Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Апрель
2020

Новости за 29.04.2020

Набахтехь воллушехь ахчанаш хьежийна тIемалошна?

Radiomarsho.com 

Пейсахова Анна,                                                                                                      "Кавказ.Реалии" 16 шарахь набахтехь а Iийна, маьршавала везачу дийнахь Черкесскера вахархо жоьпе озийна Шемарчу гIеранашна ахчанца гIодарна. Набахтехь такха кхин а 15 шо тоха тарло цунна. Санашоков Аслан, Черкесскера вахархо, зуьйш ву Оьрсийчоьнан бехктакхаман кодексан 208-чу артиклан 1-чу декъо буьллучу бехкаца доьзна. ФСБ-н Ставропол-махкарчу урхалло чIагIдарехь, 2014-чу шарахь террорхошца уьйрехь волчу цхьана стаге... Читать дальше...

"Харжамаш тIекхача боьлча догадогIу царна тхо"

Radiomarsho.com 

Скворцов Глеб,                                                                                                "Кавказ.Реалии" Доьхна некъаш а, дакъазъяьлла коммуналан система а - ишта беха нах БуьритIерачу бошмашлелорхойн юкъараллех хиллачу ярташкахь Къилбаседа ХIирийчоьнан коьрта шахьарна гонах, еа а агIор, лаьтта бошмашлелорхойн юкъараллаш – аьлча а, ярташ. Уьш кхоллаелла Советан заманахь, амма шорйина шира Iедал доьхначул тIаьхьа тIебаьхкинчу бахархоша. Оцу "бошмех" тоьлла кIошташ хилла хIинца, гIалара хьелаш цигахь дацахь а. Читать дальше...

Москвара лоьраш орцахбевлла ГIалгIайчоьнна

Radiomarsho.com 

Коронавирусан инфекцица къийсам латточу ГIалгIайчуьрчу лоьрашна орца кхаьчна Москвара. Методикан гIоьнна Оьрсийчоьнан коьртачу шахьарера кхо говзанча веана ГIалгIайчу аьлла, хаам бина "Кавказ.Реалии" портале республикан могушаллин министраллан зорбанчаша. "Дарбан хIусамашкара гIирс толлуш, цомгашчийн диагностика а, дарбадар а муха ду хьовсуш, толлуш ду цара", - аьлла кхетийна урхаллехь. Инфекцийн лоьрашна а, пульмонологашна а лерина мастер-классаш дIахьур ю Москварчу говзанчаша. Мехкан куьйгалхочун... Читать дальше...

Къудсера бусалбанаш ламазаш деш бу машенаш хIитточу меттигашкахь

Radiomarsho.com 

Израилерчу Яффехь беха бусалба нах ламазаш деш бу машенаш хIитточу меттигашкахь. Кху шарахь Рамадан-бутт нисбелла дуьненахь дIайоьдуш коронавирусан эпидеми а йолуш. И бахьана долуш маьждигаш дIакъевлина ду. Ламазаш дан магийна майданашкахь, кхерамзалла а ларъеш, вовшашна юьккъехь метар сов меттиг а юьтуш, юьхь къовлуш туьтмIаьжиг а йолуш.

Къилбаседа Кавказехь 8 пациент велла COVID-19 вирусах. Ун даьлла кхин а 425-нна

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 8 стаг, вирус кхетта кхин а 425 вахархочух. Оперативан штабан зерашца, Ставрополан кIоштахь велла 4 пациент, Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а, Краснодаран кIоштахь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а цхьацца кхелхина. Верриг а коронавирусан инфекцех Къилбаседа Кавказехь велла 77 стаг. Яхначу буса Къилба ХIирийчохь вирусца 121 пациент тIекхетта Къилба-ХIирийчоь+121 (эпидеми иккхичхьана верриг а 763) Дагестан +84 (1231) Краснодаран... Читать дальше...

Миллионал сов ву Iамеркехь COVID-19 вирус кхеттарг

Radiomarsho.com 

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа хаам бина, шайн пачхьалкхехь 1 миллионал сов ву коронавирусан ун даьлларг аьлла. COVID-19 вирусах белла нах Въетнаман тIамехь байинчарал а алсам бу - 58 эзар сов пациент. Къаьсттина дукха нах белла Нью-Йорк штатехь. Таханалерчу дийнахь дарба хилла 142 эзар вахархочунна. Шайн пачхьалкхехь ун даьлла нах тIехсов хиларан бахьана ду, боху Iамеркан президенто Трамп Доналда, Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь "тесташ яр кхечу пачхьалкхашкахьчул а дика хиларна". Кхаарин Iуьйранна Iорадаьхначу терахьашца... Читать дальше...

ГIалгIайчохь 100 сов вахархочунна коронавирусах дарба хилла

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчохь коронавирусан уьнах цIанвелла 102 стаг. Республикехь эпидеми яьржичхьана бинчу талламашца, 633 вахархочуьнца хааеллера COVID-19 вирус. 19 пациент велла. Дарбан хIусамашкахь охьавиллина ву 448 стаг, царлахь цамгар тIечIагIйина 288-нна. Чолхечу хьолехь ву 60 пациент, 13 ИВЛ аппаратна тIетесна ву, яздо РБК агенталло.

Карантинан раж ларъяр дехна Нурмагомедовс

Radiomarsho.com 

Дагестанан латархочо, UFC-н чемпионо Нурмагомедов Хьабиба дIахьедина, коронавирусан пандеми бахьана долуш хIоьттинчу хьолаца бегаш бан мегар дац аьлла. Цо кхайкхам бина махкахошка изоляцин раж ларъе аьлла. Спортхочунна хетарехь, яьккхина паника хиларна а, лоьраша дечу хьехарийн адамаша ледарло ярна а "цамгар маса яьржина". Цомгаш нах цIеххьашха алсамбовларна а, дарбан хIусамаш юьзна хиларна а лоьраш а, молханаш а тоаме дац боху Нурмагомедовс. Дагестанехь, тIаьххьарчу хаамашца, 1147 стаг ву коронавирусан ун даьлла, 11 пациент велла. Читать дальше...

Amnesty International: эпидемин хьелашкахь Оьрсийчохь хьоьшуш ю адамийн бакъонаш

Radiomarsho.com 

Малхбалерчу Европан а, Юккъерчу Азин а пачхьалкхийн а, Оьрсийчоьнан а Iедалхоша COVID-19 пандеми бахьана долуш репрессеш лелош, адамийн бакъонаш хьоьшуш ю. Цу кепара дIахьедар дина кхаарин дийнахь арахецначу шен «Восточная Европа и Центральная Азия сталкиваются с COVID-19: Ответы и обязанности» цIе йолчу рапортехь бакъонашларъяран Amnesty International организацино, хаам бина "Голос Америки" зорбан гIирсан оьрсийн сервисо. "Регионехь коронавирусан хьоле хьаьжжина, дукхахболчу Iедалхошна, хетарехь... Читать дальше...

Нохчийчуьрчу онкодиспансеран цхьа дакъа дIакъевлина COVID-19 хааелла

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра онкологин диспансеран химиотерапин дакъа изоляцина дIакъевлина, церан пациентаца коронавирусан ун гучудаьллачул тIаьхьа, хаам бина шинарин дийнахь "Новости" агенталле диспансеран пресс-гIуллакххоша. "Дийнахь-бусий еш хилла химиотерапи цхьана ханна юкъахъяьккхина, процедураш еш хилла дакъа дIакъевлина, коронавирус шеца йолу пациент кхузахь хиллачул тIаьхьа. Боллу лоьраш а, цомгаш болу нах а изоляцехь бу",- аьлла онкологин диспансеран зорбанчаша. Ун даьлла зуда инфекцийн дарбан цIийне хьажийна... Читать дальше...

Нохчийчохь кхин а цхьаъ велла COVID-19 вирусах. Ун даьлла ву 465 стаг

Radiomarsho.com 

COVID-19 диагноз хIоттийна хилла кхин а цхьа пациент велла Нохчийчохь. Верриг а уьнах велларг ворхI ву хIинца, хаамбо REGNUM агенталло.  Шинарин сарахь тIаьххьара бечу хаамехь дина цу кепара дIахьедар могушаллла Iалашъяран министро Сулейманов Эльхана. Эпидеми яьржичхьана 79 стагана дарба хилла. Чолхечу хьолехь хиларца дарбан хIусамехь ИВЛ аппаратана тIетесна ву 11 вахархо. Кхин а 185 пациент ву кислородан гIоьнца латтош. Нохчийчохь COVID-19 вирус кхетта верриг а 447 вара, тIаьххьарчу буса царна тIекхетта кхин а 18 стаг. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *