Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Октябрь
2021

Новости за 01.10.2021

Саакашвили лаьцна Гуьржийчохь, дIехьедина премьер-министра Гарибашвилис

Radiomarsho.com 

ПIераскана сарахь гуьржийн премьер-министра Гарибашвили Ираклийс дIахьедина леррина хиллачу брифингехь Гуьржийчььнан кхоалгIа президент Саакашвили Михаил Гуьржийчохь дIалаьцна МВД-но а, Пачхьалкхан кхерамазаллин сервиса цхьаьна дIаяьхьначу операцехь аьлла. Гарибашвилис дийцарехь, гуьржийн лерринчу сервисаша тидамехь латтош вара Украинера Гуьржийчу вогIуш экс-президента бе=ш болу некъ. Саакашвили Батумехь ву аьлла хаамаш баьржира пIераскана Iуьйранна. Иза иштта хилар тIечIагIдина экс-президент дIалацарца. Читать дальше...

Полисхошна тIелатарш дарна валлалц хан тоьхна ГIалгIайчуьрчу вахархочунна

Radiomarsho.com 

Ростовхь туп тоьхна йолчу Къилбан гонан тIеман кхело велла дIаваллалц луьрчу хьелашкахь колонехь якхха хан кхайкхийна 33 шо долчу ГIалгIайчуьрчу вахархочунна Добриев Абона. Иза бехке лаьрра зуламан юкъараллан декъашхо хиларна а, стаг верна а, низамаш лардон органийн белхахой байъа гIортарна а, бакъо йоцуш хIоъа-молха латторна а, низам дохош герз дарна а, хаам бо Кавказ.Реалиино. Талламан версица, 2010-чу шарахь Добриев дIакхетта хилла Умаров Доккас куьйгалла дечу тобанах. Шина шарахь ша цо вийна Орцаллин министраллан белхахо... Читать дальше...

"За заслуги перед Отечеством" орден елла Путина Кадыровна

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанна "За заслуги перед Отечеством" III тIегIан орден луш указан куьг таIийна президента Путин Владимира. Дагадоуьйту, кхин хIун совгIаташ делла Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Оьрсийчоьнан керлачу исторехь

Саакашвилис чIагIдо, ша Гуьржийчу юхавирзина хилар

Radiomarsho.com 

Гуьржийчоьнан хиллачу президента Саакашвили Михаила чIагIдо, ша Гуьржийчу цIавирзина, цунна дуьхьал махкахь бекхтакхаман гIуллакхушкахула бина сацамш боллушехь. Цунах лаьцна хаам бина Свобода Радионо. Саакашвилин фейсбукерчу агIонехь видио гучуяьлла, ша Батумехь ву, бохуш къамел деш Саакашвили а волуш. Цо кхайкхам бо нахе ГIадужу-беттан 2-чу дийнахь хин болчу харжамашкахь дакъалаца дуьйла бохуш. Видео дIаязйина ю буьйсанна. Цу тIехь гуш йолу гIишлош тера ю Батумерчу хIордан йистехь йолчерах. Видео зорбане яккхале Саакашвилис яздинера... Читать дальше...

ФСБ-но хаамаш бовзийтина, нагахь уьш гулбахь "арахьара агент" лара мегаш болу 

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан федералан кхерамазаллин сервиса тептар тIечагIдина, пачхьалкхан къайле йоцу, амма Оьрсийчоьнан кхерамазаллина дуьхьал пайда эца таро йолчу хаамех лаьцна. Гезгмашин-беттан 29-хь аьлла хан хIоттийна долу оцу хьукматан омра арадаьлла пIераскан дийнахь нормативан-бакъонийн актийн порталехь. Цу тайпа тептар кхоллар билгалдаьккхина дара "арахьарчу агентех" лаьцначу 2020-гIа шо чекхдолуш тIеэцначу низамна тIехь бинчу хийцамашца. Оцу тIетохарца а догIуш, нагахь леррина оцу тептарца богIу... Читать дальше...

Массарна а дуьхьал ву Кадыров. Iедалхошна критика ечийн гергарнаш хьийзорах

Radiomarsho.com 

Гезгамашин бутт юккъе бирзинчу хенахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана пхеа сахьтехь къамелаш дира Ичкерин агIончаш хилларш вовшах а тоьхна. Оцу гуламехь сацамбира "харцдолчух кегийрхой Iалашбеш" комисси кхолла а, "Ичкерин историн мах" хадо а". И къамел хилла дукха хан ялале регионан куьйгалхочун идеологин оппоненташца къийсам дIаболийра: махкал арахьа бехачу оппозиционерийн Нохчийчохь бисинчу гергарчийн хIусамашка баьхкира ницкъхой. Закаев Ахьмаде претензеш Сепаратисташкахьа хиллачаьрца... Читать дальше...

ГIалгIайн блогерна дуьхьал гIуллакх долийна тIеман декъашхойн эс сийсаз дарна

Radiomarsho.com 

ГIалIайн 32 шо долчу блогерна Белокиев Исламна духьал бехктакхаман гIуллакх долийна, тIемалойн сийн символийн сий дайъарна,хаам бо "Сова" хаамийн-аналитикан центро. Кавказ.Реалиино дийцарехь, и гIуллакх доьзна ду кхушара Стигалкъекъа-беттан 9-чу дийнахь You-Tube-рчу "Мысли Ислама" каналехь,"День позора" цIе а йолуш, цо видео арахецарца. Талламхойн версица, оцу видеоно эсан сий дойъу даймохк ларбинчеран. Шен къамелехь блогера чIагIдо, "бусалбанаша я кавказхоша мукъане а даздан оьшуш дацара Толаман Де бохуш... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *