Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Апрель
2021

Новости за 26.04.2021

Кавказехь – къоьлла, Москвахь – Навальныйн штабашна экстремистийн статус

Radiomarsho.com 

Уггаре кIезиг ахча дерш бу Нохчийчоьнан, Дагестанан, ГIалгIайчоьнан бахархой; Ставропол-макхахь лаьцна Пятигорскехь герзаш диттина кхо стаг; Навальныйн штабаша сацош бу шайн болх прокуратурин сацамца

Дийнахь-буса коронавирусах 23 стаг велла Къилбаседа Кавказехь. Цомгуш хилла кхин а 333

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь COVID-19 цамгар кхетта хиларца билгалбевллачу нахах велла 23 пациент, и цамгар карийна кхин а 333 стагехь. Iедалера болчу хаамашца, Краснодар-махкахь 12 дархо велла, Ставропол-махкахь – 5, Адыгейхь – 2, ГIебарта-Балкхаройчохь, ГIалмакхойчохь, Дагестанехь, Нохчийчохь официалехь велла цхьацца вахархо. Пандеми кхайкхийчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 9 222 стаг. Краснодар-махкахь бу дархой массанхьачул дукха, массанхьачул кIезиг бу уьш Къилбаседа ХIирийчохь. Читать дальше...

Ставропол-махкахь лаьцна Пятигорскехь герзаш диттина кхо стаг

Radiomarsho.com 

Пятигорскехь Охан-беттан 24-чохь герзаш а детташ даьллачу девнан кхо декъашхо лаьцна Ставропол-мехкан полицино а, къайлахчу сервисаша а. Бисина декъашхой лохуш бу, хаам бо "Интерфаксо", мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин декъерчу информацина тIе а тевжаш. Урхалло бахарехь, герзаш дуьйлуш хезна Ессентукская, Сельская урамаш къасталучохь. Чехка йоьдучу шина машенахь хилла герзахой, къайлабевлла тIаьхьо. Цкъачунна йолчу информацица, травматан а, кхераме доцу а герзаш хилла кхийсинарш. Читать дальше...

Навальныйн штабаша сацош бу шайн болх прокуратурин сацамца

Radiomarsho.com 

Москварчу гIалин кхело экстремизмалле хиларх лаьцна шега чуделла арз листаллц йолчу ханна Оьрсийчуьра оппозиционеран Навальный Алексейн штабаш дIакъовла сацамбина Москван прокуратуро. Оьрсийчоьнан къилбехьарчу агIонехь и сацам хьакхало Краснодарерчу, ХIинжа-ГIаларчу, Ростоврчу штабех. Охан-беттан 26-чохь Москван прокурора Попов Дениса арахецначу сацамо бахарехь, "Навальныйн штабаш" олучу юкъараллин боламо яржайо "сайташкахула экстремизмаллин материалаш, экстремизм лелорехьа, дуккха а наха дакъа а лоцуш... Читать дальше...

Шен неIарш юха а схьайиллина Заркъерчу нохчийн ширачу маьждиго

Radiomarsho.com 

БIе шо сов хьалха Нохчийчуьрчу мухIажарша дина Урдунерчу Заркъера маьждиг юха а схьаделла бакъо елла Iедалша. Коронавирус бахьана долуш дехха чIаьгIна лаьттина иза ламазанна схьадиллира стохка Мангал-баттахь. Амма дукха хан ялале юха а дIачIагIа дийзира иза, ун даржар алсамдаьлча. Тахана шайн дайша динчу Делан цIийнан неIарш юха а схьаелларна баккхийбеш бу Заркъера а, гонахарчу ярташкара а нохчий.

Смоленск-махкарчу набахтехь мацалла кхайкхийна дагестанхоша

Radiomarsho.com 

Дагестанера волчу кхаа тутмакхо кхечу махкарчу ворхIанца цхьаьна кхача а, хи а тIе ца оьцу мацалла кхайкхийна Смоленсканна гергарчу цхьана набахтехь, хаам бо "Кавказский узело". Шайна тIехь набахтин белхахоша диллина таIзар латтадо, чIагIдо цара, йоху бехкечийн цIерш. Эсреталиев Акима, Расулов Хьаьжамурда, Нурмагомедов Шемала батош дIатегна шайн, хаам бина цара шайн гергарчаьрга. Тутмакхийн цIерачара дIахьедар хьажийна Оьрсийчоьнан президенте, Инарла прокуроре, Федералан набахтийн урхалле, адамийн бакъонаш тергалъечу Оьрсийчоьнан хьалханче... Читать дальше...

Ставрополехь кхеле делла Оьрсийчоь янне а яц бохучуьнан дов

Radiomarsho.com 

Ставрополерчу Промышленни кIоштан кхеле листа хьажийна Соболев Николайн дов. Иза бехкево экстремистийн тоба кхолларна. Талламан версица, Соболев шарахь лаьттина Оьрсийчохь магош йоцчу "Оьрсийчоьнан славянийн ницкъийн цхьаьнакхетаралехь" (СССР). Низамхойн урхаллаша чIагIдарехь, 66 шо долчу Соболевс цхьаьнакхетаралле кхойкхуш хилла нах социалан машанашкахула, ткъа 2019-чу шарахь иза шен гоно хаьржина "Ставрополан комендант". 2020-чу шарахь ша Iедалхоша зен волийча, талламчига, ша дечу зерех юхавалар хьоьхуш... Читать дальше...

Кадыровн закъалтIехь. Нохчийчу буьтур буй-те арахьара бакъонашларъярхой?

Radiomarsho.com 

Дуьненаюкъара вовшахтохараллаш юкъаозо езара Нохчичохь адамаш тIепаза дарца йоьзна проблема дIаяккха аьлла, хьахийна Оьрсийчуьрчу бакъонашларъярхоша. Бахьана ду дуккха а нехан синтем байна дуккха а адамаш дайар 2017-чу шарахь. Дукха хенахь дуьйна лаьттачу хаттарца доьзна оцу кепара сацам кховдийна "Мемориало" (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн тептара язйина "Мемориал", амма и статус шена тIе ца эцна "Мемориало" – редакцин билгалдаккхар). Бакъонашларъярхоша дехар дина Европан адамийн бакъонашкахула... Читать дальше...

Уггаре кIезиг ахча дерш бу Нохчийчоьнан, Дагестанан, ГIалгIайчоьнан бахархой

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан бахархоша шаьш беха-бехачу меттигашкахь банкашка ахча диллар зуьйш, РИА "Новости" агенталло дIабаьхьначу талламан жамIаша тIаьххьарчу меттигашкахь гойту Нохчийчоь, ГIалгIайчоь, Дагестан. Центробанкан терахьаша бахарехь, Нохчийчохь цхьана вахархочунна кхочу банкашка диллинчу ахчанах 11,8 эзар сом, ГIалгIайчохь – 12,2 эзар сом. Юккъерчу барамехь схьаэцча, цхьана дагестанхочун ду банкехь 26,4 эзар сом. "Уггере къечу " итт мехкашлахь ю Къилбера кхин а йиъ регион. Уьш ю Кхарачой-Чергазийчоь (37,5 эзар сом)... Читать дальше...

Нохчийчохь дIавоьллина Бельгехь вийна Диресов Асламбек

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу Шалажахь дIавоьллина Бельгерчу Льеж гIалахь нохчашний, курдошний юкъадоьллачу девнехь герз тоьхна вийна Диресов Асламбек, хаам бина,"ЧП/Грозный" инстаграм-пабликна тIе а тевжаш, "Кавказский узел" портало. Бельгехь машенаш тоен сервис яра Диресовн, ахчанца гIо-накъосталла латтадора цо Европерчу а, шен даймахкарчу а мисканашна. "Асламбека [...] сагIа кховдадора таро йоцчарна, вуно машар безаш адам дара иза. Ша вуьйчу дийнахь а ваханера иза машар бан. Амма шен машена чуьра охьавосса а ца кхиийтина. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *