Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Август
2021

Новости за 20.08.2021

Оьрсийчоьнан ФСБ-н ворхI болхахочунна дуьхьал санкцеш яьхна Британино

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан оппозиционерна Навальный Алексейна дIавш даларна бехке бу аьлла, тIечIагIдечу ФСБ-н 7 белхахочунна дуьхьал санкцеш яьхна Британино. Марсхьокху-беттан 20-чохь шо кхочу цунна кIело йина. Reuters агенталло хаам барехь, Британера церан активаш совцош, санкцеш дуьхьалъяьхна Александров Алексейна а, Паняев Владимирна а, Осипов Иванна а, Богданов Владимирна а, Васильев Кириллна а, Седов Алексейна а. ФСБ-н криминалистикан Институтан коьртехь ву инарла Васильев Кирилл, Конституцин хIоттам Iалашбеш... Читать дальше...

Колонехь даккха пхи шо кхайкхийна Джумаев Сайд-Мухьаммадна

Radiomarsho.com 

Москварчу Тверской кIоштан кхело колонехь даккха пхи шо хан тоьхна цигарчу пачхьалкхан университетан студент волчу Джумаев Сайд-Мухьаммадна. Iедалан векалшна дуьхьал ницкъбаккхарна бехке вина иза, Оьрсийчоьнан оппозиционер волчу Навальный Алексейгахьа хIоттийначу митингехь омонхойх тийсаваларна. Джумаевн хьокъехь бина сацам бовзийтина Мусаев Мурада

Цумадан кIоштарчу бахархошна а, муфтиятана а юкъахь дов хIинца а дIадоьдуш ду

Radiomarsho.com 

Агвали эвларчу бахархоша маьждиган керла имам хIотторна резабоцучу республикерчу муфтиятан агIончаш бу Дагестанерчу Цумадинан кIоштахь вовшахбетталуш. Цунах лаьцна хаам бина Кавказ.Реалиига меттигерчу маьждиган кхеташонан декъахочо Маштихи Iабдурахьима. Цо дийцарехь, эвларчу бахархоша чу ца буьту уьш, "шайн кIошт ларъеш". Маштихис бахарехь, пIераскан Iуьйранна цига баьхкинчу муфтиятан агIончаша хаам бинера, Цумадинан кIоштарчу кхечу юьртара Агвалин маьждиган имам хIотто муфтиятан а, метигерчу Iеламнехан а барт хиларх. Читать дальше...

Марсхьокху-беттан 20-чохь шо кхочу Навальный Алексейна тIелетта

Radiomarsho.com 

Навальный Алексейна дIавш делла шо кхочу Марсхьокху-беттан 20-чохь. Томскера Москва воьдуш вара иза. Вон хиллера цунна кеманахь. Омскехь маса охьахаийра кема пилота. Цигахь кхетамчохь воцу Навальный дарбан цIийне охьавиллира. Ши де даьлча аьтто хилира Навальныйн гергарчийн дозанал а арахьарчу клинике иза дехьаваккха. Берлине дIахьажийра политик дарба лелон. Цуьнан организмаца "Новичок" дIавш карийра. Изза дара Британехь ГРУ-н хиллачу эпсарна Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIана Юлияна а делларг а. Читать дальше...

Афганистанера дIа ма гIо ала бахархошка, бохуш кхайкхамаш бо тIалибаша имамашка

Radiomarsho.com 

ПIерасканан рузбанашкахь, Афганистан тIалибаша дIалаьцначул тIаьхьа, "Талибана" кхайкхам бина имамашка, пачхьалкхера цхьааллина тIетовш хила аьлла. Марсхьокху-беттан 19-чохь, Афганистанан йозуш йоцу де билгалдоккхучу дийнахь, масех гIаланашкахь протесташ латтийна тIалибаш Iедале бахкарна дуьхьал. Пачхьалкхехь машар латтор бу, керла инклюзиван Iедал а кхуллур ду, шариIатан гурашкахь бохуш, "Талибана" чIагIо йиннашехь, хаам бо масех стаг вийна хиларх, тIехь ницкъбарх а. ПIерасканан рузба хилале тIалибаша дIахьедина... Читать дальше...

Нуьцкъаша Нохчийчу дIавигначу шина кхиазхочо юха а ницкъбина шаьшинна, боху СИЗО-хь

Radiomarsho.com 

БIаьста Нижний Новгородера лачкъийна Соьлжа-ГIала вигинчу Нохчийчоьнан шина вахархочо Магамадов Салехьа а, Исаев Исмаила а юха а дIахьедина, номер 1 йолчу Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-н белхахоша шаьшинна тIехь ницкъ бо, йетта а йетта аьлла. "Новая газетано" хаам барехь, адвокатан динчу хеттарийн протоколашкахь яздина цунах лаьцна. Магамадовс а, Исаевс а дийцина, байначу беттан 22-чохь талламан изоляторера кхелан кхеташоне вигинера шаьшиъ вентиляци йоцучу "Патриот" УАЗ-ан багажникчохь аьлла. Йовхонехь вон хиллера шайна... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *