Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Март
2020
1 2 3 4 5 6
7
8
9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 13.03.2020

Регионашкахь пикеташка буьйлу Конституци хийцийта резабоцурш

Radiomarsho.com 

Север.Реалии   Цхьалха пикеташ лаьтта Оьрсийчуьрчу регионашкахь. Церан декъашхой реза бац Конституци хийцийта, Путин Владимирна президентан даржехь Iан мега хан дIаяхъяйта. Оьрсийчоьнан къилбаседанехь а, малхбалехь а лаьтта хьал довзуьйту Петебургехь, Вологдехь, Псковехь, Архангельскехь, Калининградехь хиллачу Север.Реалиин корреспонденташа. Петербург Конституцин хийцамаш къобалбинчу гIалин парламентна хьалха могIарахь лаьттара пикетна рагI лаьцна нах. 7 стаг вигина царех полице. Ткъа «Цхьаьнакхетта демократаш»... Читать дальше...

"Дика лараелла шена къастийначу Iалашонца". Терешкова стенна хаьржина Путина

Radiomarsho.com 

Крутов Марк,                                                                                                                 Маршо Радио,                                                                                                                Оьрсийн сервис Оьрсийчохь кху кIиранан турпалхо ю Путин Владимиран президенталла «ноль тIегIане даккха» аьлла Пачхьалкхан Думин депутат Терешкова Валентина. Конституцин хийцамашка дилла деза Путинна, иза дуьххьара хоржуш санна, президентан даржехь виса магар, элира цо Думин кхеташонехь. Читать дальше...

Полицино лаьцна дIавигина, 15 шо набахтехь а даьккхина, кху деношкахь араваьлла Масхадовн накъост

Radiomarsho.com 

15 шо а даьккхина, набахтера араваьлла Нохчийчоьнан президентан Масхадов Асланан накъост хилла Мурдашев ВахIид лаьццна полицино. 4 де ду иза Гуьмсан-кIоштарчу полицин декъехь чувоьллина латто. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиига хаам бина республикерчу хьастано. Цо дийцарехь, полисхоша гергарчаьрга аьлла иза "къамел дан" дIавуьгу шаьш аьлла: "Иза полицехь латтош волу 4-гIа де ду. Гергарчаьрга дуьйцу цара цунна етташ а яц, хьийзош а вац, къамелаш а деш вуьтуш ву, бохуш. ХIун дуьйцур ду стагца оццул ехачу хенахь? Читать дальше...

"ВЭБ.РФ" корпорацино 339 944 589,94 сом схьадоьхуш кхеле делла Нохчийчуьра Iедал

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу Арбитражан кхело Зазадоккху-беттан 19-хь къасто болор бу "ВЭБ.РФ" пачхьалкхан корпорацино Нохчийчуьрчу Iедалга бина лехам, яздо Кавказ.Реалиино.   "Iедал юкъарахилар а долуш, делла декхар схьадаккхаран" лехам беллера корпорацино стохка Лахьанан-баттахь. Цо схьадоьхург ду 339 944 589,94 сом. Цу гIуллакхехь кхоалгIа агIо ю Нохчийчоьнан финансийн министралло а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун а, Iедалан а администрацино а Iуналла дон инновацин технопарк "Казбек", хаам бо "Регнум" агенталло.

"ХIунда вац со боьрша стаг?": Дагестанерчу зударийн йоцчу бакъонех

Radiomarsho.com 

"Дагестанхойн нана Тереза" олура цунах массара а. Лаьмнашкарчу юьстахчу эвлахь дуьненчу яьлла яра Магомедова Iайшат. Ширачу Iадаташлахь ша кхиъна йоллушехь, ца хилира цуьнах муьтIахь зуда а, нана а. Медицинан лаккхара доьшийла чекхъяьккхинчу цо, шен дахар дIаделира ша санначу Дагестанерчу зударшна. Бакъо йоцчу. Божаршна хьалхара бецачу. Доьзалехь 5-10 бераш лелочу. Могушалла тесна йитарна, хенал а хьалха лечу. "Церан а бара лаамаш" аьллачу кино чохь ша Iайшат ца го шуна. Амма ган таро ю, цо гIо дина, кIелхьарабаьхнарш. Читать дальше...

Нурмагомедов а, Фергюсон а латар тIаьхьататта мега

Radiomarsho.com 

UFC чемпионатан президенто Уайт Дэйнас дIахьедар дина, Нурмагомедов  Хьабибан а, Фергюсон Тонин а латар ца хила мега корнавирсун ун даржарна аьлла. Нью-Йоркан губернаторо Куомо Эндрюс Зазадоккху-беттан 13-хь дуьйна дихкина 500 сов стаг гуллон мероприятеш вовшахтохар. И бахаьана долуш UFC-н куьйгалхойн ши вариант ю хIоьттинчу хьолах хаьладовла: чохь хьовсуш нах а боцуш, турнир дIаяхьа я иза дехьаяккха дуккха а адамаша дакъалоцу мероприятеш дIаяхьар дихкина доцчу Невада штате.

7 стаг ву Нохчийчохь каронавирус бахьанехь могушчарах дӀакъастийна

Radiomarsho.com 

Таханлерчу денна коронавирус кхетта стаг гучуваьлла вац Нохчийчохь, хаам бина республикерчу могашаллан министро Сулйманов Эльхана. Оццу хенахь Нохчийчоьнан коьрта эпидемиолого Муртазалиева Асета бинчу хаамца, 7 стаг ву махкахь и ун даьржинчу пачхьалкхашкахь хиларна карантинехь. Царах 3 дIадаханчу кIиранах хилла Италехь, важа 4 хилла Къилбан Корейхь. Муртазалиевас дийцарехь, царах 5-нна цкъачунна цомгуш хиларан билгалонаш гучуевлла яц. Висинчу 2-н хьал толлуш ду хIинца а.

Урдун: Коронавирусна дуьхьал - исбаьхьа духар

Radiomarsho.com 

Даьржина лела ун эшош юху бедар а хуьлийла ду хаза, тешна ю Урдунера дизайнер. Официало бахарехь, цкъачунна цхьа стаг бен вац Урдунехь коронавирус кхетта. И терахь хийца ца далийта лаам бу Ал-Заклехь Самиян. Цо ун эшош кхуллу «молха» ду тайна духарш.

Нохчийчохь белхеш баран ламаст дендан дагахь ву муфтий Межиев

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь белхеш бар юха а юкъадаккха деза аьлла, дIахьедар дина республикерчу муфтийс Межиев Салахьа-Хаьжас. Ша куьйгалла дечу динан урхаллан кхеташонехь цо и гIуллакх вовшахтохар тIедожийра кIоштийн къеданашна. Дукха хенахь дуьйна нохчашна юкъахь хилла белхеш оьшуш бу аьлла хета Межиевна маьдигашкахь а, царна гонаха а, зиярташкахь а, гIаланашкахь а кхин йолчу адамаш дехачу меттигашкахь а цIано латто.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *