Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Август
2021

Новости за 04.08.2021

Хаамийн гIирсашна гатто хIоттийнарш

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь я Беларусехь бозуш боцу хIара я важа хаамийн гIирс репрессешна буханисбаларх лаьцна керланиг даржар могIара бакъдерг хилла лаьтта кхушара. И болам, тIаьххьарчу беттанийн хиламаш тергалбича, шуьйрра баьржаш бу дуккха а кхечу пачхьалкхашкахь а, яздо Свобода Радионо. Цу тIе, авторитаран режимаш, гарехь, кхетта, журналисташна гIелояр, уьш байъар, кхерамаш царна тийсар, дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш гIиттор а санна эвсара, церан багош дIакъовла таро луш кхин некъаш а буйла. Дешан маршо... Читать дальше...

"Левада-Центр": Сталинна памятник хIотто реза бу Оьрсийчоьнан ах бахархой

Radiomarsho.com 

Сталинна памятник хIотторна тIетовш бу тахана ах гергга Оьрсийчоьнан бахархой – 48%. Иза гойтуш бу "Левада-Центро бина таллам. Сталинна памятник хIотторна дуьхьал бац 20% бен бахархой, бен дIа ца хетарш бу 29%. Социологаша билгалдаккхарехь, тIаьхьарчу 10 шарахь Оьрсийчуьрчу юкъараллина Сталинна памятник хIотторца доьзначу хаттарехь хетарг хийцаделла нисса бIостанехьа. 2000-чу шерашакахь дукхахаберш бара оцу идейна дуьхьал. Памятникана дуьхьал хилара кхаа декъах цхьана декъал а алсам болу нах (36-37%). Читать дальше...

Хасавюртахь лаьцна Нохчийчуьрчу полицин ротан командир

Radiomarsho.com 

Дагестанехь "Герз" операци дIахьуш Хасавюртана гергахь Винсовхозный цIе йолчу меттехь лаьцна Гуьмсера вахархо Бакаров Хьусайн, хаам бо меттигерчу "Черновик" газето. Таллам беш цуьнгара схьаяьккхина "Глок-17" олу тапча. Газетан полицерчу хьасто чIагIдарехь, Бакаров Хьусайн ву Нохчийчуьрчу Гуьмсан кIоштан полицин ротан командир а, ткъа иштта нохчийн Iедалехь вице-премьер волчу Висмурадов Абузайдан гергара стаг а. Хасавюртарчу полицехь а, Дагестанехула йолчу МВД-н зорбан-сервисехь а реза ца хилира и хаам сихха а тIечIагIбан я харцбан. Читать дальше...

"Соьга цабезам гIаттабо цара". Бераш нене дIа ца ло Дагестанехь (чакхе)

Radiomarsho.com 

Шен кхаа ненаца хила бакъо къуьйсу Дагестанерчу яхархочо Церетилова Нинас. Байначу беттан юккъехь цуьнан хиллачу майрачун Церетилов Мохьмадан ден бакъонаш гатйира, ткъа шолгIачу дийнахь цуьнан воккхахволу кIант, 14 шо долу Мухтар вайра. Жимахдолу ши бер – 12 шо долу Марьям а, 9 шо долу ИбрехIим а, стенгахь ду цунна ца хуу масех бутт а бу. Бераш лохуш полици а яц, уьш могуш-маьрша ду аьллачу дена тIе а тийжаш. Стенгахь ду бераш? ХIун хьал ду цаьргахь? Дешарца дерг а муха ду-те церан? Берех дIакхета... Читать дальше...

Baza: Ставропольехь полицин караяхна эккхийтар дан дагахь хилла террорхо

Radiomarsho.com 

Ставролан махкарчу Железноводскехь полицин караяхна, ша а леш, эккхийтар дан дагахь хилла жима зуда. Цуьнах лаьцна хаам бина цхьамогIа зорбан гIирсаша а, регионан антитерроран комитето а, тIаьхьо ша цуьнах лаьцна хIоттийна пост дIаяьккхина йолчу. Baza телеграм-канало чIагIдарехь, йоI хиджаб йоьхна хилла. Цо дийцина полицехь, дуккха а дамааш гулделлачехь ша эккхийта план йолуш хиларх лаьцна, Стигалкъкекъа-баттахь дезаденош даздеш, амма ойла хийцаелира шен аьлла. "Цхьа хан хьалха йоIана бевзина... Читать дальше...

Пенсионерийн партин цIарах Думе воьдучу МВД-н инарло петар эцна шена 58 млн-х

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан пенсионерийн партин цIарах Пачхьалкхан Думан харжамашкахь дакъалаца кечвеллачу Удмуртин чоьхьарчу гIуллакхийн министр хиллачу Первухин Александара петар эцна шена Москвахь 58 миллион сом а делла. Иза гучудаьлла "МХБ медиа" зорбан гIирсана, кандидатийн бахамах а, хиллачу пайданах а лаьцна декларацеш толлуш, хаам бо Свобода Радионо. Долчу кехаташца а догIуш, полицин хиллачу хьаькамо стохка Мангалан-баттахь хIусам оьцуш дайъина рицкъ ду "совгIат" а, "юхалуг делла ахча" а. Цуьнца цхьаьна... Читать дальше...

ГIалгIайчуьра латархочо Евлоев Мусас дашо мидал яьккхина Олимпиадехь

Radiomarsho.com 

Японин коьртачу гIалахь Токиохь дIайоьдучу Олимпиадехь греко-риман кепехь леташ Олимпин ловзарийн чемпион хIоьттина ГIалгIайчуьра спортхо Евлоев Муса. Финалехь цо эшийна Эрмалойчуьра латархо Алексанян Артур. ГIалгIайн спортхо Евлоев ву Олимпин чемпион а, шозза дуьненан чемпион а, Оьрсийчоьнан чемпионатийн чемпион а, призер а, Европан шозза чемпион а, Европерчу къаьмнийн Кубок яьккхинарг а, дуьненан кубок яьккхинарг а, Оьрсийчоьнан хьакъ долу спортан говзанча а. Халхо хаам бина ма хиллара, Оьрсийчуьра... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *