Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Август
2021

Новости за 30.08.2021

Джумаевн адвоката апелляци йина кхелан сацамна

Radiomarsho.com 

ОМОН-ах латарна хан кхайкхийначу Джумаев Сайд-Мухьаммадан адвоката Мусаев Мурада латкъам бина кхелан сацамна. Цо билгалдаьккхина, эшам хилла аьлла кхелехь дакъалоцуш хилла ницкъаллин структурийн белхахой юхабевлла хилар, цуьнца вас яц шайн – я гӀиллакхца а, я бахамца а йоьзна аьлла. Цунах лаьцна хаам бо "Кавказский узел" зорбан гIирсо. Хан тоьхначуьнан нанас Мархиева Лизас дIахьедина, шен кIант оппозицица юкъаметтигаш лелийна вац, ткъа дуьхьалонан акцехь ша а, кхиболу нах а ларбан гIоьртинера иза ницкъаллин структурийн белхахойх аьлла. Читать дальше...

Интерпол: Советан пачхьалкхера схьабевлла къуйн хьалханчаш лецар кхиаме ду

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьра а, Советан пачхьалкхана юкъайогIуш хиллачу кхечу республикашкара криминалан авторитеташна дуьхьал Европехь, ша аьлча Францехь, къийсам дIабахьар кхиаме хиларх лаьцна дуьйцуш ду Интерполан сайта тIехь. Цунна тIе тидам бахна Кавказ.Реалиин. 2019-чу шарахь дуьйна оьрсийн мотт буьйцучу (Эрмалойчьура а, Гуьржийчуьра а, Оьрсийчуьра а, Украинера а, кхечу пачхьалкхашкара а) криминалитетана юкъахь дош лелачу нахана дуьхьал цхьамоггIа леррина операци дIаяьхьна Интерполо, кхечу ницкъаллин структурашца цхьаьна... Читать дальше...

Нохчочуьнгара ахча даьккхина полисхо лаьцна

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра вахархочуьнгара Вахаев ШахIабера, талор а деш, 30 миллион сом ахча даккхарна шеко йолуш жоьпе озийна Москвара наркотикаш йохка-эцарца къийсам латточу декъан полисхо

Харжамашна терго ян леррина тобанаш кхуллуш ю Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

"Антифейкийн тобанаш" аьллачу декъе волонтераш гулбеш хиларх хаийтина Нохчийчуьрчу Iедалехьа йолчу "Молодая Гвардия Единой России" юкъараллин вовшахтохаралло. "Харжамийн каппашкахь къепе йохийна меттигаш Iорабаха" Iалашо ю церан. Харжарх чекхваьлла хIинцале а 56 стаг.

Шемахь тIом барна бехке вина ГIалгIайчуьра вахархо

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Талламан комитетан ГIалгIайчуьрчу урхаллан Несаран гIалан декъо бехктакхаман гIуллакх долийна 34-тта шо долчу меттигерчу вахархочунна дуьхьал. Цуьнан цIе йоккхуш яц. Болчу хаамца, иза бехкевеш ву "федералан низмашца хила йиш йоцчу тIеман тобанна юкъахь леларна", хаам бу ГIалгIайчуьрчу Талламан комитетан урхаллин сайта тIехь. Талламхоша дийцарехь, бехкевийриг Шема вахна хилла Охан-беттахь 2015-чу шарахь. Цигахь иза дIакхетта оцу мехкан президентана Асад Башарна дуьхьал йолчу оппозицин тIеман тобанах. Читать дальше...

Лукашенко "майра а, бакъхьара а стаг ву", аьлла Кадыровс

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана винчу денца декъалвина Беларусин президент Лукашенко Александр. Шен кехатехь Кадыровс ца кхоийна цунна тIамехь хин долу дешнаш алар. "Доккхачу элпаца хьахон адам а, политик а, бахаман кхиаме урхалладархо, доьналла долу, майра а, бакъхьара а стаг, везаш а, лоруш а волу хьекъале политик", - аьлла ду Кадыровн телеграм-каналерчу постехь. Кадыровс чIагIдо, "Беларуси тахана уггар дика кхуьуш йолу пачхьалкх хилар Советан пачхьалкхах йисинчарах". Нохчийн куьйгалхочо Нохчийчу кхайкхина Лукашенко... Читать дальше...

Нохчочуьнгара 30 млн сом дIадаккхарна бехке вина полисхо

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра вахархочуьнгара Вахаев ШахIабера, тало а деш, ахча даккхарна шеко йолуш жоьпе озийна Москвара наркотикаш йохка-эцарца къийсам латточу декъан полисхо. Цуьнан цIе ю Ширяев, хаам бо Кавказ.Реалиино. Кхушара Чиллан-баттахь, 393 эзар долларх 30 миллион сом а хийцина, цIавоьдуш, мила ву цахуучу стага тIелатар а дина, и ахча дIадаьккхинера Вахаевгара, яздо Baza телеграм-канала. Москварчу полисхойн аьтто баьлла и зулам динарг къасто, нохчочуьнан машенна чохь йиллина "жучок" олу гIирс а карийна. Читать дальше...

Кабулерчу аэропортехь "кхерамазаллин зона" кхолла лууш ю Париж а, Лондон а, Берлин а

Radiomarsho.com 

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралле дехар дан дагахь ю Франци а, Британи а, Германи а Кабулерчу аэропортехь кхерамазаллин зона кхоллар хьокъехь, Афганистанера арадовла гIерта адамаш маьтршша цига дахкийта. Цунах лаьцна яздо Американ аз зорбан гIирсо. Цунах лаьцна кIиранан дийнахь дIахьедина Францин президента Макрон Эммануэла. Цо дийцарехь, Талибанца кхин дIа нахана эвакуаци яр дийцаре дечу Францино, оршотан дийнахь цу хаттарехула йолчу резолюцин проект дIалур ю, вето кхайкхо бакъо йолчу... Читать дальше...

"Террорхойн билгалонашца буьйлабелла лелара": даIишна байIат дарна бехкебина Гуьржийчохь нохчий

Radiomarsho.com 

Гуьржийчуьрчу ПIаьнгазан чIожехь лерринчу операцехь пхи нохчо лаьцнера. Шеконаш кхоллаелла, цара  экстремистийн "Исламан пачхьалкх" (Оьрсийчохь а, кхечу мехкашкахь а йихкина ю) организацина байIат дина хиларх. Гуьржийн бакъонашларъярхойн хеттарш кхолладелла спецопераци бахьана долуш, ткъа меттигерчу нохчийн диспоро дIахьедо лецнарш бехке цахиларх. Марсхьокху-беттан 24-чохь Гуьржийчоьнан пачхьалкхан кхерамзаллин урхаллан (СГБ) спецназхой Ахметан кIоштарчу шина эвла чубаханера. Царех цхьаъ, Дуиси яра... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *