Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2020
1 2 3 4 5
6
7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19
20
21 22 23 24 25 26 27 28 29 30

Новости за 19.09.2020

Халкъ а, Iедал а вовшашна муьтIахь хиларна Малхбузен питанаш эшон ницкъ кхочу шайн, боху Кадыровс

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу Iедалхоша диллина, цIена, тешаме къамел до бахархошца, цундела Малхбузен питанашна дуьхьало латтало аьлла, яздина нохчийн куьйгалхочо Кадыров Рамзана "ВКонтактерчу" шен пена тIехь. "ТIаьххьарчу заманчохь Нохчийчоьнан куьйгаллийна а, нохчийн къомана а дуьхьал кеп-кепарчу социалан машанашкахь йолийна йоккха информацин кампани ю.  Малхбузерчу институташа эвсара йоцучу кепашца, амма тIетаьIIина хьийза бахархой меттахабаха, Iедал а, халкъ а къасто гIерташ. Халкъ а, Iедал а цхьа барт болуш хиларна... Читать дальше...

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь ковидах велла 17 дархо, вирус кхетта 600 стагана

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 17 пациент. Вирус къаьстина 600 стагаца. Эпидеми ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу штабан статистикаца, Краснодаран кIоштахь велла ялх дархо, Дагестанехь а, Ставрополан махкахь а пхиппа, ГIебарта-Балкхаройчохь кхелхина цхьаъ.   Верриг а Къилбаседа Кавказехь COVID-19 ун токхуш ву 1 467 пациент. ТIаьххьарчу дийнахь, бусий динчу зерашца, къаьсттина алсам бу ун даьлла нах Ставрополан махкахь: 139 стаг: Ставрополан махкахь̆ +139... Читать дальше...

Ужахов Малсаг лаьцна вуьтур ву кхин а шина баттахь

Radiomarsho.com 

Ставрополан кхело лаьцна вуьтуш кхин а шина баттана дIаяхъйина Ужахов Малсаган хан. 67 шо долчу къаночунна бехкаш дехкина, Iедалан векалан могашаллина зен дар, нах къепе йохо, низамехь доцург лелон гIовттор, оцу Iалашонца Iедалх йоцу юкъаралла кхоллар аьллачу артиклашкахь. Стохка Зазадокху-баттахь митинг йирзинчул тIаьхьа 150 эзар соьмана гIуда туьйхира Ужаховна, Чиллан -баттахь адвокатан аьтто хилира итт эзар соьме гIуданан барам охьабаккха. Товбеца-баттахь Гезгамашин-беттан 25-чу дийне кхаччалц лаьцна ваитира иза. Читать дальше...

Буса уллохь воккханиг а воцуш дуьйладелла лелачу берийн дайшна а, наношна а гIуданаш деттар ду

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIалин мэрихь дIаяьхьначу кхеташонехь сацам бина, буса итт сахьт даьллачул тIаьхьа уллохь воккханиг а воцуш, дуьйладелла лела бераш лоьцуш, рейдаш дIаяхьа. "Буса берашна тIехь Iуналла ца даро диканиг дохьур дац. Иштта, толлур ю буса, берашна езаелла компьютеран клубаш а цхьана", - аьлла, дIахьедина шахьаран мэрин векалша. Старопромыслан кIоштан прокуроро а, полисхоша  а дакъалаьцначу кхеташонехь билгалдаьккхина, тIекхуьучу чкъураца беш болу болх жигара баккха беза аьлла.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *