Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Март
2020
1 2 3 4 5 6
7
8
9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 19.03.2020

Къилбаседа ХIирийчоьнан парламент резахилла стипендеш дахаран минимуме хьалакхачадайта

Radiomarsho.com 

Студентийн стипендеш тIедогIучу шеран хьалхарчу дийнахь дуьйна Оьрсийчуьрчу дахаран минимумца дIанисдан деза аьлла йолу Пачхьалкхан Думерчу депутатийн инициатива къобалйина Къилбаседа ХIирийчоьнан парламенто. ХIирийн депутаташа дийцаредина гIуллакх Москвахь, Пачхьалкхан Думехь, айдинарг ю «Нийсонан Оьрсийчоь» партин фракци – цо нийса дац аьлла студенташ биллина дай-наноша лучу ахчанна тIехь баха безаш я дешар кIел а дуьтуш, цхьаьнхьа балха лела безаш хилар. 3000 эзар сом гергга ду Оьрсийчохь стипенди. Читать дальше...

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (19.03.2020)

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь дуьххьара стаг велла коронавирусах, Массанхьачул лахара ду алапаш кавказхойн, Шена къоладарна Прокуроро бехкевина прокурор, Оьрсийчуьрчу конституцин хийцамаш балхабо Европан Кхеташоне Урдунерчу яздархочо (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Урдунера нохчий кийча бу коронавирусна дуьхьаллатта

Radiomarsho.com 

Дерриг дуьне а санна, коронавирусо сингаттаме дерзийна нохчийн къам. Ткъа шайн вежарий, йижарий доллучу лаьтта тIехула баьржина хиларе терра, лерг диллина Iа нохчий массо а континенташкарчу хаамашна. Урдунерчу Бено Анвара а, Арслан ТIахIира а довзуьйту Маршо Радион ладогIархошна Урдуно а, цигарчу нохчийн диаспоро а муха йо коронавирусна дуьхьало.

Ставрополехь дуьххьара стаг гучуваьлла коронавирус кхетта хиларх шеко йолуш

Radiomarsho.com 

Духхьара стаг хаавелла Ставрополехь коронавирус кхетта хиларх шеко йолуш. Карантине кхачийна, лоьрийн Iуналлехь ву иза. Дукха хан йоццуш дозанал арахьара цIавеана ву и стаг, карарчу муьрехь лоьраша зуьйш бу цуьнан доьзал, цкъачунна билгалдаьлла дац иза цомгуш хилар, хаамбо шен Инстаграмехь Ставропол мехкан губернатора Владимиров Владимира. "Оха тест Новосибирске хьажийна. Ши де оьшур ду цигарчу "Вектор" центрехь диагноз къастон», - яздо губернатора. Коронавирусах мохк ларбен барамаш гIовттийна Ставрополехь. Читать дальше...

Испанехь гуьржи елла коронавирусах

Radiomarsho.com 

Коронавирусан COVID-19 уьнах Гуьржийчоьнан яхархо елла Испанехь. Оцу хьокъехь хаам баржийна гуьржийн премьер-министран пресс-векало Чиковани Ираклийс. 74 шо хилла зудчун. Коронавирус кхетале а яра иза цхьацца лазарша хьийзош, боху Чикованис. Гуьржийн Iедало гIодийр ду ша аьлла еллачун гергарчарна. 40-нне кхаьчна Гуьржийчохь уьно лецначу нехан терахь. Керлачу пациенташлахь ю 80 шо сов хан йолу йоккха стаг а.

"Башха боьхна хьийзаш бац ХIирийчохь"

Radiomarsho.com 

Кхааридийнахь дуьйна Къилба ХIирийчуьрчу школашкара бераш дIахецна бIаьстенан мукъаденошна, хенал а хьалха. Регионера уггар а яккхийчех йолу Къилба-ХIирийчоьнан пачхьалкхан университет а дистанцехь деша йитина. Дуккха а республикехь хила беза барамаш а юкъахбаьхна. Бакъду, "Аланин" а, "Краснодар-3" тобанхошна юкъара футболан матч хилийтира, 2000 стаг вовшахтоьхна, субъектан куьйгалхочун Битаров Вячеславан кIентан ловзар а санна. "25 кила картолгаш эцна оха, - дуьйцу БуьритIерчу вахархочо Сергейс. Читать дальше...

Оьрсийчуьрчу конституцин хийцамашна дуьхьалояр доьху Европан Кхеташоне Урдунерчу чергазийн яздархочо

Radiomarsho.com 

Башкауи Адела, Урдунерчу юкъархочо, историка, яздархочо, Европан Кхеташонан Парламентан Ассамблее кехат дахьийтина Оьрсийчоьнан конституцин керлачу редакцин хьокъехь. ДIахьедарехь цо боху, Оьрсийчоьнан конституцина юкъабахка кечбинчу хийцамаша низаме йоккху къаьмнийн сегрегаци а, шайн махкашкахь дехачу кегий къаьмнашна дуьхьал дискриминаци а. Цунна гарехь, статусашка доькъуш ду къамнаш, оьрсий кхечу къаьмнел лакха а бохуш. Башкауи Адела доьху Европан Кхеташонан Парламентан Ассамблейга Венецерчу... Читать дальше...

Оьрсийчохь дуьххьара стаг велла коронавирусах

Radiomarsho.com 

72 шо кхаьчна зуда елла коронавирусах Москварчу № 2 йолчу инфекцин клиникехь. Пехийн лазарца кху беттан 13-чу дийнахь кхачийна яра иза лоьрашна тIе, боху пачхьалкхан шахьарахь уьнна духьалоечу оперативан штабо. Юьхьанца зудчунна дарба леладайтина доларчу клиникехь. Ткъа 14-чохь иза дехьаяьккхина инфекцин дарбан цIийне. Зудчуьнгара хьал эшош яра цуьнца хьалха дуьйна а хилла цамгарш, диабет а, деган лазар а, боху лоьраша. Шакъастийна, пехашна хIо латтош, кхабна иза № 2 клиникехь, амма аьтто ца баьлла коронавирусах тоян. Читать дальше...

Прокуроран гIовс лаьттинарг кхеле озийна Дагестанехь

Radiomarsho.com 

Дагестанерчу Кизил-Юьртан а, гонахарчу а кIоштийн юкъарчу прокуратурехь куьйгалхочун гIовс Iийна Шахбанов Iабдулла кхеле велла, шена даржо еллачу бакъонел совваларна. Талламо дийцарехь, 2018-чу шарахь Шахбановн машена чуьра 15 эзар доллар дайна хилла. Къола дарна бехкевина цо шен коллега, прокуроран шолгIа гIовс, ша хьалхо шен машен цуьнга елла хиларна. Iедале шена къоладар дIа а ца хоуьйтуш, ша къасто сацам бина цо хилларг - таллам беш, ша-шеггара коллега полиграфах чекхваьккхина шозза. "Полиграфо гайтина жамI юьхьар а эцна... Читать дальше...

Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочо Битаровс коронавирусца доьзна самонан лаккхара хьал кхайкхийна махкахь

Radiomarsho.com 

Тахана дуьйна лаккхара самонан хьал хIоттош ду Iедало Къилбаседа ХIирийчохь. Коронавирусо бохьучу кхерамца доьзна ду мехкан куьйгалхочо Битаров Вячеслава дина омра. Ерриг а ХIирийчоьнна доьхку спортан, синкъераман, нах алссам гулбешболу барамаш хIиттор. Омрица а догIуш, ун даьржинчу мехкашкара баьхкина нах декхаре бу телефонехула эпидемиологашка шаьш хилла меттиг хаийта а, шайца цамгар хааелла яцахь а, 14 денна цIахь совца а. Мегаш дац бахархойн оцу категорина цкъачунна балха я деша баха.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *