Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Апрель
2021

Новости за 15.04.2021

Гадаевга ша могуш ву алийтина Нохчийчохь, ткъа Пачхьалкхан Дума ю "Ахмат" клубна гIо доьхуш

Radiomarsho.com 

Нохчийчу дIавигна Гадаев гойтуш видео араяьлла. Гергарнаш ца теша цуьнгара хьал вон дац бохучух; Нохчийчуьрчу "Ахмат" клубана гIодар дехна Пачхьалкхан Думехь. Санкцешна кIел ю иза

Дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах 22 стаг велла. Цомгуш хилла кхин а 349

Radiomarsho.com 

Коронавирус кхетта хилар билгалдаьллачу нахах 22 пациент велла Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса, цомгуш хилла кхин а 349 стаг. Оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь велла COVID-19 цамгар кхеттачех 11 стаг, Ставропол-махкахь – 5, Къилбаседа ХIирийчохь а, ГIалгIайчохь а – шишша, Дагестанехь, Адыгейхь – цхьацца. Верриг а падеми йолаелчхьана схьа коронавирусах Къилбаседа Кавказехь велларг ву 8880 стаг. Ун кхетта нах массанхьачул дукха бу Краснодар-махкахь. Краснодар-мохк +... Читать дальше...

Нохчийчуьрчу актерана еттар ца талла бина хилла сацам юхабоккхур бу бакъоларъярхойн дехарца

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIаларчу театран актерна Дебишев Тимурна тIехь Iазап латтор талламе ца даккха бина хилла сацам юхаэцийта гIертачу бакъоларъярхошна тIетайна Нохчийчоьнан Лакхара кхел. Цо Дебишевн арз юхалистийта хьажийна Охан-беттан 14-чохь. Амма дехар цхьана декъанна бен кхочуш ца дина Лакхарчу кхело. "Оха дехнера Старопромыслан кIоштан кхелан сацам юхабаккхар, Лакхарчу кхелехь бинчу талламца боггIу керла сацам тIеэцар. Лакхарчу кхело билгалдаьккхина хьалхарчу инстанцино процессуалан низамаш талхийна хилар... Читать дальше...

Зуламхо эшийна йоI полице балха оьцуш ю Къилбаседа ХIирийчохь

Radiomarsho.com 

БуьритIехь зуламхо эшийначу йоIе болх кховдийна полицино. Ша тротил оьккхуйту аьлла, деношкахь гIаларчу туькан чу стаг иккхинчу муьрехь гайтина цо доьналла. Кавказ.Реалиига Къилбаседа ХIирийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин пресс-векалтехь дийцира туьканахь болх беш йолчу оцу йоIа зуламхо, цо букъ туха хан а ларйина, тIекхетта, полици чукхаччалц охьавиллина латторах лаьцна. "Майра хьовзарна йоIанна совгIат дан дагахь, цуьнца зIене бевлла тхан накъостий. Хиина, иза дукха хенахь дуьйна полицехь болх бан лууш хиллийла. Читать дальше...

Нохчийчуьрчу "Ахмат" клубана гIодар дехна Пачхьалкхан Думехь. Санкцешна кIел ю иза

Radiomarsho.com 

Пачхьалкхан Думан спортехула йолчу комитето къобалдина Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа санкцеш кхайкхийна футболан "Ахмат" клуб гIуданех мукъаяккхар а, цунна финансийн гIо кхачор а. Цхьаьнатоьхначу Штаташа сакцеш кхайкхийначул тIаьхьа спонсорш боцуш йисина "Ахмат" клуб, оцу комитето бахарехь, яздо "Медуза" портало. Думера спортан комитет лерина ю дехар Оьрсийчоьнан министрийн кабинете кхачон. 2020-чу шеран ГIуран-беттан юьххьехь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа адамийн бакъонаш талхочу... Читать дальше...

Нохчийчу дIавигина Гадаев гойтуш видео араяьлла. Гергарнаш ца теша цуьнгара хьал вон дац бохучух

Radiomarsho.com 

Телеграмехь видео араяьлла, Францера депортаци йинчул тIаьхьа лаьцна, Нохчийчу дIавигина Гадаев Мохьмад гойтуш. Иза яьккхина, лаьцнарг могуш ву, цунна даймахкахь цхьа а кхерам бац алархьама. Гойтуш воцчу стага ламеш тIехь йоккху видео, Гадаев шена цIеххьана гина кеп а хIоттош. Диалог иштта ю: - Мохьмад, хьо вац иза? Хьо вайна, дIавигина, вийна бохуш ма дуьйцу. - Цкъачунна вайна вац, дийна ву. - Хаац, хьо кара ца во, вайна, стенгахь ву ца хаьа бохуш ду-кх дуьйцуш. Хьо Гадаев Мохьмад ма ву, вуй? Читать дальше...

Хаамийн гIирсаш: Оьрсийчоьнна керла санкцеш туху омра кечдина президента Байдена

Radiomarsho.com 

Джо Байденан администраци еарин дийнахь Оьрсийчоьнна дуьхьал керла санцеш юкъаяха дагахь ю, хаам бо Америкерчу хаамийн гIирсаша, КIайн цIийнерчу хьасташна тIе а тевжаш. Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Джо Байдена омра кечдина Американ банкашна Оьрсийчоьнан Банкан, финансийн министраллин, Оьрсийчоьнан Хьал кхиоран фондан мехала кехаташ эцар доьхкуш. Цхьаьнатоьхна Штаташ пачхьалкхера араваккха кечлуш ю ОвхIанистанехь шен эскархой байъарца доьзна ахчан совгIаташ лучу барамийн декъахь хиларна Оьрсийчоьнан 10 дипломат. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *