Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Август
2021

Новости за 01.08.2021

Олимпиадехь борзанан мидал яьккхина Нохчийчьура латархо реза вац суьдхойн сацамна

Radiomarsho.com 

Токиохь йоьдучу Олимпиадехь борзанан мидал яьккхина Нохчийчуьра орамаш долу Оьрсийчоьнан боксер Хатаев Имам реза ца хилла, ахфиналехь шен хиллачу латарх суьдхоша динчу хьесапна. Оцу тасадаларшкахь толам Британерчу спортхочунна Уиттекер Бенджаминна дIабелира. "Хьалхара раунд [суьдхоша] суна йитира. ШолгIаниг, хIаъ ялийтахьа цунна, - билгалдаьккхина латархочо. - КхоалгIачу раундехь, суна хета, айса дуккхазза а цунна йиттира аьлла. Сох уьдуш ма лийлира иза", - далийна Хатаевн дешнаш "Спорт-экспресс" ресурсо. Читать дальше...

COVID-19 уьнна тIехула тоьхнначу дозанашна дуьхьал протесташ йина Францехь

Radiomarsho.com 

200 эзар сов стаг дуьхьалонан акци ваьллера Францехь, коронавирус бахьана долуш пачхьалкхехь деттачу дозанашна дуьхьал. COVID-19 пандемин йоьалгIачу тулгIенца къийсаме бевллачу Iедалхоша юкъабалийна и барамаш. Йоьлхучу протесташкахь лаьцна 20, чевнаш йина кхаа полисхочунна. КхозлагIа мукъаденош ду Францехь митингаш хIиттон. Бахьана ду керла низам. Цо декхаребо бахархой негативан тестан буха тIехь санитаран кехат даккхийта: вакцинаци ярх сертификат я ун текхна аьлла, тоьшалла. И бакъо карахь яцахь аьтто бац дуккхаъчу меттигашка кхача. Читать дальше...

Декхарелахь хиларна Оьрсийчоьнан дозанал арабовла йиш яц 7 миллион бахархойн

Radiomarsho.com 

Дозанал арабовлучу заманчохь хьовзам бала тарло декхарелахь хиларна Оьрсийчоьнан 7,2 миллион бахархошна, хаам бина "Новости" агенталле профессионале коллекторийн Къоман ассоциацин (НАПКА) президенто Мехтиев Эльмана. Арабовлар дихкинчарна юкъахь бу 30 эзар сом гулделла 90 дийне бевлла пачхьалкхан бахархой аьлла Мехтиевс. Цо дийцарехь, хIора ялхолгIа декхархочун аьтто хир бац пачхьалкхера аравала, нагахь санна кредитхошка кхелан сацам кхачахь. Оцу хьолах ларвалархьама, пачхьалкхана декхаре болчу Оьрсийчоьнан бахархоша... Читать дальше...

Кхин а цхьана нохчийн латархочо борзанан мидал яьккхина Олимпиадехь

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу латархочо Хатаев Имама борзанан мидал яьккхина Токиохь дIахьочу Олимпиадин ловзаршкахь. Британхо Уиттекер Бенджамин вара ахфиналехь цуьнца тасалуш хилларг. Толам кхайкхийначул тIаьхьа Хатаевс дIахьедина, хIинццалц боксер-езархо вара ша, тIейогIучу хенахь профессионале хила гIуртур ву ша аьлла, яздина "Спорт-Экспрессо". Хатаев Имам – латархо-марзвелларг ву, юккъерчу йозаллин категорехь тасалуш волу. Оьрсийчоьнан спортан говзанча а, чемпион а ву иза, Олимпиадехь дуьххьара дакъалоцуш а ву. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *