Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Апрель
2021

Новости за 10.04.2021

Кадыровн хIусамнанойх талламаш бинчул тIаьхьа "Проектан" сайтана тIелатарш долийна

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан зударех лаьцна шаьш бина талламаш Iорабаьхначул тIаьхьа "Проект" интерннет-ресурсна DDoS-атакаш йолийна. ГIирсан коьртачу редакторо Баданин Романа яздина цунах лаьцна шей фейсбукехь, хаам бо "Дождь" телеканало.  Цкъа а а хиллачу кепара шайна хакерийн тIелатарш ден шолгIа де а ду аьлла Баданина. Дукхахболчийн "Проектан" сайт халла бен еллалуш яц. "Кху деношкахь Кадыров Рамзанан къайлахчу дахарх лаьцна бинчу талламан турпалхоша вовшахтоьхна ду тIелетарш олийла ду тхан. Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 24 дархо, цомгуш хилла 348 стаг

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 24 пациент, вирус гучуяьлла кхин а 348 стагаца. Iедалхойн хаамашца, Краснодаран кIоштахь кхелхина 12 дархо, Ставрополан махкахь - пхиъ, Къилбаседа ХIирийчохь - кхоъ, Дагестанехь а, ГIалмакхойчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а цхьацца стаг велла. Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандемин муьрехь велла COVID-19 вирусах 8 776 стаг Къаьсттина дукха ун даьлларш хаабелла тIаьххьарчу 24 сахьтехь Краснодаран кIоштахь. Читать дальше...

Бакъоларъярхоша хIинца а лоьхуш ву Нохчийчохь вайна Мамуев

Radiomarsho.com 

Германино Оьрсийчоьне схьавеллачул тIаьхьа нохчийн полисхойн каракхаьчначу Нохчийчоьнан вахархочух Мамуев Нурмохьмадах хилларг хууш дац, хIетте а иза лоьхучуьра севцца бац бакъоларъярхой аьлла "Мемориалан" кхеташонан  (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн могIара язйина "Мемориал", амма цо и статус тIе ца эцна шена – редакцин билгалдаккхар) декъашхочо Орлов Олега. Хууш ма-хиллара, лачкъийна вигинчу стаге бертаза бехкаш тIелоцуьйту, тIехь ницкъбеш, кхерамаш туьйсуш, цул тIаьхьа бен аьтто ца хуьлу... Читать дальше...

Францино схьавелла Гадаев Мохьмад маьрша ву

Radiomarsho.com 

Францино Оьрсийчу депорт йинчул тIаьхьа, къайлахчу сервисийн белхахоша Москварчу "Шереметьево" аэропортехь латтийна Гадаев Мохьмад маьрша ву аьлла, хаам бина "Къизаллашна дуьхьало латторан Комитетан" куьйгалхочо Каляпин Игоря. "Кхелан сацам бохош, бакъо йоцуш тахана Францино шайн пачхьалкхера араваьккхина Гадаев Мохьмад, ФСБ-н белхахоша 12 сахьтехь лаьцна латтийначул тIаьхьа дIа хецна. Стенна латтош ву иза, мича буха тIехь бертаза сецаво аьлла, хаьттича, оцу 12 сахьтехь дозанхойн контролан белхахошкара жоп дацара"... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *