Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Март
2020
1 2 3 4 5 6
7
8
9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 30.03.2020

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (30.03.2020)

Radiomarsho.com 

Тезет хIоттор хьокъехь хьехарш дина муфтис, 9 стаг коронавирусан ун кхетта, Цхьа кема бен дацлелаш, Нехан телефонан номерш дIа а язйеш, документийн сурташ дохуш ду Соьлж-ГIаларчу аэропортехь (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Нохчийчохь карантин йохийначарна луьра таIзар даре кхайкхина Кадыровс

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь Зазадоккху-беттан 29-хь дуьйна болх бан йолаелла Кадыров Рамзана дIакхайкхийна карантин. Цу хьокъехь шайна елла полипропилен олучу пластикан биргIанаш етта полисхоша туьтмIаьжиг йоцуш арабевллачу бахархошна. Цуьнца цхьаьна республикехь цхьа а аьтто бац уьш эца, хаам бо Кавказ.Реалиино, "Новая газетана" тIе а тевжаш. Цу хеннахь социалан машанашкахь шуьйра яьржина "@сhp.chechenya" цIе йолчу инстаграм агIонехь арахецна видео. Цу тIехь Iедалхошна хьалха вистхуьлуш Кадыровс луьра таIзар даре кхайкхина ницкъаллин структурийн белхахошка... Читать дальше...

Кучамаш ечу метта – масканаш. Гуьржийчуьрчу бедарш тоьгучу фабрикашкахь

Radiomarsho.com 

МЧЕДЛИШВИЛИ Звиад,                                                                                           "Карара Зама" Гуьржийчуьра хIуманаш тоьгу фабрикаш, цхьамоггIа дIахIиттина, медицинан масканаш еш ю тахана. ТIаьххьарчу кIиранах Тбилисерчу я  кхечу муьлххачу а гIаларчу аптекашкахь оьцийла дацара коронавирусах Iалашлуш йоха еза туьтмIаьжгаш – дерриг а дуьнентIехь а лаьтта дефицит яра Гуьржийчохь. ХIинца мелла а кхачо еш схьайогIу фабрикаш. Хьалха дуьнентIехь яьржинчу спортан брендашца духар а... Читать дальше...

Тезет хIоттор хьокъехь дан дезарг дийцина Нохчийчоьнан муфтийс

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь коронавирусан ун даьржаша долуш долуш, тезет хIоттор хьокъехь хьехарш дина республикан муфтийно Межиев Салахь-Хьаьжас. Велла стаг, дино ма хьоьхху, дIа ца воьллича ца довла вай, ткъа зуькарш дар а, сагIанаш дахар а тIехь дац, боху Межиевс. Цу кепара, велларг дIаволла кечам беш лелош дерг – докъан ламаз дар а, иза дIаволлар а - лелор тIаьхь хилар, билгалдаьккхина цо. Кадам бан веллачуьнан гергарнаш болчу дахар сунна ду, боху муфтийс. "Хоьттинчу хьолехь бехке бан мегар дац кадам бан цабаьхкинарш. Читать дальше...

Кхин а дайлуш ду сом

Radiomarsho.com 

Оршотан дийнахь юха а дайделла сом. Москох валюта духкучу биржехь цуьнан курс яра 80,2 сом цхьана долларх. Еврон мах бара 88,87 сом. Соьмаца цхьаьна дайлуш ду мехкадаьтта. Ша аьлча, Brent тайпанчу мехкадаьттан черманах ца ло 24 доллар а.

Сулейманов: Нохчийчохь коронавирус кхетта ву 9 стаг

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь официалан кепара тIечIагIдина 9 стаг коронавирусан ун кхетта хилар. Цунах лаьцна хаам бина республикан могушаллан министро Сулейманов Эльхана, хаам бо "Грозный-информ" агенталло. Цо дийцарехь, кхин а 3 стеган анализаш толлуш ю лаборатерехь.   Цомгуш хиллачерах лаьцна дуьйцуш министро билгалдаьккхина царна юкъахь йолу 83 шо долу йоккха стаг вочу хьолехь хилар. Цо дийцарехь, дIакъастийна ву коронавирусан ун даьржинчу пачхьалкхашкара Нохчийчу веана 839 стаг.

Некъахой тидаме оьцуш бу Соьлж-ГIаларчу аэропортехь

Radiomarsho.com 

Москва боьлхучу нехан телефонан номерш дIа а язйеш, документийн сурташ дохуш ду Соьлж-ГIаларчу аэропортехь. Нохчийчохь "прописка" йоцчу нахе хоуьйту коронавирус яржар бахьана долуш цIаберза церан аьтто ца хила магаш хиларх лаьцна, хаам бо Соьлж-ГIалара Кавказ.Реалиин корреспонденто.   Аэропортан белхахой ларлон туьтмIаьжгаш йоьхкина бу. Уьш йоцуш цу чувалар хьовха, аравала а машена хиина Iан а дихкина ду. Аэропортехь болх беш бу лоьраш, цара таллам бийр бу Москвара Нохчийчу богIучу нехан могушаллина. Читать дальше...

Урдунехь кхача боькъу мискачарна

Radiomarsho.com 

Урдунерчу Iедало юург екъа йолийна хала бохкучу доьзалшна. Эскаро 30000 доьзале дIакхачор ду совгIатийн тIоьрмигаш. Комендантан сахьт кхайхкийна пачхьалкхехь, дихкина бахархошна дIасалела.

Трамп: Оханан-беттан 30-чу кхаччалц ницкъ болуш хир ду "социалан дистанцица" доьзна дехкарш  

Radiomarsho.com 

Оханан-беттан 30-чу кхаччалц ницкъ болуш хир ду коронавирус яржар бахьана долуш Америкехь юкъадаьхна "социалан дистанцица" доьзна дехкарш. Цунах лаьцна Американ президенто дIахьедар дина кIирандийнахь КIайн ЦIийнехь хиллачу коронавирусца къийсам латточу белхан тобан рогIерчу пресс-брифингехь. Оцу сацамна гIортор йина оццу цхьанакхетарехь журналисташна хьалха вистхиллачу инфекцийн а, аллергийн а Институтан куьйгалхочо Фаучи Энтонис.

Видеокамершна хьалха бехк цабиллар дехийтина Нохчийчуьрчу полисхоша 70 шо долчу зудчуьнга

Radiomarsho.com 

Хиндерг дуьйцуш пал тесна аьлла, 70 шо долу Джабраилова Рашан лаьцна хилла чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Гуьмсан кIоштан декъан полисхоша. Цу хьокъехь сюжет гайтина " ЧГТРК "Грозный" телеканалан керланашкахь, яздо Кавказ.Реалиино. Гуьмсерчу полицин векало Гулуев Абдуллас дийцарехь, цо ша дехар дина хилла цу зудчуьнга шен хир болу кхоллам буьйцуш пал тасахьара аьлла. Цул тIаьхьа шех тешна йоккха стаг лаьцна полице йигина цу стага. ТIулгаш а тосуш, ша  хиндерг дийцинчу берриг а нахе къинтIера бовлар дехна Джабраиловас. Читать дальше...

Антисептик хьоьга хьайга а яло

Radiomarsho.com 

Коронавирус яьржинчу пачхьалкхашкахь тоьаш яц антисептик. Хьайн цIахь хьоьга муха ялур ю 1 литр антисептик, хьоьху Дуьненаюкъарчу могашаллаIалашъяран организацино.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *