Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2020
1 2 3 4 5
6
7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19
20
21 22 23 24 25 26 27 28 29 30

Новости за 09.09.2020

Кадыровн гIовсо ца лакъийна cтаг, ткъа хьан вина Тепсуркаев сийсаз хууш дац

Radiomarsho.com 

Тепсуркаев Салманна иэхье таIзар дарх лаьцна дIахьедар дина Закаев Ахьмада; Нохчий ГIермера "лохку" бохург бакъ дац, аьлла цигарчу Кадыровн векало; Соьлжа-ГIалара вахархо шен гIоьнчас лачкъийна вац, аьлла Кадыровс

"Оццул маьттаза хIуманаш лелош чкъор гIоттур ду нохчашлахь, ца моьттура"

Radiomarsho.com 

ХIинццалц Iедална муьтIахь боцурш чубухкуш, кхерош, камерашна хьалха а хIиттош, гечдарш дехийтинехь а, хIинца керла бекхам бен кепаш юкъаяьхна махкарчу Iедалхоша. Нохчийчохь жима стаг дастаме ваккхар емалдеш, дуккхаъчу гоьбевллачу наха дIахьедарш дина. Европехь беха нохчий протесте бовла кечлуш бу.

Коронавирусах 13 стаг кхелхина, 575 цомгуш хилла дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь COVID-19 уьнах велла 13 стаг, цомгуш хилла цунах кхин а 575. Оьрсийчоьнан уьнна духьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, Краснодар-махкахь кхелхина 6 пациент, Ставропол-махкахь а, Дагестанехь а, ГIалмакхойчохь а – шишша. Юхьанца схьа Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 1355 стаг. Керла а, пандеми яьржичхьана а цомгуш хилларш: • Ставропол-мохк +127 (13129) • Краснодар-мохк + 90 (12020) • ГIалмакхойчоь +84 (4966) • Дагестан +80 (11678) • Кхарачой-Чергазийчоь... Читать дальше...

Шен кIантана а, шена а автомат тоьхна дас Сухумехь

Radiomarsho.com 

Сухумехь, тIекIелдинчу цIа чохь, герзаш диттина. Оцу хьокъехь хаам бина ша-шех пачхьалкх кхайкхийначу Абхазин прокуратуро. Цо дийцарехь, чохь иккхинчу девнехь вахархочо Джакирба Шутияс ша цIахь кхобу Калашниковн автомат тоьхна, гайх кхо чов йина шен кIантанна Джакирба Астамурна, цул тIаьхьа, леш, герз ша-шена а тоьхна коьртах. "Джикирба Астамур Республикан дарбан цIийне кхачийна, этIош ву лоьраша реанимацин декъехь. Халчу хьолехь ву иза цкъачунна", – боху хаамо. "Толлуш ду хилларг, процессан къастам тIаьхьо бийр бу", – яздина прокуратуро.

Нохчий ГIирмера "лохку" бохург бакъ ца до цигарчу Кадыровн векало

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирмехь Севастополан декъан бахархоша шайн гуламехь сацамбина меттигера кхиазхойх йолу йоI хьийзорна шайн кIоштахь бехачу нохчийн цхьа тоба макахъяккха, хаам баржийра Телеграмерчу "Подъем" канало. Юьйцург ю Нохчийчуьра болх бан яхана гIишлошйоттархойн тоба, цхьа объект йина а яьлла, кхечу метте болхбан хIоьттина иза, дийцира Кавказ.Реалиига ГIирмехь Нохчийн куьйгалхочун векал волчу Хачукаев Iисас. Цо бакъ ца дира нохчийн хьокъехь севастополхоша гулам бина бохург. ... Читать дальше...

Соьлжа-ГIалара вахархо шен гIоьнчас лачкъийна вац, аьлла Кадыровс

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу синбахаман хьукматашкарчу белхахошца къамел деш, мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана комментари йина меттигера вахархо Умаров Мовсар вадорна шен гIовс Байтуев Мохьмад бехке ву, бохуш, нохчийн пабликашка баржийначу хаамна. Байтуев шен гонехь ву 20 шера чохь, цкъа а ца хилла нахаца гамо йолуш, цуьнан болх деккъа дIа прессица юкъарло латторрий, ша тIедехкина декхарш кхочушдаррий бен бац, цундела цо лоцийла дац стагга а, дIахьойла дац лерина операцеш, цо цхьа а лаьцна, цхьаьнхьа а вигина вац, аьлла Кадыровс. Читать дальше...

Тепсуркаев Салманна иэхье таIзар дарх лаьцна дIахьедар дина Закаев Ахьмада

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь а, дозанал арахьарчу нохчаша а, Оьрсийчохь маьрша болх бан аьтто болчу хаамийн гIирсаша а кху деношкахь доккхачу халахетарца йийцарейо махкара 19 шо долу вахархо, Telegram-ан IADAT каналан авторех волу Тепсуркаев Салман, шен дена а, нанна а лоьш, "ша-шена" таIзар деш, верзина а ваьлла, шишанна тIе хууш яьккхина видео. Оцу хиламан хьокъехь дIахьедар дина дозанал арахьарчу Ичкерин Iедалан министрийн кабинетан куьйгалхочо, Лондонехь вехачу политика Закаев Ахьмада. "Иштта хIума нохчашна юкъахь хир дац моьттура суна... Читать дальше...

Нохчийчохь Лакхарчу кхелан сацамца лачболу сацам тIеэцна кIоштан кхело

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу вахархочо Ибаев Руслана, шегахь хиллачу Тухаева Жанеттица ца вуьтуш, шайн ши кIант шеца витар доьхуш чуделлачу дехарца боьзна сацам арахецна Соьлжа-ГIаларчу Ленинан кIоштан кхело Гезгмашин-беттан 7-чу дийнахь. Сацамо дихкина кхелаша церан хьокъехь кхоччуш къастаяллалц йовллалц Тухаевана а, Ибаевна а бераш деха меттиг хийца, хаам бина "Правовая инициатива" проектерчу Тухаеван адвоката. 2016-чу шарахь дуьйна къуьйсу дас-нанас ши бер - Абубакар а, СаIид а. Тухаевас дийцарехь, Ибаевс шозза дIаваьккхина цуьнгара ши кIант... Читать дальше...

"Суна ши харжам битира цара, ас шолгIаниг къастийра". Нохчийчохь сийсазвина Iедалхойн критик

Radiomarsho.com 

Де хьалха цхьа могIа кавказхойн пабликашкахь видео яьржира, Нохчийчуьрчу верзинаваьккхинчу жимчу стага гора а хIоьттина, ша IАДАТ цIе йолчу оппозицин телеграм-каналан администратор ву бохуш. Цу ролика тIехь, шегара даьллачунна нах къинтIера а бохий, верзина, шишанна тIехуу иза. "ТаIзар до ас сайна, изза шайна дан рагI IADAT-каналан администраторшка дIа а луш", - боху ша 19 шо долчу Тепсуркаев Салман ву олучо. Нахана хьалха оццул стаг сийсазваро цкъа а ца хиллачу кепара эргIадвахийтира массо а. Читать дальше...

Маршо Радион дакъойн могIарахь шен болх меттахIоттийна Венгрин сервисо

Radiomarsho.com 

Гезгмашин-беттан 8-чу дийнахь (шинара) шен болх меттахIоттийна яхначу заманашкахь венгрийн маттахь болх бинчу Маршо Радион сервисо. Иза дIакъевлинера дуненаюкъара «Шийла тIом» боьрзуш, Венгри демократин некъа яьлча. Шен болх цо юхадIаболабо оцу пачхьалкхехь прессин дешан бакъо эшна хилар дуьненаюкъарчу хьукматаша билгалдоккхучу кху муьрехь. "Оха хазахетарца юхаялайо Венгре тхайн контент, юкъараллин хьашташна мутIахь а, аудиторин коьрта проблемаш йийцарна тIехь а йолу Радио Маьрша Европа/Радио Маршо юхайогIу оцу махка"... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *