Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Март
2020
1 2 3 4 5 6
7
8
9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 15.03.2020

"Гранд-Паркехь" цIеялар харцдина орцанхоша

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан орцанан министраллан Нохчийчуьрчу урхалло харцдина Соьлж-ГIаларчу "Гранд-Парк" махбаран центрехь цIеяьллера бохург. Цунах лаьцна хаам бо, "Нохчийчоь тахана" агенталло.  Урхаллан векало дийцарехь, цаьрга хаам кхаьчна хилла махбаран гIилонехь цIеяьлла аьлла. ДIакхаьчначу цIеяйархоша адамаш арадаьхна центрера, амма таллам бича къур баьлла меттиг ца карийна. Иза харц хаам хилла. Иза дарна таIзар догIуш хилар дагадаийтина орцанхоша.   Дагадоуьйту "Гранд-Парк" яьгна хилар стохка Гезгмашин-баттахь.

Москвахь полисхоша йиттина бакъонашларъярхочунна Пономарёвна

Radiomarsho.com 

Москвахь дарбанан цIийне дIакхачийна "За права человека" боламан хьалханча 78 шо долу Пономарёв Лев. Иза дIавигина хиллера шайн декъе полисхоша, Москвахь ФСБ-н гIишлонна хьалха бакъо елла йоцу акци дIаяьхьна аьлла, хаам бо "Интерфаксо".   Полисхоша йиттина волчу Пономарёвс хаам бина, лоьраш хье лазор толлуш бе шен аьлла. Цо дийцарехь, цуьнца лаьцна хиллачу кхин цхьана стагана йиттира муьлш бу ца хуучу наха.

Трампа анализаш дIаелла. Коронавирус ца карийна

Radiomarsho.com 

Американ президента Трамп Доналда анализаш дIаеллачул тIаьхьа гучудаьлла цунна коронавирус кхетта цахилар. Цунах лаьцна хаам бина Трампан лоьро Конли Шона.   "Селхана сарахь президентца COVID-19 тест яр хьокъехь ас дерриг а дийцинчул тIаьхьа, цо сацам бира иза ян. Тахана Iуьйранна соьга хаам бина, тесто дацаре жамI гайтина аьлла", - дуьйцуш ду лоьро динчу дIахьедарехь.   Трампа сацам бира коронавирус хьокъехь анализаш дIаяла, Флорида штатехь Бразилин президентца Болсонару Жаирца шен цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа. Читать дальше...

Коронавирусах кхеравеллачун сатедина Кадыровс, "собар дехьа, хьо иштта а лийр волуш ву" аьлла - «Би-би-си»

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцина коронавирусах кхерабелла боьхначерах лаьцна. Iедалан декъашхошна хьалха цо дина къамел даладо «Би-би-си» зорбан гIирсо. "Кхоьруш бу иза (вирус) йогIур ю, ткъа шаьш лийр ду бохуш. Собар дехьа, хьо иштта а лийр волуш ву", - сатедина нехан Кадыровс. Нохчийчоьнан куьйгалхочо билгалдаьккхина, гриппах эзарнаш адамаш леш хилар, амма нагахь адаман могушалла дика ялахь, иза хьалхавер ву цамгарх аьлла. "И могушалла йоцучаьрга иза такхалур яц", - тIетуьйхира Кадыровс... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *