Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Апрель
2021

Новости за 22.04.2021

Москваца ийгIина Чехи, ткъа ГIалгIайчохь мехаш тIе ца деттийта хьийза

Radiomarsho.com 

Чехин урхалле кхайкхам бина Сенато, Оьрсийчоьнца доттагIаллин уьйраш а, юкъарлонаш а хедаде аьлла; Мархийн баттахь юучунна мехаш тIе ца деттийта ГIалгIайчохь комисси хаьржина; Къилбаседа Кавказехь 19 стаг велла уьнах

Оьрсийчоьнца хилла доттагIаллин барт бохабе аьлла, кхайкхам бина Чехин сенато

Radiomarsho.com 

Чехин Iедалхойн информацица, Оьрсийчоьнан къайлаха сервисаш декъахь йолуш, 2014-чу шарахь Врбетицехь дина лелхийтарш, цхьана пачхьалкхо кхечу пачхьалкхна, Евробертан декъахочунна, йоллу Евробертана а дуьхьал йина пачхьалкхан терроризм ю. Иштта дIахьедар дина Чехин Сенато (парламентан лакхарчу палатано). Оцу резолюцина кхаьжнаш тесна дакъальацначу 72 Сенатан декъашхошлахь хиллачу 67-ммо, хаам бина Чехин информацин агенталло. Чехин урхалле кхайкхам бина сенаторша Оьрсийчоьнца хилла доттагIаллин уьйраш а... Читать дальше...

Мархийн баттахь мехашна тIехь терго латто комисси кхоьллина ГIалгIайчохь

Radiomarsho.com 

Мархийн баттахь юучунна мехаш тIедеттий хьоьжуш, таллам латтон ГIалгIайчохь лерина комисси хаьржина. Цуьнан декъашхоша денна туьканашка, базарашка а лелаш, толлур ду мехаш, дийцина меттигерчу индустрин а, терахьийн а кхиорехула волчу министро Плиев Мусас. Цо бахарехь, урхаллан сайтехь зорбане дохур долуш ду мониторинган хила жамIаш. "Кхача-сурсаташна некъах даьлларг а цхьана тIедеттачу кхечу регионашкара чуоьхучу йохкархошца йоьзна ю проблема. Цундела, бух боцуш мехаш тIедеттаран гурашкахь юьртбахаман... Читать дальше...

Валарг-хи. Гайта магийна йоцу Нохчийчуьрчу гейх яьккхина фильм а, цуьнан режиссер а (чаккхе)

Radiomarsho.com 

Хазов-Кассиа Сергей Документалан кинон "Артдокфест" фестивало гайтемера яьккхина Нохчийчохь гомосексуалийн бакъонаш къуьйсучу жигархочух лаьцна йолу "Тийна аз" ("Тихий голос") фильм Шамаев Сулиманах тера волчу стага (шен инстаграмехь Шамаевс ша Пачхьалкхан Думерчу Нохчийчуьрчу депутатан Саралиев Шамсаилан гIоьнча ву боху) кхерамащ тийсарца доьзна. Къайлахчу петарахь фильме а хожуш, режиссерца къамел дира Радио Свободан корреспондента. Магнито санна, нохчаша герга кхойкху – Иза хIун феномен ю... Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь коронавирусах 19 дархо велла, ун даьлла 342 стагана

Radiomarsho.com 

Коронавирус кхетта хилар билгалдаьллачу нахах 19 пациент велла Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса, цомгуш хилла кхин а 341 стаг. Оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь велла COVID-19 цамгар кхеттачех 11 стаг, Ставропол-махкахь – 5, ГIалмакхойчохь - 2, Нохчийчохь цхьаъ кхелхина. Верриг а падеми йолаелчхьана схьа коронавирусах Къилбаседа Кавказехь велларг ву 9 131. Къаьсттина дукха бу ун даьлларш Краснодаран кIоштахь - 101 стаг. Краснодаран кIошт + 101 (44 673 ун даьржичхьана)... Читать дальше...

Шарахь гергга Украине ца йитина Дагестанера кхаа беран нана шен доьзалх дIакхетта

Radiomarsho.com 

Дагестанера 27 шо долу Магомедзагирова Меседо шен доьзал болчу Украине еана, цунна пачхьалкхе яр доьхкуш бина сацам юхабаьккхинчул тIаьхьа. Магомедзагирован хIусамдас Айгунов Шемала дийцина цунах лаьцна. "Тхан доьзал цхьаьна бу, хIусамнана схьакхаьчча", - аьлла, хаам бина Айгуновс.  Хьалхо Киеверчу Днепровскан кхело юхабаьккхира миграцин хьукмато Магомедзагирована Украине яр доьхкуш бина сацам. Стохка юха а Украине яха гIоьртинчу цунна дуьхьало йира дозанхоша чу йита, миграцин хьукматан сацамна тIетевжина. Читать дальше...

Украино Оьрсийчоьне дIавелла Тумгоев набахтен роже ваьккхина

Radiomarsho.com 

Саратоверчу Балашовскан кIоштан кхело сацам бина, Украинано Оьрсийчу экстрадици йина гIалгIа Тумгоев Тимур шога хьелаш долчу колонера набахтен режиме ваккха кхаа шарна. Цуьнан йишас Тумгоева Маринас бина и хаам Кавказ.Реалиига. Цо дийцарехь, кхелан кхеташо хилла Охан-беттан 19-чохь. "Цунна лаьцна адвокат вара, юха кхин цхьаъ а лецира, хIунда нисделла хууш яц со ишта, кхелехь царех цхьа а вацара. Ша цхьаъ висинера иза, тIехIотта стаг а воцуш", - аьлла Тумгоева Маринас. Цуьнан ваша набахтен роже ваккхаран бахьана ду... Читать дальше...

ГIалмакхойчуьрчу журналистана Бадмаевна таIзар дина репост ярна

Radiomarsho.com 

Навальный Алексейн агIончаша дIакхайкхийначу акцех лаьцна информацина репост ярна лаьцначу "Современная Калмыкия" газетан коьртачу редакторна Бадмаев Валерийна 40 сахьтехь белхаш бар тIедожийна Элистарчу кхело. Iедалхошкара пурба доцуш Охан-беттан 21-чохь кхайкхийначу митингехь дакъалаца кхайкхам бина цо аьлла кхелахоша, оцу дийнахь цхьана а кепара нах вовшахбетталуш барамаш Элистахь хилла боцушшехь, яздо "Кавказский узел" интернет-гIирсо. "40 сахьтехь соьга белхаш байта сацам бина кхело "шолгIа а митинг вовшахтохаран а... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *