Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Апрель
2020

Новости за 23.04.2020

БуьритIехь гуламхой полицех латар ша талла йоллу Оьрсийчоьнан Талламан комитетан коьрта аппарат

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Талламан комитето шега дIаэцна БуьритIера гулам дIасалоллучу муьрехь нах полисхошна тIелетарца доьзна долийна бехктакхаман гIуллакх, хаам бо "Кавказ.Реалиино". Гуламхоша тIулгаш а, шишанаш а детташ лазийна 13 полисхо, царах пхиъ охьавиллина дарбан хIусаме, хаам бина Талламан комитетан Къилбаседа ХIирийчуьрчу урхалло. "Карарчу хенахь толлуш ю гуламехь яьхна видеош. Цкъачунна цхьа а бехке вина вац. Амма хала хир дац харцхьа лелларш а, церан хьалханчаш а билгалбаха. Видео телефонаш тIе яхарал а совнаха... Читать дальше...

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (23.04.2020)

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказехь кхин а 4 велла, Дагестанехь цхьа маьждиг ду уьнах велларг верзош, БуьритIехь кхин а меттигаш къастийна пациенташна, Германи вакцина толлуш ю.

«ЦIена корта. Юхаяла коронавирус!» флешмоб шорлуш ю Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, ша кIунзал а волуш, «ЦIена корта. Юхаяла коронавирус!» болам болийна шен гонашкахь, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло. Цуьнгара масал а оьцуш, кортош бошуш бу махкара хьаькамаш, Iедалхой.

Прагин мэр а, гIалин шина кIоштан куьйгалхо а ларван волийна Оьрсийчоьнера схьабала мегаш кхерам хиларна

Radiomarsho.com 

Прагин мэр Гржиб Зденек а, шахьарарчу Ржепорые а, Прага-6 а кIоштийн куьйгалхой Новотны Павел а, Коларж Ондржей а Чехин пачхьалкхо ларван сацам бина, яздо, шена информаци еллачун цIе а ца йоккхуш, меттигерчу Respekt журнало, хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо. Respekt-о бахарехь, Советан заманарчу маршалан Коневн хIоллам дIа а боккхуш, фашисташкахьа ваьллачу инарла Власовн "Оьрсийчоь Мукъаяккхархойн Эскарна" (РОА) дагалецаман у хIотто Прагерчу Iедало сацам бинчул тIаьхьа Оьрсийчоьно кхерамаш тийса елира Чехин коьрта шахьаран куьйгалхошна. Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь виъ стаг велла COVID-19-ннах тIаьххьарчу дийнахь-буса

Radiomarsho.com 

Коронавирус кхетта хилар билгалдаьллачу нахах дийнахь-буса 4 стаг кхелхина Къилбаседа Кавказехь, Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалояран штабо бечу хаамца: Краснодар-махкахь - кхоъ, ГIалгIайчохь – цхьаъ. Ун даьржичхьана схьа Къилбаседа Кавказехь беллачийн терахь кхаьчна 55-нне. Массанхьачул дукха ду баларш Краснодар-махкахь – 14 стаг. ШолгIа мохк бу ГIалгIайчоь – 13, цул тIаьхьа йогIу Дагестан – 11. Официало даржочу терахьашца, Нохчийчохь кхелхина коронавирусах 6 вахархо. Ставропол-махкахь беллачийн терахь ду 5. Читать дальше...

COVID-19 ун кхеттачу нахана шолгIа дарбан хIусам а схьайиллина БуьритIехь

Radiomarsho.com 

Орцан медицинан хIусам коронавирус кхеттачу нахах яьккхина хилар бахьана долуш, иштачу пациенташна кхин цхьа меттиг а къастийна Къилбаседа ХIирийчохь – БуьритIера республикан клиника, хаам бо Кавказ.Реалиино. ХIирийчоьнан могашаллин министралло бечу хаамца, ун кхетта хиларх шеко йолуш дарбан хIусамашка кхачийна 173 стаг. Оцу нахах 71-ннан тесто гайтина царна баккъал а COVID-19 кхетта хилар. Халчу хьолехь ву ХIирийчуьрчу коронавирусан дархойх 17 стаг. "Коронавирус йолчу пациенташна шозза тIекIалйинчу гIишло чохь кечбина 120 меттиг. Читать дальше...

Дагестанехь коронавирусах белларш цхьана маьждигехь лийчор бу

Radiomarsho.com 

ХIинжа-ГIаларчу Каммаевн урамехь долчу маьждигехь лийчор бу коронавирусах белла бахархой. Ишта сацам бина Дагестанан муфтиято. И хаам баржийна, ХIинжа-ГIаларчу маьждигаша лийча ца бо уьнах белларш, аьлла, наха социалан машанашкахь леткъамаш бан болийначул тIаьхьа. Амма динан урхалло чIагIдо, Каммаевн урамерчу маьждигехь уьнах белларш лийчор Охан-беттан 3-чу дийнахь дуьйна долийра, бохуш. Маьждиган векалша дийцарехь, санитаран хьелаш а лардеш, лийчадо декъий. "Беллачийн гергарнаш маьждиге буьтуш бац. Читать дальше...

Коронавирусна дуьхьала кхоьллина вакцина лаамхошна тIехь зен йоллу Германи

Radiomarsho.com 

Ша коронаврусна духьал кхоьллина вакцина лаамхошна тIехь зен йолош ю Германис. Эрлих Паулан цIарх йолчу вакцинин а, биомедицинан молханийн а институто магийна и талламаш боло. Вакцина кхоьллинарг ю Майнцера BioNTech компани. Юьхьанцарчу зерашкахь дакъалоцур ду 200 лаамхочо. Кхуллуш долу молха юьхьанца зуьй бIаьрго а лоцуш йоцчу дийнаташна тIехь. ТIаккха толлу иза даккхий дийнаташна тIехь. И берриг а болх дика жамI долуш бирзича бен ца зуьй молха адамна тIехь. Германерчу вакцинин кхерамзалла ю цкъачунна толлург. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *