Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Апрель
2020

Новости за 07.04.2020

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (07.04.2020)

Radiomarsho.com 

Закаев Ахьмад лоьрашна тIекхачийна, Нохчийчохь коронавирусах товелла 12 стаг, ГIалгIайчохь кхуьуш ду дархойн терахь, Дагестанера а, Ставрополера а хьал (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Талор дан кечлуш хиларх йолчу шеконца стаг лаьцна Нефтекумскехь

Radiomarsho.com 

Ставропол-мехкан Нефтекумскерчу кIоштан кхело стаг лаца магийна терроран тохар дан кечлуш хиларца доьзна, хаамбо "РБК Кавказ" хьостано оцу кхелан пресс-векалан информацина тIе а тевжаш. Оьрсийчоьнан Талламан комитетан белхахой бу зераш деш.

Мишустинан а, Кадыровн а дIахьедарш дуьхь-духьал дац, боху Кремло

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан премьер-министра Мишустин Михаила, регионашкара куьйгалхой шайгарчу бакъонел совбуьйлу аьлла, дина дIахьедар а, оцу хьокъехь Кадыровс делла жоп а вовшашна бIостанехьа дац, боху Кремло, ТАСС агенталло бечу хаамца. "ХIан-хIа, бIостаналла ца го тхуна. Мишустина регионаш къовла мегар дац бохура, ткъа оцу хьокъехь Нохчийчуьра кхаьчнарг билгалдаккхар ду, цигахь доза къевлина дац бохучу маьIнехь ", – аьлла Оьрсийчоьнан президентан пресс-векала Песков Дмитрийс. «Регионашна бакъо елла нах ларбеш... Читать дальше...

"Со оьрсий ю, со дика кхета сайн турпалхочух, гIалгIайн зудчух"

Radiomarsho.com 

Интервью кечйинарг Лайтштерн Михаил - "Кавказ.Реалии" 2019-чу шарахь билгалбаьхначу яздархошна дукха хан йоццуш совгIаташ дIасадийкъира "Сибирские огни" цIе йолчу ширачу стоммачу журнало. "Проза" номинацехь толам баьккхира Пермскан кIоштарчу Разумова Анастасияс. "Буьйсанна говраш хьан ларйора..." цIе а тиллина, дийцар яздина цо Казахстане депортаци йинчу гIалгIайн къомах лаьцна. "Кавказ.Реалии" корреспондент цхьанакхийтира авторца. Иза къастон хьаьжира, хIун ала гIертара автор шен ешархошка, Сибирехь... Читать дальше...

Коронавирус кхетта нах гайта шайна бохуш, дарбан цIенна чугIиртина кегий нах ХIирийчохь

Radiomarsho.com 

Орцан медицинин клиникин ханах чекхбовла гIиртина, шайна коронавирусах цомгуш Iохкурш гайта бохуш, бевзаш боцу нах БуьрийтIехь. Оцу инцидентах лаьцна "Кавказ.Реалиига" дийцира дарбан хIусамаш белхахоша. Хилам нисбелла оршоьтадийнахь. Кевнах чекх ца бовлабелла, хехой а Iехийна, дарбан цIенна чубаха гIертарш. «Тхо цомгуш болчу гергарчаьрна тIаьхьадаьхкина. Лоьраш кхайкхина тхо», - бохуш хьийзина кегий нах. Инцидент йирзича, дарбан хIусаман куьйгалло сацам бина, лоьрашна чубаха цхьа ков бен мукъа ца а дуьтуш, хIусаман доза чIагIдан.

ГIалгIайчохь цомгуш хилла уьнах кхин а 6 вахархо

Radiomarsho.com 

Дийнахь-буса коронавирус лаьцна ГIалгIайчохь 6 стага. Къилбаседа Кавказан мехкашлахь юьйцучу юкъанна уггаре лакхара терахь ду иза. Верриг а уьнах цамгар яьлларг ву ГIалгIайчохь 7 вахархо. Амма уьш толург хиларх шаьш теша, боху лоьраша.

Ставропол-махкахь кхуьуш ду COVID-19 кхеттачийн терахь

Radiomarsho.com 

19 стагна совдаьлла Ставропол-махкахь коронавирус лаьцначийн терахь, велла вац цхьа а, боху Роспотребнадзоро шинарийдийнан Iуьйранна яржийначу информацино. Оьрсийчоьнан регионашлахь 6-чу меттехь бу ун даржарца Ставропол-мохк. Цкъачунна хоуьйтуш дац, муьлхачу гIаланашкахь, кIошташкахь бу дархой. Селхана 9 стаг хаавеллера махкахь ун кхетта. Москва яхьийтинчу церан тесташца лазар карийнера. Верриг а коронавирусах цомгушверг ву Ставропол-махкахь 39 стаг.



Дагестанехь ун кхетта тIаьххьарчу дийнахь-буса 13 стаганна

Radiomarsho.com 

Коронавирусах цомгуш хилла Дагестанехь кхин а 13 стаг. Мехкан Оперативан штабо лазар кхетта хиларца билгадаьккхина терахь ду 43. Ун даржичхьана схьа Дагестанехь тестах чекхваьлла 3218 вахархо. Шаьш-шайна латточу карантинехь ву 3145 стаг.

ХIирийчохь дуьххьара стаг ву коронавирусах велла

Radiomarsho.com 

Махкарчу Роспотребнадзоран декъо бечу хаамца, дуьххьара стаг велла коронавирусах Къилбаседа ХIирийчохь. Республикерчу цIанонан а, эпидемиологин а центро хьалхо бакъдина цо коронавирус лацар, делахь а тест яхьийтина хилла Москварчу Роспотребнадзоран уьнна дуьхьалоечу центре. "Стеган 83 шо дара. Дарбан хIусаме виллинера иза. Лоьраша ма-хуьллу гIиртира цунна дарбадан, амма аьтто ца баьлла тован, хала ловра цо цамгар», - боху меттигерчу Роспотребнадзоран декъан пресс-векалто. Кхалхар нисделла пневмани халачу кепе йирзинчу хьелашкахь.

Кхин а 4 стаг цомгуш хилла коронавирусах ГIалмакхойчохь

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса махкахь веа стаганна кхетта ун, хаамбо ун тергалдечу Оьрсийчоьнан хьукмато (Роспотребнадзор). Цомгуш хиллачу нахера тIеяьлла царна коронавирус. Таханенна 11 стаг ву ГIалмакхойчохь даьржинчу уьно лаьцна, дарбан хIусамашкахь. Оцу юкъанна мехкан могашаллин министралло бечу хаамца, ши стаг то а велла, цIавахийтина лоьраша.

Карантин а, хIусамехь ницкъбар а: дукха хир буй-те бала хьоьгурш?

Radiomarsho.com 

Материалан автор ю Волкова Алиса /"Кавказ.Реалии"/ Доллу дуьненчуьрчу статистикано гайтарехь, коронавирусан уьнах адамаш далар лахделла, амма кхи зуламаш дуьйладелла: хIусамехь ницкъбар. Китайхь а, цхьа могIа Европерчу пачхьалкхашкахь а къаьсттина  дукха меттигаш хаабелла, доьзалехь гIело латтош. Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Кастанер Кристофа Заздоккху-беттан 27-чохь билгалдаьккхира, шайн пачхьалкхехь доьзалехь ницкъбар 32 проценте даьлла, ткъа Парижехь - 36%. Counting Dead Womenпроект юкъаяьккхинчу Смит Ингалас дуьйцу... Читать дальше...

Ягориг ютту станци схьайиллина хIиричо ша-шеггара

Radiomarsho.com 

Iедало елла бакъо а йоцуш, вахархочо ша-шеггара схьайиллина ягориг ютту станци гучуяьлла Къилбаседа Хирийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхахошна. Полицерчу пресс-векалто бина и хаам "Кавказ.Реалиига". "30 шо долчу меттигерчу вахархочо ягориг ютту станци хIоттийна «Ставропол-Мазалк-Крайновка» некъан йистонца. Я совдегаралла лело елла бакъо а, я кхидолу цхьа а кехат а доцуш, бензин, газ юхкуш лаьттина станци», - боху полисхоша. Ша болх бечу юкъанна, 10 миллион сом гергга са яьккхина «бизнесмено» - и терахь ду цо ша юхку ягориг... Читать дальше...

Нохчийчохь 12 пациент цIавахана, коронавирусах то а велла

Radiomarsho.com 

Коронавирусан цамгарх то а велла, 12 вахархо шайн-шайн доьзалшка дIавахийтина Нохчийчохь лоьраша. Оцу хьокъехь хаам баржийна Telegram каналехула мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "Нах тобаларо а, дарбан цIийнера дIабахаро а гойту коронавирусна дуьхьал хIиттийна барамаш жамIе хилар», - билгалдаьккхина Кадыровс. Тобеллачаралахь ву, масала, лазар хала лайна волу вахархо Аюбов Iалавди. Иза СаIуда Iаьрбийчу Iумрат дан ваханчохь хилла цомгуш, шен доьзална а кхачийна цо ун.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *