Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Август
2021

Новости за 05.08.2021

Нохчочунна санкцеш кхайкхоран бахьанаш дийца, боху Украинин Лаккхарчу кхело

Radiomarsho.com 

Гусак Николай коьртехь а волуш, пхеа суьдхочух лаьттачу Украинин Лаккхарчу кхелан коллегино министрийн кабинетана тIедожийна документаш гайтар, Украинехь веха нохчо Амагов Асламбек санкцийн тептарна юкъатохар бахьанаш дуьйцуш долу. Цунах лаьцна Гусака хаам бина Iедалан цIарах суьдехь векал волчу Украинин юстицин министраллан белхахочуьнга. Амаговн адвоката Ангелин Ивана дийцина Кавказ.Реалии корреспонденте, хьалхо Украинин кхерамазаллин сервисо харц дина хилар ша декъах ю бохург Къилбаседа Кавказехь бинчу нахана дуьхьал санкцеш кхайкхорна. Читать дальше...

"Со хьалакхиъча набахте вуллур ву? Терроризмна ахчанаш латтийна аьлла бехкебинчийн хIусамнанойн дийцарш

Radiomarsho.com 

Ши шо хьалха, 2019-чу шеран Мангал-беттан 14-чохь цхьана дийнахь дIалецира Дагестанехь арадолучу "Черновик" газетан журналист Гаджиев Iабдулмумин а, гIоьналлин "Ансар" фондан куьйгалхо Ризванов Абубакар а, программист Тамбиев Кемал а. Терроризмана ахча латторна а, экстремистийн организацешкахь дакъалацарна а бехкаш дехкира царна. Талламан версица, карарчу хенахь лехамашкахь волчу Саситлинский Абу-Iумарца (Ахмеднабиев Исраил)воьзна хиллера уьш кхоъ. Газетан агIонашкахь материалаш зорбане а йохуш, гIоьналла латтош ду бохуш... Читать дальше...

"Хьаша еза маьрша протест а". Нийсоне сатуьйсу белхашкара боьхначу гIалгIайн полисхоша

Radiomarsho.com 

Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело листа тIеэцна белхара дIаваьккхинчу ГIалгIайчуьрчу 13 полисхочун арз. 2019-чу шеран бIаьста Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а Iедало шина махка юкъа тоьхначу дозанна резабоцчу наха Магасехь хIоттийна митинг дIасалалла реза ца хилла, протестхошкахьа бевлла, аьлла, даржашкара бохийра уьш. Церан меттана гулам хьаьшира кхечу регионашкара балийначу ницкъхоша. Шина республико вовшашца шайн дозанашкара лаьттан асанаш хийцича, Зазадоккху-беттан 26-чохь митинг иккхира Магасехь. Читать дальше...

Американ векал хьажош ву Байдена Польше Бжезински Збигневн кIант

Radiomarsho.com 

Американ президента Джо Байдена шайн Польшерчу векалан дарже хьалхатеттина "шийла тIом" болчу заманахь Цхьаьнатоьхначу Штатийн коьрта арахьара политика кхоьллархо хиллачу Бжезински Збигневан кIант Бжезински Марк, хаам бо "Американ аз" портало. Полякийн мотт хууш волу Бжезински-жимахаверг Американ векал хилла ву Швецехь, Обама Барак президент, ткъа Байден вице-президент волчу хенахь. Иза иштта болх бина ву Клинтон Билл президент волуш Къоман кхерамазаллин кхеташонехь. Цуьнан 4 шо хьалха кхелхина да... Читать дальше...

Дагестанерчу боксёра Батыргазиев Альберта дашо мидал яьккхина Олимпиадехь

Radiomarsho.com 

Дагестанерчу боксах латархочо Батыргазиев Альберта (57-тта кийлане кхаччал йозаллан категори) дашо мидал яьккхина Токиохь дIайоьдучу Олимпиадехь, финалехь Америкерчу Рэган Дьюкана тIехь толам а баьккхина. Ахфиналехь Батыргазиевс эшийра Кубера боксёр Альварес Ласаро. 23 шо долу Батыргазиев Альберт вина Дагестанерчу Геметюб эвлахь. НогIийн къомах ву иза.    Оьрсийчуьра 2020-Олимпиаде баханчу спортхойн 15-гIа дашо мидал ю иза. Ерриг а цара яьккхина Токиохь 55 мидал. Хьалхо Японин коьртачу гIалахь... Читать дальше...

"Цуьнан когаш куьйгаш санна бу". Порьес хастийна Нурмагомедовн латаран говзалла

Radiomarsho.com 

Америкерчу 32 шо долчу UFC-н латархочо Порье Дастина шена хетарг довзийтина, ша 2019-чу шарахь Гезгмашин-баттахь UFC 249 чемпионатехь тасавеллачу Нурмагомедов Хьабибан латархочуьнан говзаллах. "Нурмагомедовн латар? Суна моьттург аьттехьа а ца хиллера… Цунна хаара ас сайн дегI муха лелор ду а, ша мичахь хила веза а, тоьлла позици дIалаца. Хьабиб вуно тIахъаьлла ву, ткъа цуьнан когаш куьйгаш санна бу", - даладо Порьес аьлларг MMA Fighting сайто. "Леташ са ца даIалора соьга, сан Iалашо яра когашна тIе хьалагIаттар... Читать дальше...

Нохчийчохь шеконе диллина Саратовхь нохчийн студенташ лецар бух болуш хилар

Radiomarsho.com 

Малар меллачу наха провокаци йинчул тIаьхьа Нохчийчьура пхи абитуриент лаьцна Саратовхь. ТIаьхьо гучудаьлла уьш полисхой хилар. Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан Федерацин Юкъараллин чоьнан декъашхочо Солтаев Мансура, хаам бо "Дош" журнала. "Оьрсийчоьнан Федерацин Юкъараллин чоьнан декъашхо а, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Iуналла дечу гражаданийн юкъаралла кхиаран Кхеташонан векал а со хиларе терра суна кхайкхам бан лаьа Оьрсийчоьнан Федерацин прокуратуре а прокуратуру РФ и Саратовской области, Саратовн кIоштан прокуратуре а. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *