Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Апрель
2020

Новости за 25.04.2020

Кхин а 438 стаг лаьцна уьно Къилбаседа Кавказехь, дийнахь-буса велла шиъ

Radiomarsho.com 

Коронавирусна дуьхьалояран штабо  бечу хаамца, ши стаг велла Краснодар-махкахь коронавирусах. Ун даржадоьлчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь цунах велларг ву 59 стаг. Массех де ду уггаре дукха COVID-19 кхетта нах Дагестанехь билгалбуьйлу. Т1аьххьарчу 24 сахьтехь цигахь ун кхетта хаавелла 157 стаг. Дагестан +157 (724 юьхьанца дуьйна схьа) Краснодар-мохк +84 (707) Кхарачой-Чергазийчоь +46 (240) ГIалг1айчоь +41 (515) Къилбаседа ХIирийчоь +30 (305) ГIебарта-Балкхаройчоь +29 (272) Ставропол-мохк+27... Читать дальше...

Чергазийн байракхан де ду даздеш онлайн кепехь

Radiomarsho.com 

Дуьххьара онлайн форматехь даздеш ду Чергазийн байракхан де. Коронавирус яьржина хиларца доьзна иза чергазийн юкъараллаша. Адыгей, Кхарачой-Чергазийчоь, ГIебарта-Балкхаройчоь мехкашкарчу адыгаша байракхаш яржийна шайн балконашкахула, корашкахула, цIенойн тхевнаш тIехула, машенашца. "Провокацех ларлуш, юкъархой Iедална дуьхьал бевлла ца бахийта, хIусамашкахь даздан сацамбина оха и де", - боху Адыгейрчу "Адыгэ Хасэ" кхеташонан декъашхочо Негуч Шамсуддина. Дезчу денна лерина онлайн кепехь Чергазийн... Читать дальше...

Милашинас арздина Талламан комитете Кадыровс шена кхерамаш тийсарх лаьцна

Radiomarsho.com 

"Новая газетин" журналиста Милашина Еленас Талламан комитете арздина, шена Нохчийчоьнан куьйгалхочо кхерамаш туьйсу, аьлла. Ша оцу хьокъехь духхьара дац арздар, Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле а ер ю ша, аьлла «Эхо Москвы» радиога Милашинас. Охан-беттан юккъехь Кадыров Рамзана шога къамел дира "Новая газетах" а, Милашинах а лаьцна. Бахьана дара, Нохчийчохь коронавирус кхетта нах хьийзабо, аьлла, журналисто шен газетехь яздар. Милашинас бохура, "Кадыровс нахана а хезаш, террорхойн мог1ара баьхна иштанаш... Читать дальше...

Bellingcat: Европерчу нохчашна дуьхьал «болхбечех» хила тарло ФСБ-н полковник Егоров

Radiomarsho.com 

Украинан малхбалехь тIемаш лаьттачу 2014-чу шарахь телефонан къамелашкахь "Эльбрус" цIе лелийнарг а, Донбассан стигалахь Малайзин "Боинг" чудожош хьийзинчаьрца хаавелларг а цхьа стаг ву – Оьрсийчоьнан ФСБ-н полковник Егоров Игорь. Оцунах тоьшалла до шаьш пIераскана бовзийтинчу талламехь Bellingcat тобано а, The Insider сайто а, der Spiegel газето а. Хьасташа дийцарехь, ФСБ0-н лерринчу "Вымпел" тобанехь болх бина Егоровс. Дакъалаьцна ГIирмин аннекси еш, ткъа 2014-чу шеран аьхка "куратор" лаьттина... Читать дальше...

Кадыров: яц Нохчийчохь къайлаха набахтеш

Radiomarsho.com 

Республикехь къайлаха набахтеш яц, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "Со волчу баьхкира Талламан комитетера, прокуратурера. ЦIеношна бухара ларманаш теллира, чоьнаш йохъен меттигаш зийра – цхьа хIума ца карийра", - аьлла Кадыровс шеца Инстаграмехула уьйрехь болчу нехан хеттаршна жоьпаш луш. Мехкан куьйгалхочо бахарехь, "шаьш бакъоларъярхой, журналисташ   бу бохучара дуккхаза а яздина", цуьнан "цIахь къайлаха набахтеш ю". Амма и къамелаш, Кадыровс дийцарехь, "аьшпаш хуьлуш дисина". Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *