Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Март
2020
1 2 3 4 5 6
7
8
9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 25.03.2020

Коронавт Путин. Президент Коммунарке вахарх боьлу нах

Radiomarsho.com 

Пономарева Аля,                                                                                                        Маршо Радио, оьрсийн сервис Москвана гергахь лаьттачу Коммунарка юьрта, коронавирус кхетта нах чубехкинчу карантинан центре вахана шинарийдийнахь Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир. Уьнах ларлуш, можа бедар йоьхна иза гайтинчул тIаьхьа, дуккха а беламе къамелаш, суьрташ даржийна наха интернетехула. ХIун карийна царна бела? Кремлан пресс-векалто видео яржийна Путин, уьнах ларвен можа комбинезон а йоьхна... Читать дальше...

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (25.03.2020)

Radiomarsho.com 

Унах ларбала гIерта нохчий а, тIеман къизаллин мах а, зудчунна тIехь лелийна къизалла а (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Уьнал кхерамениг - депортаци

Radiomarsho.com 

Политикан тховкIело ялар юхатоьхна депортаци яре хьоьжу нах цIабахийтар сацийна Европерчу пачхьалкхаша. Цу нахана юкъахь бу Къилбаседа Кавказера бахархой а. Царахь цхьабераш дIахецна депортацин центршкара.

Iарбойн Эмираташкара цIа ван аьтто бац оьрсийн 5 эзар гергга туристан

Radiomarsho.com 

Кеманаш совцорца Цхьанатоьхначу Iарбойн Эмираташкара цIа ван йиш йоцуш висина Оьрсийчуьра пхи эзар сов турист. Оьрсийчуьрчу туроператорийн Ассоциацин директоро Ломидзе Майяс бина цунах хаам. Коронавирус яржарца кхайкхийна карантин бахьана долуш дIатарбала аьтто боцуш бисина туристаш. Эмираташкахь дIакъовлуш ю отелаш а. Ломидзес бахарехь, шайн бахархошна гIодан аьтто бац операторийн, Iедалхой, къаьсттина арахьарчу гIуллакхийн министралла юкъагIорта оьшуш хьал ду цигахь. "Леринчу рейсашца уьш схьа ца балабахь... Читать дальше...

Коронавирус. Яссаелла Истанбул

Radiomarsho.com 

Коронавирус яржар бахьана долуш яссаелла Истанбул. Туристаш кIезиг бу. ДжамаIат ламаз деш бу бусалбанаш паркехь. Фатих маьждигана ха деш бу полицин эпсарш. ДIакъовлуш ю ресторанаш а, туьканаш а, ткъа схьайиллинчарна чувоьдуш наггахь бен стаг вац. ТуьтмIаьжигаш лелош бу Истанбулан бахархой. Сурташ: AFP

Ах миллионе кхочуш ду ун кхеттачийн терахь. Коронавирусан центр хуьлуш лаьтта Цхьаьнатоьхначу Штатех

Radiomarsho.com 

Хопкинсан Университето даладо коронавирусо лаьцначу нехан терахь – 422 эзар стаг. Товелла таханенна 108,5 эзар. Массанхьачул дукха бу ун кхетта нах Китайхь – 81,6 эзар, шолгIаниг ю Итали – 69,2 эзар, кхоалгIаниг – Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ – 55,2 эзар. Хопкинсан Университето бахарехь, велла дуьнентIехь керлачу уьнах 18,6 эзар стаг. Массарел дукха бу белларш Италехь – 68,2 эзар, цул тIаьхьа ю Китай – 3,3 эзар вахархо, кхоалгIачу меттехь ю Испани: 3 эзар. Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ Дуьненаюкъарчу... Читать дальше...

Вовшашка куьйгаш далар ханна дита аьлла, хьехна Нохчийчуьрчу бахархошна

Radiomarsho.com 

Вовшашка куьйгаш а луш, саламаш далар дита аьлла, хьехна Нохчийчуьрчу бахархошна. Оцу кхайкхамца вистхилла мехкан юкъараллан а, экономикан а кхерамзаллан Кхеташонан секретарь Усмаев Вахьит. Нохчийчохь коронавирусан инфекцица цхьа стаг къаставелла аьлла, карладаьккхина Усмаевс. Цуьнца доьзна куьйг далар цхьана ханна сацаде боху цо. "Инфекцех лардалархьама ас кхайкхамбо шуьга, куьйгаш луш, саламаш ца далар а, шайн ма хуьллу лардалар а. Ишта ас тоьшалла до, мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен ницкъ... Читать дальше...

Къилба ХIирийчохь хIусамдас 11 уьрсан чов йина шен зудчунна

Radiomarsho.com 

11 уьрсан чевнаш йина шен хIусамнанна хIусамехь дов а даьлла, Къилба ХIирийчуьрчу Пригородный кIоштарчу Карц эвлахь вехачу стага. Чолхечу хьолехь дарбан цIийнан реанимаци кхачийна зуда кIелхьаръяккха ницкъ кхаьчна лоьрийн. 52 шо долчу Хасиев Асхапна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх даьккхина. Полисхоша лаьцна, шегара даьллачунна мукIарло а дина цо. Итт шаре кхаччалц хан кхачайо зуламхочунна. Тарло нуьцкъаша иза дарбадан охьавилла а, хIунда аьлча, психоневрологин диспансеран тептарехь хилла ву иза.



Коронавирусца хьал тесна дитинчу губернаторшна таIзар дийр ду аьлла Мишустина

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан премьер-министро Мишустин Михаила дIахьедина, коронавирусца латточу къийсамна терго ца йинчу губернаторшна шога таIзарш дийр ду аьлла. Дарбан хIусамашкахь инфекционан маьнгеш а кечдай, хьолах лаьцна шега хоуьйтуш хила аьлла, тIедиллина цо. "Нагахь санна, губернаторо я профилан министро кхачам боллуш оцу белхан терго ца латтаяхь, цхьа барамаш ца лелийча девр дац тхо, шога жоьпалле ийзор бу уьш. ХIокху кхерамечу хенахь могушалла тесна йита мегар дац", - аьлла Мишустина коронавирусан... Читать дальше...

67 шо долчу Ужахов Малсагах коронавирус хьакхаяларна саготта ву адвокат

Radiomarsho.com 

СИЗО-хь коронавирусан ун дала тарло лаьцна латточу гIалгIайн тайпанийн Кхеташонан куьйгалхочунна 67 шо долчу Ужахов Малсагна аьлла, иза цIера дIасавалар а доьхкуш, дIахецар дехна жигархочун адвокато Куриев Джабраила. Маршо Радионо яздира, стохка Магасехь хIиттийначу митингашкахь дакъалаьцна Ужахов бехкевеш хиларх, Iедалан векалшна дуьхьал ницкъбина аьлла. 2019-чу шеран Зазадоккху-беттан 26-чохь митинг йирзинчул тIаьхьа 150 эзар соьмана гIуда тоьхнера Ужаховна. ТIаьхьо цуьнан адвокатийн ницкъ кхечира 10 эзар соьме барам охьабаккха. Читать дальше...

Нохчийн доьзална €145 эзар охьадилла декхарейина Оьрсийчоь

Radiomarsho.com 

2004-чу шарахь тIеман беракемаца тохарш дина, хIусам йохийначу Нохчийчуьрчу Веданан кIоштара Теза-Кхаьлларчу СулеймановгIеран доьзална 145 эзар евро ахча дала декхаре йина Оьрсийчоь Европерчу адамийн бакъонийн кхело (ЕСПЧ). Страсбургерчу кхелан сайтехь бина цунах лаьцна хааам. Адамийн бакъонаш а, маршо а Iалашъяран Европан конвенцин артикл йохийна Оьрсийчуьрчу Iедалхоша аьлла, сацамбина Европан кхело. 2004-чу шарахь Теза-Кхаьлларчу СулеймановгIеран цIенна ракета тоьхнера. Оцу заманчохь хIусамчохь хиллера СулеймановгIеран кхо доьзалхо... Читать дальше...

Шарна дIатеттина Токиохь хила еза Олимпиада коронавирус бахьанехь

Radiomarsho.com 

Кху аьхка Токиохь дIадахьа лерина хилла Олимпикан ловзарш 2021-чу шаре дIатеттина. Бахьана ду - коронавирусан инфекцин пандемия. Дуьненаюкъарчу олимпикан комитето а (МОК), Токиохь хиндолчу ловзарийн оргкомитето а юкъахь динчу дIахьедарехь бина ишта хаам. МОК-ан сайтехь зорбане даьккхина документ. МОК-ан президенто Бах Томаса а, Японин премьер-министро Абэ Синдзос а бартбина Олимпикан ловзарш дIатоттуш аьлла, билгалдаьккхина дIахьедарехь. ТIедогIучу шарахь Токиохь дIахьур ду уьш, ишта хьалха хилла Олимпикан а... Читать дальше...

Нохчийчохь цхьана вахархочунна коронавирусан ун даьлла хилар тIечIагIдина

Radiomarsho.com 

Кхечу махкара цIавеанчу вахархочух коронавирус хилар официалехь тIечIагIдина Нохчийчуьрчу Iедалхоша. "Хала хеташ делахь а, цхьана стагана коронавирусан ун кхетта. Кхечу пачхьалкхера цIавирзина ву иза. Цуьнан контакт мол хилларш билгалбохуш бу", - аьлла, яздина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен Телеграм-каналехь. Дагадоуьйту, хьалхо могушаллин министро Сулейманов Эльхана дIахьедира, Туркойчуьра юхавирзинчу кхаа стагаца гучуяьлла коронавирус аьлла.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *