Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Апрель
2021

Новости за 28.04.2021

ФБК-но довзийтина Russia Today холдинган белхахойн алапаш

Radiomarsho.com 

Навальный Алексейн Коррупцица къийсам латточу фондо (Оьрсийчоьнан Iедало арахьара агент лору иза - ред.) зорбане даьхна Russia Today медиахолдинган белхахошна лучу алапийн документаш. Фондехь бахарехь, массо а агIор теллина документаш, шеконехь дац уьш долуш хилар. ФБК-н информацица, Russia Today директора Николов Алексейс баттахь оьцу 2,6 миллион сом алапа, коьртачу редактора Симоньян Маргаритас – 1,7 миллион сом, цуьнан хьалхарчу гIовсо Бродская Елизаветас – 2,1 миллион сом. Билгалдоккху и ахча дерриг а бюджетера луш хилар. Читать дальше...

29 пачхьалкхо сацае боху Нохчийчуьра гIело, ткъа амира "Магаса" ца лору ша бехке

Radiomarsho.com 

29 пачхьалкхо Оьрсийчоь декхарейо Нохчийчохь адамашна гIелонаш яр талла; кхозлагIа кхеле валийначу амира "Магаса" бакъ ца до ша бронетранспортер эккхийтина хилар; "ОВД-Инфо": Навальныйгахьа йолу акцеш йирзича лаьцна 115 стаг

Лечкъийна блогерш Исаев а, Магомадов а лаьцна кхаба сацам бина Нохчийчохь кхело

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело низамехь лору оппозицехь долчу Osal Nakh 95 телеграм-каналан модераторашна, I8 шо долчу Исаев ИсмаьIална а, 20 шо долу Магомадов Салахьна а лаьцна кхобу хан дIаяхъяр. ТIемалошна гIодарна бехкево и шиъ. Бутт хьалха, Зазадоккху-беттан 21-чохь, Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело аппеляци луьстуш, юхаяьккхира Исаев лаьцна кхаба къастийна кеп, амма Старопромыслан кIоштан кхело шеггара дIаяхйина иза лаьцна латто мега хан, билгалдоккху "Медуза" портало, Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машанна тIе... Читать дальше...

Нохчийчоьнан финансийн министра бакъ ца до махкахь "нах массанхьачул къен" беха бохург

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан финансийн министрна Тагаев Султанна хетарехь, ахчанца вон дац махкарчу бахархошкара хьал, деккъа дIа уьш ца боьлла шайн ахча банкашкахь латто. Иштта туьду цо Оьрсийчоьнан рейтинго Нохчийчоь цхьана вахархочо банкехь латточу ахчан барам уггаре лахара болу мохк бу аьлла билгалдаккхар. "Нохчийн Республика меттигерчу банкашкахь наха ахча латторца Оьрсийчоьнан регионашлахь рейтинго тIаьххьарчех гайтар дац бахархошкара финансийн хьал доьхна ду бохург. Цхьаъ делахь, банкех цатешар ду иза... Читать дальше...

Нохчийн UFC-н латархочо Кадыровн совгIат хIаллакдина

Radiomarsho.com 

Cоьлжа-ГIалахь нисбеллачу некъан бохамехь шен Mercedes-Benz йохийна Чимаев Хьамзата. Нохчийчоьнан куьйгалхочо спортхочунна совгIатна елла хилла машен ю иза. Кадыровца сурт даккхийтинчул тIаьхьа, бакъоларъярхоша ша емал вича кху шарахь Швецера Нохчийчу вирзира латархо.

29 пачхьалкхо Оьрсийчоь декхарейо Нохчийчохь адамашна гIелонаш яр талла

Radiomarsho.com 

Дуьненан цхьацца дакъошкарчу 29 пачхьалкхо Оьрсийчоьнна дагадоуьйту цуьнга дуьненаюкъарчу хьукматаша Нохчийчохь Iедалан критикаш а, ЛГБТ-юкъараллера нах а хьийзош хилар таллар дехна хилар. Хьехориг ду 2018-чу шарахь Европан кхерамзаллин а, цхьаьнаболхбаран а организацин (ОБСЕ) эксперто дина жамI. "Нохчийчохь, кхечу, дуккха а хаалучу адамийн бакъонаш хьешаран билгалонийн могIарахь, гуш ду ЛГБТ-нах дилллина дIабохуш хилар", аьлла жамI дира эксперто. Цо билгалдоккхура республикехь ЛГБТ-юкъараллин векалшна гIелонаш еш... Читать дальше...

"ОВД-Инфо": Навальныйгахьа йолу акцеш йирзича лаьцна 115 стаг

Radiomarsho.com 

Навальный Алексейн агIолоцуш Охан-беттан 21-чохь Оьрсийчоьнан цхьамогIа гIаланашкахь хIиттина акцеш йирзинчул тIаьхьа деъначу кIиранна чохь полицино 23 гIалахь лаьцна лаххара а 115 стаг. Оцу хьокъехь хаам бо "ОВД-Инфо" ресурсо. Лаххара а пхеа журналисте хеттамаш бина къепелатторан урхаллийн белхахоша. Еккъа цхьана Москвахь лаьцна 58 стаг – ша акци йоьдучу дийнахь лецначу нахал а дукха бу уьш. Нижний Новгородехь лаьцна 11 вахархо, Пермехь, Хабаровскехь – итт-итт. Полицино дукха хьолехь акцешкахь... Читать дальше...

"Бехк цхьаммо а тIе ца лоцу". Ницкъ бина вийначу Джабиев Иналан кхел хьеярх

Radiomarsho.com 

Йозуш йоцу республика аьлла, дIакхайкхийначу Къилба ХIирийчуьрчу ницкъаллийн структурийн гIишло чохь хеттарш дечу заманчохь стохка аьхка веллачу Джабиев Иналан доьзало Оьрсийчуьра шолгIа адвокат юкъаозийна. Аккредитацига хьоьжуш цкъачунна Цхинвалехь ву иза. Джабиевх йисинчу Сотиева Оксанинан хетарехь, кхелан процесс йолор хьедина. Кхелехь шайн интересаш Iалашъян Джабиев Иналан доьзало лаьцна шолгIа адвокат Оьрсийчуьра ву. "Эхо Кавказа" портале Сотиевас хаам барехь, республикехь шена аккредитаци схьаяларе хьоьжуш ву иза. Читать дальше...

Оьрсийчоьнан машарбархойн машен иккхина Карабахехь

Radiomarsho.com 

Ломан Карабахехь Оьрсийчоьнан машарбархой тIехь боьлху машен иккхина мини тIехь. Ши эскархо лазийна. Оцу хьокъехь, ша-шен йозушъяцар дIакхайкхийначу республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин пресс-векала Тадевосян Унанас еллачу информацина тIе а тевжаш, хаам бийриг ю Радио Азатутюн. Инцидент хилла Охан-беттан 25-чохь. Лазийна машарбархой кхачийна дарбан цIийне. Церан дахар кхерамзаллехь ду. Дукха хан йоццуш йирзинчу конфликтехь белла нах лехар сацо дезна Оьрсийчоьнан эскархойн машен эккхар бахьана долуш, боху хаамехь. Читать дальше...

КхозлагIа кхеле валийначу амира "Магаса" бакъ ца до ша бронетранспортер эккхийтина хилар

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьра схьаваьллачу Тазиев Iелас ( амир "Магас" цIарца алссам вевза иза) тIе ца эцна шена ша блокпосташна тIелетта, 2009-2010-чу шарахь ГIалгIайчохь бронетранспортер эккхийтина аьлла тIебаьхьина бехк, хаам бо "Интерфаксо", Къилба федералан гонан тIеман кхелерчу пресс-векалтанна тIе а тевжаш. Тазиевна бехкедо тIемалойн гIера коллар а, цунна урхалла дар а, къепелатторхойн а, эскархойн а дахарна тIекховдар а, кхерамечу хьелашкахь нехан бахам хIаллакбар а, низамехь а доцуш герзаш лелор а, лелха коьчалш кечъяр а. Читать дальше...

Москва гIалин кхело гураш хIиттийна Коррупцина дуьхьалоечу фондан балханна

Radiomarsho.com 

Навальныйн Коррупцина дуьхьалоечу фондана а, Бахархойн бакъонаш ларъечу фондана а* Москва гIалин кхело дихкина шен белхан цхьадолу декхарш кхочушдан. Сацам тIеэцна Москван прокуратурин дехарца. Шинарин дийнахь Навальныйн структурийн агIолоцучу юристийн "Команда 29" тобан декъашхочо адвоката Павлов Ивана хаийтина, билггал муьлха белхаш дIабахьа дихкина. Цо дийцарехь, оппозицерчу политикан фондашна доьхку хаамийн гIирсех пайдаэца, гуламаш, демонстрацеш хIитто, интернете материалаш яхка, харжамашкахь дакъалаца, банкехь ахча кхаба. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *