Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2020
1 2 3 4 5
6
7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19
20
21 22 23 24 25 26 27 28 29 30

Новости за 28.09.2020

Соьлж-ГIалахь юха а бертаза футболе хьовса бахийтина бахархой

Radiomarsho.com 

Екатеринбургерчу "Уралан" Соьлж-ГIаларчу "Ахмат" клубаца хиллачу матчехь дакъалаца декхаребина хилла дахначу кIиранан дийнахь Нохчийчуьра белхахой церан хьаькамаша. Бюджетан организацийн белхахошна хьалххе дIахаийтина хилла, футболан ловзаре хьовса баха безаш уьш хиларх,яздо "Кавказский узел" агенталло. "Мукъаденош герга кхочуш схьахьедира тхоьга кIирандийнахь "Ахматан" матчехь хила деза шу аьлла. "Резабоцурш" бацара, хIунда аьлча, вогIур воцчуьнга балхара дIавала олу. Цундела масса а дIабоьлла шайна тIедожийначух. Читать дальше...

Карабахехь герзаш деттар юхадолийна аьлла Бакуно а, Еревана а

Radiomarsho.com 

Азейрбайджано а, Эрмалойчоьно а дIахьедина, Карабахехь герзаш кхийсар марсадаккхарх. Конфликтан шина а агIоно хаамбо, еза артиллери а юкъаялийна аьлла. Эрмалойчоьнан тIеман министралло дIахьедина, буса сахиллалц тIемаш бира цигахь аьлла. Азербайджанан тIемалоша Эрмалойчоь бехкейо Тертер гIалахь кхийсарш дарна, яздо Свобода Радионо. Карабахехь юкъа а телхина хьал. Эскалацина бехкаш вовшашна тIетоьтту Еревано а, Бакуно а. Масех иттаннашкахь шина а агIор нах байина. Иштта яздора, маьршачу нахалахь а ду зенаш аьлла. Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь ковидах велла тIаьххьарчу дийнахь-буса 11 стаг, ун даьлла ву 620 пациент

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь а, буса а коронавирусах велла 11 пациент, ун къаьстина 620 стагаца. Эпидеми ца яржийта Iалашонца кхоьллинчу оперативан штабан зерашца, Дагестанехь велла ворхI дархо, Ставрополан махкахь кхоъ, Краснодаран махкахь цхьаъ велла. Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьжичхьана COVID-19 вирусах кхелхина 1 600 стаг. ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Iорадаьхначу терахьашца, къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Ставрополан кIоштахь - 144: Ставрополан махкахь +144 (15 781... Читать дальше...

Кхелхина бакъоларъярхо, диссидент Орлов Юрий

Radiomarsho.com 

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь велла бакъоларъярхо, диссидент Орлов Юрий. Цуьнан кхалхарх информаци Iораяьккхина бакъоларъярхочо Ковалев Сергейс. Даймехкан Сийлахь тIеман декъашхо а вара Орлов. 1951-чу шарахь Москван пачхьалкхан университетан физикан, техникан факультет яьккхира цо. Цул тIаьхьа белхаш бира "СССР-н атоман проект" олучу къайлахчу лабараторехь.  1956-чу шарахь балхара дIаваьккхира иза, иштта дихкира цунна болхбан къайлахчу документашца. Коммунистийн партера а вохийра иза, цуьнан социал-демократин идейш бахьана долуш. Читать дальше...

Белорусино Оьрсийчоьне дIавеллачу Сайдумовх хилларг хууш дац цуьнан гергарчарна

Radiomarsho.com 

Ши кIира хуьллуш лаьтта Веданан кIоштарчу Дишни-Веданара схьаваьллачу Сайдумов Сидикъах хилларг цуьнан гергарчарна хууш доцу аьлла, хаамбина Маршо Радиога цуьнан накъосташа. Францехь бехачу шен доьзалх дIакхета воьдучу заманчохь транзитехь Белорусехь нисвелла Сайдумов меттигерчу Iедалхоша лаьцна, дIавелира Оьрсийчоьне. Белорусин Iедало иза лацаран бахьанаш хууш дац, доттагIаша бахарехь, ур-атталла, лехамашкахь а вацара иза. ТIаьххьарчу 7 шарахь Францехь вехаш хилла Сайдумов шен хIусамненаца а, кхаа бераца а. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *