Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Апрель
2020

Новости за 05.04.2020

Уьрсаца тIелатар дина 2 стаг вийна Францин къилбехь

Radiomarsho.com 

Ши стаг вийна, ткъа 6 чевнаш йина ву Францин къилберчу Лион гIалана I00 километр йолчу Роман-сюр-Изер гIалахь. 33 шо долчу Суданера мигранто цIеххьана тIелетар дина маьршачу бахархошна, хаам бо Le Figaro газето. Зулам дарна шеко йолуш дIалаьцна волчу цу стага урс диттина пурнина (бепиг дон завод) хьалха бепиг эца рогIе хIиттинчу нахана. Зулам даран бахьана хууш дац.   Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Кастанер Кристофа твиттерехь кадам бина байинчеран гергарчаьрга. И тIелатар "сий доцуш дина хIума ду аьлла" цо.

Фергюсон Тони: "Чемпионан титул дIаяккха еза Хьабибера"

Radiomarsho.com 

UFC чемпионатан латархочо Фергюсон Тонис дIахьедар дина, Нурмагомедов Хьабибера чемпионан титул дIаяккха еза аьлла. Хьалхо Нурмагомедовс хаам бинера Оханан-беттан 18-хь UFC 249 турнирехь Фергюсонах лата аьтто бац шен, коронавирусан пандеми а, дозанаш къевлина а хилар бахьана долуш аьлла.   Цхьа бутт гергга хьалха UFC чемпионатан президенто Уайт Дэйнас дIахьедар динера, Нурмагомедов Хьабибан а, Фергюсон Тонин а латар ца хила мега корнавирсун ун даржарна аьлла. Нью-Йоркан губернаторо Куомо... Читать дальше...

Reuters: ОПЕК+ кхеташо тIаьхьатеттина СаIудийн Пачхьалкхан а, Оьрсийчоьнан а къовсам бахьанехь

Radiomarsho.com 

Мехкадаьтта даккхар лахдар хьокъехь оршотан дийнахь хила еза кхеташо тIаьхьатеттина ОПЕК-о, Оьрсийчоьно а, Москван а, Эр-Риядан а къовсам бахьана долуш, хаам бо . Цу шина пачхьалкхо къуьйсург ду, мехкадаьттан мехаш дайдаларна бехке мила ву бохург. ОПЕК-ан а, Оьрсийчоьнан а векалийн цхьаьнакхетар хила мега Оханан-беттан 9-хь. Цунах лаьцна шотдийнахь Reuters агенталле хаам бина ОПЕК-чу хьастано. Кхеташо дIаяхьа еза бохучун тIера ца волу Американ президент Трамп Доналд. ХIокху кIиранах цо дIахьедар динера... Читать дальше...

Zoom сервисехула дина эзарнаш видеокъамелаш гучудевлла Интернетехь

Radiomarsho.com 

Эзарнашкахь Zoom сервисехула дина видеокъамелаш гучудевлла Youtube а, Vimeo а видеохостингашкахь, хаам бо "Американ аз" зорбан гIирсо. The Washington Post газето яздарехь, интернетехь лелаш ю наха вовшашца къамелаш деш а, бизнес-кхеташонаш дIахьош а, психотерапевташа сеансаш еш а, школашкахь юьхьанцара классашкахь урокаш дIахьош а, кхин йолу а оцу сервисехула дIаязйина видеош.  Компанин куьйгалхоша бехк ца биллар а дехна, хаам бина сервисан эгIазаллица доьзна кхачабацарш дIадохур ду шаьш аьлла. Читать дальше...

Тесташа коронавирус кхетта хилар гайтина 40 стаг ву Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу 40 вахархочун коронавирус кхетта хилар гайтина тесташа. Москвахь лабараторехь ун кхетта хилар тIечIагIдина царах 15-нна. Цунах лаьцна хаам бина Нохчийчоьнан могушаллан министро Сулейманов Эльхана. Иштта хьал хIоьттина Нохчийчохь коронавирус яржарца Оханан-беттан 4-чахь. Верриг а лоьрийн тидамехь ву республикехь, эпидемица доьзна хьал гIоьртина долчу пачхьалкхашкара веана 795 стаг.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *