Нохчийн 7 шо долу йоI йийначу кIентан довхатта долийна Венехь
Венехь лулара йоI йийна аьлла, бехкевинчу К. Робертан кхелан процесс йолаелла аьлла, хаамбо "Кавказ.Реалиин" корреспонденто. Леринчу полисхойн декъан белхахоша гоне а верзийна, гIагIанца чIагIдина духар а долуш кхеле хIоьттина вара ша кIант. Цунна тIелатар дарна кхоьру Iедалхой. ВорхI шо долу йоI ша йийна аьлла, тIелаьцна Роберта. Цо ма-дарра охьадийцина, Стигалкъекъа-беттан 11 чохь хиллачух. Цо бахарехь, Хадижат са чохь яцара, лулара Рафаэль цIе йолу кIант хIара волчу хьошалгIа веача. Хиллачух кхетта иза, кхеравеллера. Читать дальше...