Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2020
1 2 3 4 5
6
7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19
20
21 22 23 24 25 26 27 28 29 30

Новости за 30.09.2020

Кремль "цIанъели", Таймусханов бехкала хьарчий, Илаевна тховкIело ца ло

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь вайна Умаров Мовсар полисхоша лаьцна вац аьлла Оьрсийчоьнан Iедало; Таймусханов ДаIишан могIарш дуза гIертар бакъдина кхелахоша; Оьрсийчоьно схьавоьхучу нохчийн мухIажирна тховкIело ца ло Украино

Закаевца къамел хилла ОБСЕ-н

Radiomarsho.com 

Швецин парламентехь Европан кхерамзаллин а, цхьаьна болх баран а организацин (ОБСЕ-н) Парламентан ассамблеян вице-президентаца Маргарет Седерфельтца кхаарин дийнахь цхьаьнакхетта Нохчийчоьнан Ичкерин дозанал арахьарчу куьйгаллин векал Закаев Ахьмад. Дийцаредина Нохчийчохь Iедалан агIор дуьйлу зуламаш а, Оьрсийчоьно уьш тергал цадар а. Алссам тидам тIеберзийра Швецин парламентан декъашхоша а, Седерфельта а бутт хьалха нохчийн къоначу оппозиционерна Тепсуркаев Салманна оьзда доцу таIзар кхачор а, и 19 шо долу жима стаг доьза вар а. Читать дальше...

"Айса селхана лелийнарг тахана лелор дацара ас". Кадыровн дохковалар

Radiomarsho.com 

Шабаев Мансур Гезгамашин-беттан 19-чу дийнахь Кадыров Рамзана махкарчу информацин министраца къамел деш, хьахаделира социалан машанашкахула Нохчийчоьнан куьйгалхо, цо ша ма-аллара, винчу дийнахь мехкаршца сакъоьруш гойту суьрташ. Шен дахарна юкъагIерта цхьаьнненан а яц бакъо, бохура цо – дукха хан яра из оццул халахетта ганза. 43 шо долчу Нохчийчоьнан куьйгалхочо бохура, "ду дера къинош-м", шена уьш долуш новкъа ду, ша "доьху Веза-Воккхачуьнга уьш тIера дахар". Оцу юккъехула элира, ша мехкаршна юкъахь лаьтташ гойту и суьрташ хазахета шена. Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса ковидах велла 16 дархо. Ун даьлла 633 вахархочунна

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах кхелхина 16 дархо, цомгаш хиларца къаьстина кхин а 633 стаг. Эпидеми ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабо динчу зерашца, Дагестанехь велла исс пациент, Ставрополан кIоштахь виъ, Краснодаран махкахь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, ГIебарта-Балкхарочохь а  цхьацца велла. Верриг а Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирусах хьалха ца ваьлла 1 635 стаг. ТIаьххьарчу 24 сахьтехь хIоттийначу статистикаца, Ставрополан кIоштахь дукха бу ун даьлларш- 148 стаг... Читать дальше...

Нохчийчуьра Умаров Мовсар варна шаьш гунахь дац, аьлла Оьрсийчоьнан Iедалхоша

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь вайначу Умаров Мовсаран хьокъехь Европан адамийн бакъонийн кхело (ЕСПЧ) хьовсийначу хеттаршна жоьпаш делла Оьрсийчоьнан векало Гальперин Михаила. Цо бахарехь, Оьрсийчоьнан талламчашна къаьстина, Умаров Нохчийчохь полисхоша лаьцна воцийла а,  цхьана а ницкъаллийн структурийн декъе валийна цахилар а, я цунна тIехь шогалла  лелийна яцар а. Бакъоларъярхошна тешам болуш ца хета церан дIахьедар, цара тIедожийна 39-чу бакъонех пайдаэцар, хаамбинаКаспаров.Ru гIирсо "Iазапна дуьхьало латторан комитето" (КПП). Читать дальше...

Шемара "Исламан пачхьалкх" шех олу тоба ерриг а хIаллакъярх дIахьедина Шойгус

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан эскарша Шемара  "Исламан пачхьалкх" шех олу ерриг а организаци хIаллакйина пхеа шерачохь аьлла, дIахьедина тIеман министро Шойгу Сергейс "Красная звезда" газетана еллачу интервьюхь. Цо билгалдаьккхина, Шемахь Оьрсийчоьнан мисси оьшуш хилла хилар а, тIеман операци йолош бина сацам а нийса бара аьлла. "Пхи шо хьалха Лакхарчу эскарийн коьртачу хьаькамо хIоттийна Iалашо, еррриг а кхочушйина. Дуьненаюкъара террорхойн "Исламан пачхьалкх" шех олу тоба Шемахь лелаш яц, цхьа террорхо Оьрсийчу сехьаваьлла а вац, аьлла Шойгус. Читать дальше...

Таймусхановс "даIишхойн могIарш дузар" тIечIагIдина кхело

Radiomarsho.com 

Террорхошна гIо латтош хилла ву аьлла, набахтехь даккха ялх шо хан кхайкхорна Ноьвран-кIоштарчу Калиновская эвлан вахархочо Таймусханов Султанан латкъамбар хийцанза дитина тIеман апелляцин кхело.  Мангал-беттан 8-чохь Ростоврчу тIеман кхело терроризманна бехке а вина, Таймусханов 6 шарна набахте хьажорах яздира Кавказ.Реалиино. Цуьнан адвокато арз динера Къилбаседан гонашкарчу  тIеман кхеле, амма Апелляцин тIеман кхелан коллегино ша ма-хиллара битина хьалхарчу кхелехь бина сацам аьлла, дийцина "Кавказский узел" агенталле кхелан белхахочо. Читать дальше...

Нохчийчуьрчу вахархочунна тховкIело яла дуьхьал ю Украина

Radiomarsho.com 

Миграцин хьукмато Нохчийчуьрчу вахархочунна Илаев Амхьмадна тховкIело ца луш биначу сацамна духьал бина латкъам жоп доцуш битина Украинан кхелаша. Илаевс бина и хаам Кавказ.Реалиига. Цунна мухIажиран статус цаялар тIечIагIдина, нохчочун интересаш Iалашъеш хиллачу  адвокато Ангелин Ивана а. "Лакхарчу кхело ур-атталла листа а ца долийра цуьнан арз, хьалхарчу инстанцехь дина вердикт ша ма-дарра дитира, - аьлла цо. Ангелина бахарехь, гергарчу хенахь цуьнан клиент юха а кхеле вала дагахь ву, шен гIуллакхехь цхьацца хилла хийцамаш чоьте а эцна. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *