Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Апрель
2021

Новости за 08.04.2021

Амурехь "Ахмат" клубан куьйгалхо лаьцна рэкетца доьзна. Героин карийна цуьнан цIийца

Radiomarsho.com 

Амур-махкахь нахера ахчанаш дахарх йолчу шеконца лаьцна меттигерчу нохчийн диаспоран лидер, меттигерчу "Ахмат" спортклубан куьйгалхо Магомадов Адам, хаам баржийна "Комсомольская правда" газето шен цигарчу хьасташна тIе а тевжаш. Цуьнца цхьаьна лецна цуьнан белхан накъостий Алдамов Ширвани а, Гаджимагомедов Курбан а, Камилов Мохьмад а. Уьш, газето бахарехь, гIагIадиллинчу техникан эскарера контрактхой бу. Хьасташа дийцарехь, рэкет лелош хилла лецначара. Меттигерчу цхьана бизнесхочунна "тхов"... Читать дальше...

Европан Кхеташо: Уггаре лахара ю тутмакхашна ен харжаш Оьрсийчохь

Radiomarsho.com 

Европехь Оьрсийчоь лидер ю набахтешкахь бохку нах дукха хиларца, боху Европан Кхеташонна талламаш дIабаьхьначу Лозаннерчу университето. Пачхьалкхехь хIора 100 эзар вахархочух набахтех воллу 356 (берраш - 519 618 стаг). Европехь массанхьачул лахара ю Оьрсийчоьно шен тутмакхашна еш йолу харж – 2,8 евро дийнахь. Ткъа оцу хьелашкахь уггаре лакхара ю набахтийн бюджет – 4,1 миллиард евро. Тутмаккхийн баларш Европехь 2019-чу шарахь 10 эзарна юкъахь 47,7 дара юккъерчу барамехь. Оьрсийчохь и терахь оццу... Читать дальше...

Политикан тутмакхийн терахь десташ ду Нохчийчохь, "харц нах" Iорабахар а санна

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказехь терроран кхерам лахбелла, аьлла Росгвардин буьйранчас; 1ADAT телеграм-каналан экс-модератор политикан тутмакх лору "Мемориало"; зуда ялийначохь некъан низам дохорна нахалбаьхна Хьалха-Мартанара кегийрхой

"ХIума хууш йолу" кхо яхархо Iораяьккхина Нохчийчохь. Пачхьалкхан теленеканалехула гайтина уьш

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь "хIума хууш йолу" кхо яхархо лаьцна. Шайн клиенташца цхьаьна бехкаш баьхна цаьрга мехкан телевизионехула. "Шайн клиенташка шаьш мехах хьовзамех мукъабохур бу, доьзалера дахар дIанисдийр ду, баьхна цара, сардам хьарчош а хьийзина", –хаам бо ЧГТРК "Грозный" телеканало. Лецнарш бу зударий - Веданара шиъ а, Хьалха-Мартанара цхьаъ а. Цаьрца къамел дина Исламан медицинан центрерчу говзанчас Эльжуркаев Адама. Телерепортажо бахарехь, къамелах декъашхой кхетта, шаьш гIалат хилар даре а дина, нах шайна къинтIера а баьхна. Читать дальше...

Нускал хьовзош некъан низам дохорна нахалбаьхна Хьалха-Мартанара бахархой

Radiomarsho.com 

Хьалха-Мартанарчу веа вахархочо нахе шайна къинтIерабовлар дехна шаьш зуда ялийначу барамехь шайн транспортаца некъан низам дохорна. Нохчийчоьнан некъан инспекцин урхалло видео яржийна царна довдеш. "Урхаллин куьйгалло ша динчу къамелехь бовзйитина, ирча таьхьало а йолуш, махкахь хилла некъахьовзамаш, теллина церан бахаьнаш а, зуламаш динчара юьхьалаьцна хилларг а, гайтина маьттаза лелачех долу масал", – яздина шен инстаграмехь республикан некъан инспекцин урхаллин куьйгалхочо Черхигов Идриса. Хьалхо социалан машанашкахь видео яьржира... Читать дальше...

"Нохчий ма бига эскаре"

Radiomarsho.com 

Москварчу тIеман коьрта комиссара Шепилов Виктора шен куьйга кIелхьарчу комиссарашка ма-хуьллу лахде ГIалгIайчуьра а, Нохчийчуьра а кегийранаш экаре кхайкхар аьлла дина омра халахетарца тIеэцна шина а республикехь. Документо гIалгIай, нохчий Оьрсийчоьнан ТIеман ницкъашка цаэцар дузу "оцу лакхахь хьахийначу къаьмнийн векалшка тIеман кечам вовшахтуху а, чIагIбен а процессна тIеIаткъамбар" магийта йиш яцарца.

Къилбаседа Кавказехь терроран кхерам лахбелла аьлла Росгвардин буьйранчас

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу шерашкахь Къилбаседа Кавказехь терроран кхерам хаъал лахбелла, регионехь кегий гIеранаш бен ца йисина. Иштта ду Федералан халкъан гвардин эскарийн урхаллин куьйгалхочо Золотов Виктора дина дIахьедар. "ФСБ-н а, Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин а, Росгвардин а оперативан балхо шен хенна дIаюкъу уьш", – аьлла Золотовс гIеранех дерг довзуьйтуш ша ТАСС агенталле еллачу интервьюхь. 2018-чу шарахь дуьйна Росгварди дуьхьаллаьтта Шемарчу терроран кхерамна, цигахь пайдаоьцу IаIийначу зеделлачух, боху цо. Читать дальше...

Нохчийчохь дина тIеман зуламаш талла дагахь бу Ичкерин агIончаш

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьно эскарша Нохчийчохь дина тIеман зуламаш талла йолчу Iалашонца Нохчийн къоман цIарах кхел кхоьллина шаьш аьлла, дIахьедина дозанал арахьа куп тоьхначу дуьнено къобалйина йоцчу Ичкерин Iедалан хьалханчас Закаев Ахьмада. Цо дийцарехь, шен куьйгалхо а, могIара исс кхелахо а, прокуроран аппарат а хир ю кхелан, ткъа белхан декъаузур бу «дуьненна а бевза эксперташ». Хьукматан Iалашонех лаьцна иштта дуьйцу Закаевс: «Оьрсийчоьнан эскарша, цуьнан инарлаша бинчу тIамо зенаш дина дукха нах бу Нохчийчохь... Читать дальше...

1ADAT телеграм-каналан экс-модератор политикан тутмакх лору "Мемориало"

Radiomarsho.com 

Бакъонашларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн тептара язйина "Мемориал", амма и статус шена  тIе ца эцна "Мемориало" – редакцин билгалдаккхар) Нохчийчуьрчу оппозицин IADAT телеграм-каналан модератор лаьттина, 2020-чу шеран Гезгмашин-баттахь лачкъийна волу Тепсуркаев Салман политикан тутмакх лору. "Тхан буьззина бух бу вадийначул тIаьхьа иза Нохчийчу кхачийна, цигахь ницкъаша лаьцна латтийна, адаман сий дожочу кепехь хьийзийна ала. Оха Тепсуркаев Салман лачкъош а,... Читать дальше...

"Артдокфесте" киногайтаман болх сацон гIоьртина SERB-болам

Radiomarsho.com 

Кремлехьа болу SERB болам сацадайта гIоьртина дкументалан кинон "Артдокфест" фестивало Москварчу "Октябрь" кинотеатрехь "ЦIехьа некъа" ("Дорога домой") фильм гайтар. Социалан машанашкахула хаийтина шайна новкъарло еш хиларх гайтаман куьйгалхоша. Фестивалан фейсбукехла хоуьйту SERB боламан жигархой кинон экран тIе басар ласто гIерташ хьийзина хилар. Уьш басарш кегош, кечдеш Iачу хенахь кинотеатран хано духьало йина царна – видеокамераша гучубаьхна уьш. Полици еана кинотеатре. Режиссера Ненашев... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *