Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2020
1 2 3 4 5
6
7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19
20
21 22 23 24 25 26 27 28 29 30

Новости за 23.09.2020

«Гуьржийн йоза лелош хилла нохчаша»

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан Iилманинй Академин археологаша хаамбина, юккъерчу оьмарера гуьржийн йозанан хIоллам карийна шайна аьлла, яздо "Эхо Кавказа" ресурсо. Итон-Кхелан кIоштахь карийначу тIулган блока тIехь йоза ду «асомтаврулин» шрифтехь дитина. Нохчийчоьнан Iилманийн Академин белхахочо-талламхочо Ахмаров Азамата болх бийр бу шен Гуьржийчуьрчу коллегаца оцу текстан шифр йостуш.

Нохчийчуьрчу шина кIоштан куратор хIоттийна Кадыровс шен йишин воI

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен йишин кIант, мехкан некъан инспекцин коьрта буьйранча Черхигов Идрис хIоттийна Гуьмсан а, Шелковскан а кIошташна тIехьажархо, яздо "Кавказский узел" газето. Оцу даржехь вара хIинццалц Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан. Черхиговс чекхъяьккхина Москвахь дешаран ши хьукмат - Суворовн цIарх йолу тIеман доьшийла а, ТIеман университет а. Дешна воллушехь вира цунах Кадыровс шен администрацин куьйгалхочун гIовс. 2017-чу шарахь цуьнга елира мехкан некъан кхерамзаллин инспекци. Читать дальше...

ВорхI бер дIадуьгур ду Шемара Нохчийчу

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра бух болу 7 бер Шемара Оьрсийчу кхача тарло кестта. Берийн омбудсменан Кузнецова Аннин дешнашна тIе а тевжаш, хаам баржийначу Нохчийчуьрчу омбудсменан аппаратерчу векалша дийцарехь, пхи бер ду ДормидонтовгIарех (Макка, Iайша, Хадижа, Мансур, Iумар), АбкаровгIеран доьзалера – шиъ (ПетIамат, Маьхьди). "Оьрсийн белхалой Шемин Республикехь Iачу юкъанна карийна бераш долу меттиг", - боху Нохчийчохь адамийн бакъонаш тергалъечу президентан векалан аппарато. Дийцарехь, берийн гергарлонаш къастош, зераш дан схьаэцна ДНК-материал. Читать дальше...

Берлинерчу клиникера араваьлла Навальный Алексей

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьра оппозиционер Навальный Алексей шинарин дийнахь аравалийтина Берлинерчу "Шарите" клиникера. Иштта хаам баржийна клиникан сайто. "Стационарера аравалийттал дика а волуш, дIавахана пациент. 32 дийнахь Iиллира Навальный Алексей "Шаритехь", оцу денойх 24 цо реанимацехь даьккхира. Лоьрашна хетарехь, иза вуьззина товала тарлуш ду. Ткъа дIаьвшан цхьайолчу тIаьхьалонех лаьцна цкъачунна алалур дац", - боху лоьраша. Хаам баржийна шен Навальныйн а, цуьнан зудчун а пурбанца, боху дарбан цIийнан сайто. Читать дальше...

Кхуьуш ду уьнан дараш. 19 стаг велла дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла кхин а 19 стаг. Дийнахь-буса цомгуш хилла 608, боху Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан статистико. Дагестанехь велла ворхI стаг, Краснодар-махкахь – пхиъ, Ставропол-махкахь, ГIалмакхойчохь, ГIалгIайчохь - шишша, ГIебарта-Балкхаройчохь – цхьаъ. Верриг а уьнах велларг ву Къилбаседа Кавказехь, официалан хаамашца, 1527 стаг. Дийнахь-буса а, юхьанца дуьйна а кхиина цомгушчийн терахьаш: Ставропол-мохк +143 (15057) Краснодар-мохк + 94 (13313)... Читать дальше...

Ялх тутмакх ведда Дагестанерчу набахтера. Лаьтта бухахула

Radiomarsho.com 

ХIинжа-ГIаларчу №2 набахтера ялх тутмакх ведда. Уьш лаха арабевлла дуккха а ницкъхой. Кавказ.Реалиига Федералан таIзар кхочушдаран урхаллин Дагестанерчу декъан пресс-векалто бинчу хаамца, лецна кхобурш набахти чохь боцийла хааделла шинарин буса, 23:40 хан йолуш. Набахтин керта йистошца карийна лаьттах даьккхина Iуьрг. Итт шарал сов хенаш тоьхна хилла, 5-11 шераш такха дисина нах бу бевддарш, билгалдаьккхина Дагестанерчу набахтийн куьйгалхочо Поляков Андрейс. "Сихха гIаттийна Дагестанера набахтешна тIехьожу тоба. Читать дальше...

"Рамзан велла, Мовсар вийна". Нохчийчуьрчу дас-нанас дуьйцу Iедалхой шайна тIаьхьабовларх

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан дехарца Интерполо лоьхуш ю Туркойчохь еха Нохчийчоьнан яхархо Сулейманова Арубика. Инсульт хиллачул тIаьхьа халла бен къамел а ца далуш йиссина 60 шо кхаьчна зуда. Ах ког дIабаьккхина а ю иза, даймахкахь бехкаш дохку цунна террорхойн гIоьнча хилла ю бохуш. Нохчийчохь шолгIа тIом бирзинчул тIаьхьа Ичкеригахьа тIом бан цуьнан кIентий гIевттича, Арубикина бехкаш дехкира, гIаттамхошна гIо деш ю аьлла. Стамбулна генарчу кIоштахь ехаш ю Арубика шен хIусамдеца Хьасанца. Веданан кIоштарчу эвлара бу уьш шаьш, шинне а 60 шераш ду. Читать дальше...

Дагестанехь гулам бохийна Росгвардино. Лазийнарш бу

Radiomarsho.com 

ХIинжа-ГIалица йозучу Красноармейское юьртахь гуламе бевлла бахархой ницкъаша дIасалаьхкина Росгвардин декъо. 20 стаг лаьцна, шинна чевнаш йина, аьрташ лазийна бу дуккха а гуламхой. Иштта хаам баржийна "Черновик" газето. Бахархой арабевлла хилла шайн юьртан долахь ларалучу лаьтта тIехь юьстахарчу хьукматашка гIишлош ца яйта. Гулбеллачийн терахь 300 кхочура, яздо дозуш доцчу газето. ТIе гIишлош хIитто долийна латта гоне лаьцна хилла Росгвардин декъо, цунна тIе тIулгаш детта буьйлабелла Красноармейское юьртара нах. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *