Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Апрель
2020

Новости за 18.04.2020

Къилбаседа Кавказехь вирус кхетта кхин а кхоъ велла

Radiomarsho.com 

Коронавирусан инфекци бахьана долуш тIаьххьарчу дийнахь а, буса а кхелхина Къилбаседа Кавказехь 3 дархо аьлла, хаамбо вирусна дуьхьал къийсам латто кхоьллинчу оперативан штабо. COVID-19 диагноз хилла ши стаг велла ГIалгIайчохь, Краснодаран кIоштахь кхелхина цхьаъ. Верриг а Кавказан мехкашкахь велла, коронавирус тIечIагIйина хилла 27 пациент.

Къилбаседа Кавказехь яхначу буса 300 гергга пациент къаьстина коронавирусца

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказан регионашкахь яхначу буса кхин а 311 пациент тIекхетта коронавирусан инфекцица, хаамбо оперативан штабо. Оцу лазарца алсам диагнозаш хIиттинарш Нохчийчохь бу - 60 стаг. Цунна тIаьхьа йогIу Ставрополан кIошт - 54. КхоалгIачу меттигехь ю Краснодаран кIошт - 45. Дагестанехь тесташа билгалваьккхина 44 пациент, ГIалгIайчохь 36, Къилба ХIирийчохь 26. Ишта ГIебарта-Балкхаройчохь хаавелла 22, ГIалмакхойчохь 14. COVID19 йолуш пхиппа стаг ву аьлла, дIакхайкхийна Адыгейхь а, Чергазийчохь а. Читать дальше...

ТIаьххьарчу цхьана буса 5 эзар гергга стагна COVID19 вирус кхетта Оьрсийчохь

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь Оьрсийчохь коронавирусан ун даьлла хиларца къаьстина 4785 вахархо. Керла рекорде терахь ду иза. ВорхI де а ду Оьрсийчохь инфекцица болчу нехан терахь кхуьуш лаьтта. Верриг а 36 эзар стаг ву COVID19 вирус кхетта. Оцу гайтамца дуьненахь 10-гIа меттиг дIалаьцна Оьрсийчоьно. Ун даьллачех 2649 стаг Москвахь ву. Коронавирусан инфекцех велла яхначу буса 40 стаг, царех 21 Москвахь. Ткъа эпидеми иккхичхьана велла Оьрсийчохь 313 вахархо. Ишта дарба хилла тIаьххьарчу буса 467 пациентна. Читать дальше...

Кадыровна критика йинчу нохчочунна депортаци ян гIерта Австрин Iедалхой

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра вахархо Асламханов Мурад Оьрсийчоьне дIа ма ло аьлла акци вовшахтоьхнера Австрерчу Грац гIалахь. Кхо шо хан а текхна, набахтера араваккха везаш вара иза дахначу еаридийнахь. Амма маьршаваьккхинчул тIаьхьа кхечу мехкийн бахархойн гIуллакхашкахула йолчу BFA хьукмате дIавигира иза. Грац гIалин оцу хьукматна хьалха гулбеллачу протестхошлахь бара Асламхановн гергарнаш а, доттагIий а. Уьш тешна бу, Оьрсийчу жимчу стагна депортаци яхь, цуьнан дахарна кхерам бу аьлла. "Кавказ.Реалии" портале Асламхановн нанас Маликас дийцина... Читать дальше...

ГIалгIайчохь яйна йоI схьакарийна

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчохь яйна хилла 4 шо долу йоI схьакарийна аьлла, хаамбина гIалгIайн орцанхоша. ГIажарий-юьртахь (Нестеровская) дайна хилла жима бер карийна могуш-маьрша аьлла, хаийтина орцанхоша. "Кавказский узел" хьостано яздира, пIераскандийнахь Сунжа кIоштара 4 шо долу йоI яйна аьлла. Полисхой а, орцанхой а, меттигера бахархой а орцахбевлира, яйнарг лохуш. Шоьтан Iуьйранна Iораяьккхину  информацица, схьакхарийна йоI гена йоццучу стоьмийн башмашкахь тилаелла. "Могушаллина зен доцуш, дийна схьакарийна йоI. Читать дальше...

Amnesty International: Оьрсийчоьнан Iедало талла деза Нохчийчохь харцо лелор

Radiomarsho.com 

"Новая" газетан журналистна Милашина Еленина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхерамаш тийсар Оьрсийчоьнан Iедалхоша талла а деза, республикехь журналисташ а, бакъонашларъярхой а хьийзор сацон а деза аьлла, дIахьедина дуьненаюкъарчу Amnesty International организацино. Маршо Радионо яздира, карарчу беттан 13-чохь Кадыровс шен Телеграм-каналехь комментари ярх, Милашинас Нохчийчуьрчу коронавирусан ситуацех лаьцна язйинчу публикацех. Мехкан куьйгалхочо бехкейира артиклан автор а, "Новая" газетан белхахой а нохчашна юкъа гамо тийсарна. Читать дальше...

Колонехь ницкъбина нохчийн тутмакхна аьлла, дIахьедо бакъонашларъярхоша

Radiomarsho.com 

Ангарерчу колонехь тутмакхашлахь иккхина бунт йирзича къиза йиттина Нохчийчуьрчу Хайдаев Хьумидна, ур-атталла лоьрийн гIо а ца кхачийна цунна аьлла, хаамбина "Гражданское содействие" комитето. Лаьцначун вашас дIахьедина, Хьумид а, цуьнца хан токхуш волу кхин цхьаъ а бехкевина, къепе йохорна Ангарскан колонин администрацино аьлла. Вашас дийцина, бунт йоьдучу заманчохь Хьумида телефон тоьхнера шега, тутмакхаша еттачу колонин белхахочуьнгахьа гIо даккха а гIоьртира ша бохуш, яздо комитето шайн сайтехь дахначу еаридийнахь бинчу хаамехь. Читать дальше...

Соьлжа-гIаларчу "Вайнах" телекомпанин директор хийцина

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу ГТРК "Вайнах" телекомпанин директор хIотторца журналист Веселаева Рузана декъалйина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "Ша жима елахь а, доккха зеделларг долуш, хьекъалца, къинхьегам безаш стаг ю иза", - аьлла, дIакхайкхийна Кадыровс. "Грозный" телеканалан директоран гIовс яра иза хIинццалц, ишта информацийн программийн редакцин куьйгалхо а яра. 2006-чу шарера дуьйна  "Вайнах" телеканалан урхаллехь вара Ельсаев Аламахьад.

Нохчийчохь 175 пациент ву коронавирусан ун даьлла

Radiomarsho.com 

ПIераскан суьйранна республикерчу эпидемиологин хьолах хаамбина могушалла Iалашъяран министро Сулейманов Эльхана. Цо дийцарехь, эпидеми яьржинчу пачхьалкхашкара цIавеана 1237 стаг ву лоьраша зуьйш. Ишта, ун даьлла махкарчу 175 вахархочунна. Дарба хилла 19 пациентна, велларг пхиъ ву. Нохчийчоьнан Iедалхоша кхайкхамбина бахархошка, мукъаденошкахь чохь хилар доьхуш.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *