Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Август
2021

Новости за 29.08.2021

Мехкан куьйгалхо хоржучу юкъанна "антифейкан тобанаш" хир ю Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

"Антифейкан тобанашка" волонтераш бу оьцуш аьлла, дIакхайкхийна Нохчийчохь меттигерчу "Молодая Гвардия Единой России" партино. "Чечня Сегодня" хаамийн гIирсо яздарехь, "харжамхойн каппашкахь къепе йохийна меттигаш гучубаха беза" волонтерийн. ХIинцале а 56 стаг чекхваьлла харжарх. Уьш кечбийр бу шен-шен дакъошкахь: "комментаторш, мобилан тобанаш, интернет-аналитикаш, тергамчаш", аьлла билгалдаьккхина публикацехь. "ХIуъа дай а" совцабе интернетехь "эладиташ" даржон нах аьлла, Нохчийчоьнан куьйгалхочо... Читать дальше...

Путин цкъа а гиний хьуна аьлла шега хаьттича, жоп ца делла цуьнан кхоалгIа йоI ю бохучо

Radiomarsho.com 

Журналистийн талламашца Оьрсийчоьнан президентан кхоалгIа йоI ю аьлла хета Розова Луиза (Кривоногих Елизавета) дуьхьал хилла жоп дала, цкъа а  Путин Владимир уллора гиний хьуна аьлла, шега хаьттийча. SRSLY портало зорбане яьккхина Розоваца дIаязйина интервью. Нагахь санна, шаьшиннан цхьанакхетар хилча, муьлха хаттар лур дара ахь президенте аьлла, хаьттича, Розовас аьлла, "хIунда" аьлла хаттар лур дара ша. 2020-чу шарахь "Проекто"* зорбане баьккхира Розовах а, цуьнан ненах, Санкт-Петербургерчу Кривоногих Светланех а, шаьш бина таллам. Читать дальше...

Терактна бехкевечу Нохчийчуьрчу вахархочо дIахьедо, шена дуьхьал даьккхина гIуллакх бух боцуш хиларх

Radiomarsho.com 

Красноярскан кIоштарчу къайлахчу сервисийн талламан декъо терроризмана гIоьналла а латтийна, теракт дан нах хьехна аьлла, Нохчийчуьрчу вахархочунна Висаев Аптина дуьхьал айдина гIуллакх - фабрикаци ю аьлла цуьнан гергарчара. Хаам бина цунах лаьцна бакъонашларъяран "Мемориал" (Оьрсийчоьнан юстицин министралло арахьарчу агентийн статусе язйина) центро. Талламан версица, Оьрсийчохь йихкинчу "Имарат Кавказа" тобанан агIонча хилла ву Висаев, инстаграмехула а, телеграмехула а "Беккаримов" аьлла къайлаваьхьначу... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *