальше...

Нохчийчохь лазийначу полисхочун гIуллакх шен тергоне эцна Башкирерчу министро

Radiomarsho.com 

Башкортостанерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министро Деев Романа шен тергоне эцна, Нохчийчохь чолхе чевнаш йинчу, иза заьIапхо хиларан группа кхи дIа тIе ца чIагIйинчу полицин хиллачу белхахочун Шаймуратов Азатан гIуллакх. Министраллан пресс-гIуллакххоша Iорадаккхарца, ТАСС агенталло шоьтадийнахь бина хIара хаам. Прессано яздарехь, 2016-чу шарахь бIаьста чоьхьарчу министраллан декъан белхахо хилла Шаймуратов Азат а, цуьнан пхи накъост а лазийра Нохчийчохь ханна декхарш кхочушдан хьажийначу заманчохь. Къаьсттина чолхе хьал хиллера Шаматовгахь. Читать дальше...

Граната лелорна таIзар дина Соьлжа-ГIаларчу вахархочунна

Radiomarsho.com 

Цхьа шой, ах шой колонехь яккха хан тоьхна Нохчийчуьрчу вахархочунна, РГД олу граната а йоккхуш цуьнгара. Талламчийн информацица, Соьлжа-ГIалахь эцна хилла цо и граната. ГIадужу-баттахь полисхошна каравеанчу цунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийна Оьрсийчоьнан бехктакхаман кодексан 222-чу артиклца (эца а, ларъян а, лело а бакъо йоцуш оьккхуьйту гIирс Iалашбарна) аьлла, дийцина "Кавказан узел" агенталле Талламан комитетерчу хьостано. ПIераскандийнахь Соьлжа-ГIаларчу Заводской кIоштан кхело 1... Читать дальше...

ФСБ: Украинера хIордхой - йийсархой бац, Украинана а. Оьрсийчоьнна а юкъахь тIом бац

Radiomarsho.com 

Байначу беттан 25-чохь Iаьржачу хIорда тIехь дIалецначу украинхойн тIеман кеманаша Керчан гечонехь доза дохийнера аьлла, дIахьедо Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша. Шоьтадийнахь брифингехь ФСБ-н векалша дIакхайкхийна, Украинерчу хIордхоша хьалххе хаам ца бинера шайга, шаьш гечонехула дехьа довлуш ду аьлла. Цул совнах, украинхойн тIеман катерш кийча хиллера тIамна аьлла къайлахчу сервисаша. Керчан тIайна дуьхьал Украинерчу кеманаша цхьа провокаци ярна кхоьруш, инцидент хиллачу дийнахь дехьадовлийла дIакъевлинера шаьш аьлла ФСБ-н векалша. Читать дальше...

Амнисти кхайкхоре сатуьйсуш бу тутмакхаш

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Конституцин 25 шо кхочу кху беттан 12-чохь. Цу дийнахь кхайкхочу амнистига сатуьйсуш бу дуккха а тутмакхаш. Адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан векалша инициатива кховдийна, цу дийнахь амнисти йийр ю аьлла хеташ. Оьрсийчоьнан президентехула адамийн бакъонаш ларъечу Кхеташонан урхалхочо Федотов Михаила хьехна цу дийнахь зуламаш динарш а юкъабахийтар амнистина. Президентан Путин Владимиран  цIарах лерина дехар дан дагахь бу цу хьокъехь Оьрсийчохь болх бен бакъонашларъярхой. Билгалдаккха догIу... Читать дальше...

ТIемало вара иза аьлла, стаг вийна Дагестанехь

Radiomarsho.com 

Дагестанан Эндирей олучу эвлан гонашкахь тIемало ву аьлла, стаг вер - кху шарахь хилла 4-гIа инцидент ю аьлла, хьесап дина  "Кавказан узел" агенталло. ПIераскандийнахь герзаца волу стаг вийра ницкъахоша Хаси-Юьртарчу Эндирейн гергахь дIаяьхьначу леринчу операцехь. Структурашкарчу хьостано даредарца, "эндиреевхойн" тобан тIаьххьара декъашхо вара иза. Цул хьалха ГIадужу-беттан 13-чохь хилира цхьа инцидент. Эндирейхь цхьана цIийнах хьовсучу заманчохь чевнаш йира полисхочунна. Герз деттачу хIусамна го а лаьнца... Читать дальше...

"ТIулг санна аьрта" вара пачхьалкхан секретарь лаьттина Тиллерсон аьлла Трампа

Radiomarsho.com 

Пачхьалкхан хилла секретарь Тиллерсон Рекс "тIулг санна аьрта" а ву, "воккха малонча" а ву аьлла Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президенто Трамп Доналда. Цо бахарехь, Iамеркан дипломатин урхаллехь волчу стагна оьшу амалш яцара Тиллерсонан. ХIинца волчу пачхьалкхан секретара Помпео Майка бечу балхах дозалла до ша аьлла Трампа. ПIераскандийнахь CBS канална еллачу интервьюхь Тиллерсон Рекса дIахьедира, шен Трампца юкъаметтигаш телхина, шаьшиннан мехалаллаш кеп-кепара хиларна аьлла. Ша масийттазза президенте дIахоуьйтура... Читать дальше...

Чехин репортеро Нохчийчуьрчу тIамах язйина книга ешар тIедиллина Варшаверчу кхело

Radiomarsho.com 

Варшавехь бусулбачу зудчунна тIелатар динчу Полшин вахархочо еша еза Чехин тIеман репортеро Прохазкова Петрас Нохчийчуьрчу тIамах лаьцна язйина книга. Ишта сацам тIеэцна Варшаверчу кхело кху кIиранах. Цул совнах, набахтехь баккха биъ бутт хан а кхайкхийна суьдхоша полшхочунна. Дахначу шеран гурахь тIелатар динера Б.Камила бусулбачийн духарца йогIучу жимчу зудчунна, шена тIехь терго латтайора цо аьлла. Ткъа кхелехь зудчо латкъамбинера, шена уллохула тIехволучу Камила, Мухьаммад Пайхамар аьшнашвеш, дешнаш аьллера шега аьлла. Читать дальше...

Мисарахь лецна гIалгIай ледарчу хьолехь латтош бу аьлла церан гергарчара

Radiomarsho.com 

Кху шеран Марсхьокху-баттахь Каирехь лецна гIалгIайн студенташ тIулгийн чоьнаш чохь, буха яхка гоьнаш а йоцуш, чомахь юург а ца луш латтош бу аьлла, "Кавказан узел" агенталле латкъамаш бина лецначу кегийрхойн гергарчара. Цхьана а кепара реакци а йоцуш арахьарчу гIуллакхийн министралло тесна дитина гергарчийн кехат. Церан балхана тIехь шаьш терго латтор ю аьлла, тIелаьцна Путинан администрацехь. Маршо Радионо яздира, байначу беттан 7-чу дийнахь дийца даккхарх ГIалгIайчуьра пхи студент Мисарахь лаьцна, вигина аьлла. Читать дальше...

Некъан бохамехь хилларг Кадыровн шича вац аьлла, дIахьедина Iедалхоша

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло цIе яьккхина, Соьлжа-ГIалахь нах бойуш хиллачу инцидентехь бехкеволчун. Шела кIоштан администрацин куьйгалхо, Кадыров Рамзанан шича Ибрагимов Турпал-Iела ца хилла иза, цуьнан маьхча ву, бехкзуламан гIуллакх а долийна цунна дуьхьал аьлла, дIахьедина министраллехь. "Кавказан узел" агенталло хаттам бинчу политологашна хетарехь, Iедалхойх тешам бацарана, бахархоша бехкевина Шела кIоштан хьаькам. Маршо Радионо яздира, социалан машанашкахь махкахоша йозанаш дитарх... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *