Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2020
1 2 3 4 5
6
7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19
20
21 22 23 24 25 26 27 28 29 30

Новости за 22.09.2020

Европан кхел: Оьрсийчоьно 67 000 евро охьадилла деза ша гIело йинчу Худалов Муслимна

Radiomarsho.com 

Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелехь "ХудаловгIар Оьрсийчоьнна дуьхьал" цIе йолу дов дирзина Нохчийчуьра Худалов Муслим а, цуьнан нана Худалова Табарак а толарца. Кхело Iазап латторна бехке йина Оьрсийчоь, цо Муслимна охьадуьллур ду компенсаци еш 67 эзар евро, ткъа цуьнан нанна – 2 эзар евро. И ахча Москвано кхелехь тоьллачарна дIадала деза шина бетта чохь. Соьлжа-ГIаларчу Ленинан кIоштан полицино гIело латтийна Худалов Муслимна тIехь 2005-чу шарахь, етташ, ша Оьрсийчоьнан эскаршна тIелетта хиларх даре а дайтина. Читать дальше...

Нохчийчохь гIелоярна блогерна Ломаев Мусана компенсаци яр тIедожийна Оьрсийчоьнна Европан кхело

Radiomarsho.com 

Финляндехь веха нохчийн мухIажир, Оьрсийчуьрчу а, Нохчийчуьрчу а Iедалан критик Ломаев Муса тоьлла цунна Оьрсийчоьно гIелояр толлучу Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан девнехь. 2004-чу шарахь цунна Соьлжа-ГIаларчу полицино йинчу гIелонна жоп луш, Оьрсийчоьно компенсаци йийр ю 50 500 еврона. Шен толамах лаьцна Ломаевс ша хаам бина Кавказ.Реалиига. Цо бахарехь, Европан кхело цунна кхерамзалла кхачош, къайлаяьхьинера цуьнан цIе дов луьстучу муьрехь. "Со воккхаве оцу сацамах. Новкъа ду со хьийзийначу... Читать дальше...

Кхетамца йоллу экстремизм "юсту" тест кечйина Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Кегийрхошлахь лела экстремизм Iорайоккху тест кечйина Нохчийчоьнан пачхьалкхан педагогикан унивеситето. Хеттарш кечдинчу говзанчаша тергоне эцна Кавказан къаьмнийн синкхетаман башхалла. "Цхьацца социал-психологин а, амалан а башхаллашка хьаьжжина юссу амалх экстремизм, террорехьа ойла. Оцу агIор бинчу талламан жамI карарчу муьрехь зуьйш ду, психологин диагностико билгалдоккху кегийрхоша муха тIеоьцу экстремизм, - хаам бо ТАСС агенталлин "Это Кавказ" ресурсо, Нохчийчоьнан пачхьалкхан педагогикан унивеситетан информацина тIе а тевжаш. Читать дальше...

Ахмаров Азамат: "Юккъерчу оьмаршкахь нохчаша гуьржийн йоза лелош хилла"

Radiomarsho.com 

ПРАГА---Нохчийчоьнан Iилманинй Академин археологаша хаамбина, юккъерчу оьмарера гуьржийн йозанан хIоллам карийна шайна аьлла, яздо "Эхо Кавказа" ресурсо. Итон-Кхелан кIоштахь карийначу тIулган блока тIехь йоза ду «асомтаврулин» шрифтехь дитина. Нохчийчоьнан Iилманийн Академин белхахочо-талламхочо Ахмаров Азамата болх бийр бу шен Гуьржийчуьрчу коллегаца оцу текстан шифр йостуш. - Азамат, дийцахьа, хIун тIулг бу шуна карийнарг? ХIинццалц схьа цу кепара тIулгаш хаабеллий шуна? Муха тIекхечира шу цунна? Читать дальше...

Абхазехь низаме яьккхина криптовалютин майнинг, ханна дихкина майнераш чуяр

Radiomarsho.com 

Ша-шеггара пачхьалкхалла кхайкхийначу Абхазин Iедало низаме яьхна критовалютин ферманаш, амма цхьана ханна дихкина уьш кхиош болу гIирс махка бар. Оцу хьокъехь омра арахецна премьер-министра Анкваб Александра, яздо  Эхо Кавказа проекто. 2018-чу шарахь бина бехкам дIа а боккхуш, криптовалюта даккха магадо махкахь. Шина баттана дихкина и валюта доккху гIирс чубан. Мах хIоттийна совдегарша криптоферманаша ягочу тоьканна – 1,5 сом киловаттах. Криптовалюта доккхучу ферманаша цIеххьана совъяккхира Абхазехь ягаен ток. Читать дальше...

17 стаг велла уьнах, 603 цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 17 пациент, цомгуш хилла 603, хаам бо Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо. Дагестанехь а, Краснодар-махкахь а велла пхиппа вахархо, Ставропол-махкахь – кхоъ, ГIалмакхойчохь – шиъ, ГIалгIайчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а – цхьацца. Верриг а Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велларг ву официалан хаамашца 1508 стаг. Дийнахь-буса а, пандемин берриг а муьрехь а цомгуш хилларш: Ставропол-мохк +145 (14914) Краснодар-мохк... Читать дальше...

Росстат: пачхьалкхехь баларш стохкачул алсамдевлла кхушара

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан статистикан урхаллин Росстатан терахьаша гайтарехь, 2020-чу шеран ворхI баттахь хилла баларш ду стохкалерчу ворхI баттахьчул 58 эзар гергга сов. Оцу хена чохь COVID-19 уьнах велла Оьрсийчохь 22,6 эзар вахархо, 15,3 баларш кхечу цамгарех ду аьлла яздинехь а, оцу беллачийн диагнозехь коронавирус а ю. Оцу хьокъехь яздина, Росстатан информацина тIе а тевжаш, "Медицинский вестник" хьосто. Ткъа Москварчу могашаллин депортаменто дIахьедина, баларш шахьарахь стохкачул совдовлар дозу кхушара яьржинчу коронавирусца, аьлла. Читать дальше...



Адыгейн куьйгалхо цомгуш хилла коронавирусах

Radiomarsho.com 

Адыгейн куьйгалхочунна Кумпилов Муратна COVID-19 ун кхетта хилар т1ечIагIдина лоьрийн тесташа. Оцу хьокъехь цо тахана хаийтина шен Instagram-агIонехь. "Дистанционан рожехь болх бан деза. Бахьана - COVID-тесто цамгар гойту. Хьал-де вон дац, цамгар яйн кепехь хаало cуна сайца. Кхин цкъа а доьху ас, Iалашделаш шаьш, сан гергарнаш, уллеранаш! – яздина Кумпиловс. Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан хаамца, пандеми йолаелчхьана Адыгейхь коронавирус кхетта 3824 вахархочунна.

Вийна я Iазапах велла. Полисхоша шен ваша лачкъорах дуьйцу Нохчийчуьрчу вахархочо

Radiomarsho.com 

Товбеца-беттан 18-чохь, цо болх бечу Соьлж-ГIаларчу ресторанера лаьцна вигира Умаров Мовсар, чIагIдо цуьнан гергарчара. Ленинскан кIоштарчу полицин декъехь волчу цунна тIекхиира уьш шолгIачу дийнахь. Нохчийн оппозицин блогеран Абдурахманов Тумсон ютуб-канале иза хьоьжуш хиларна, цунна тIе бIаьрг хIоьттинера шайн аьлла, дIахьединера ницкъахоша. Цул тIаьхьа вайра Мовсар, цуьнан цIийнах болучаьрга хаам бира, талламан барамаш дIахьочу заманчохь, ведда, шайн карара ваьлла иза. Мовсаран гергарчу нахана, иза дийна вац аьлла хета. Читать дальше...

Дагестанера боксер верца доьзна лоьху стаг дIавелла Оьрсийчоьне

Radiomarsho.com 

Зуламаш дарна Оьрсийчоьно бехкевечу цуьнан кхаа вахархочунна экстрадици йина Германино, хаам бина Оьрсийчоьнан Инарла прокуратурин пресс-векалто. Царалахь ву 29 шо долу краснодархо Курбанов Рустам-Бек а. Иза шеконехь ву 2014-чу шарахь Дагестанера боксер Гаджимагомедов Расул верна. Талламо дийцарехь, дов иккхинчохь Курбановс логах урс тоьхна боксерна. Оьрсийчу дIахьажийна волу кхин шиъ ву Москвара Позов Антон а, Пуп Думитр а – царна бехке дохку хьал-бахамца доьзна зуламаш. 2019 шеран бIаьста... Читать дальше...

Юха а карантинан дозанаш детта Европехь

Radiomarsho.com 

ЦIеххьана COVID-19 ун марсадаьллачу Европерчу пачхьакхалкхаша юха а карантинан барамаш тIоьцу. Вирус яьржинчу пачхьалкхашлахь хьалхарчу меттигехь ю Чехи. Оцу юккъехула могашалла Iалашъяран министро Войтех Адама шегара дарж охьадилли.

Путинан омранаш: политрук «денвеш» ву, кхелахошна алапаш лакхадохуш ду

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Къоман Гвардехь (иза кхоьллина 2016-чу шарахь) тIеман-политикан болх вовшахтохарх лаьцна омра арахецна президента Путин Владимира. Омрано ца хоуьйту муха хир ду тIеман-политикан белхан хатI. Амма тIеман министраллехь кхо бутт хьалха кхоьллинчу Коьртачу тIеман-политикан урхаллин сайто бечу къастамца, оцу урхаллин Iалашо ю "тIеман-политикан пропаганда а, агитаци а " лелор, "эскархойн синкхетам, политикан хьажам кхиор",  эскархочух "ойланца вуьззина тIемало вар". Политрукийн институт... Читать дальше...

Иркутскехь мохк бегийна, эпицентрера ластам – 5.5

Radiomarsho.com 

Сейсмологин терахьашца ластам 5.5 а болуш, мохк бегийна Иркутскехь. Латта дегош хааделла Иркутскан махкахь а, Бурятехь а. Оцу хьокъехь хаам бо Сибирь.Реалиино, меттигерчу хьосташна тIе а тевжаш. Европан-Лаьттаюккъерчу хIордан сейсмологин центро тергалбина ластам бу 5,5 балл. Хиламан эпицентр Байкал ишална гергахь, Култук юьртахь, Иркутсканна 71 километр юьстах ю. Социалан машанашкахь бахархоша бечу хаамца, шозза бегийна мохк, юкъа 20 минот а юлуш. Бохам хиларх лаьцна бац хаамаш. Iилманчаша динчу зераша бахарехь... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *